Маьлхан гуо
Д`аладеш Керла Шо герга.
Зама-Дин, хийцина бергаш
Д1ахьаьди, Кхолламна хьалха.
Кема-хан,хьовзийна бера,
Д1аиккхи,ца туьгуш саца.
Вай хийцадаларх а сица,
Зама-м ю яхначух тера:
Шийтта бутт -шийтта Дин тесна,
Гуо бохуш маьлхана гонах
Уьду и, чекхлелхаш Вонех,
Дикане кхача сатесна!
2017 шо.
Свидетельство о публикации №117010203752