Делара дуьне... Был бы мир...
Ц1еначу хи чохь дег1 ц1андеш,
Делара Дуьне хьозийн г1овг1а,
Г1ийла ойла ерзаеш.
Делара Дуьне хаза мархаш,
Шуьран чопано дог ц1андеш.
Делара Дуьне йозан хьаьркаш,
Дахар хьекъалца тодеш.
Делара Дуьне берийн дагахь,
Стаг шен дахарах воккхавеш,
Кху дуьнен чохь дукха вахарх
Дика дан к1орда ца деш.
Делара Дуьне Далла муьт1ахь,
Хьарам,хьанал къастадеш,
Сина ц1ано лоруш бахам,
Ялта кхиош воккхавеш.
Делара Дуьне мерза безам,
Гонаха волчун сий лардеш,
Делара Дуьне бертахь доьзал,
Дена-нанна вас ца еш.
Делара Дуьне маьлхан з1енарш,
1аьржа ойла ягаеш,
Делара сийна хаза хьаннаш
Адамийн баьргана там а беш.
Делара Дуьне стоьман беш,
Велара къонах дош лардеш,
Адамаш вовшех дагадуьйлуш,
Шен-шен хенахь ламаз деш...
(В этом стихотворении я описываю свое представление о мире
примерно так:
Был бы мир рекой прохладной,очищались бы тела.Был бы птичьим щебетаньем-то душа бы расцвела.Был бы мир как облака,были бы светлыми сердца.Был бы мир наш-письмена,жизнь бы крепла от ума...)
Свидетельство о публикации №117020512307
Кхид1а а аьтто хуьлда кхоллараллехь!
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 23.05.2022 09:27 Заявить о нарушении
Ларамца,
Роза Дахаева 30.05.2022 00:07 Заявить о нарушении