Iуьйре т1екхочур йу

Iуьйре тIекхочур йу сирла са тесча,
ДIабовр бу стиглара тIаьххьара седа.
Г1енаш сайн дохк санна даьржина гича.
Кхетар йу эххар а заманан кхиэлах.

Х1уттур йу йуха а ойланаш кхала.
Хадош, суо ца кхоош, сайн некъийн мах а.
Туьгур йац ойла, мел хьестарх, сох йала,
1уьйкъенан махе и йалур йац къахка.

Моьнаш ду лазаме сан дагтIехь дукха,
Даьржар дац дарцан мох баларх уьш д1аса.
Дала схьаделлачух дийнахь а, буса,
Тоам беш, йехар йу, Далла беш хастам.


Азман Джабраилова
2014г


Рецензии