Хьекъале зу

Дитта к1елахь шен бен бина,
Ехаш ю тхан кертахь зу.
Тидам бина аса дикка,
Зуьнан муц1ар хаза ю.

Хьекъале ю иза, сема,
Меллаша цо боккху ког.
Шур-шур деш г1аш кегийна,
Гена ели, гича со.

Кедахь шура йуттий,
Хьоьжу со зу йог1ий,
Маццаъ, еъна текхна,
Шура молу стешха.

        Азман Джабраилова


Рецензии