Г1енаха...
И б1аьрга сайна гуш ирс аса хьийгира.
Юх – юха, дог 1абош, Нана ас хьистира.
Цкъа мацах санна дикне сатийссира,
Дуьненан г1айг1анаш синах д1акъаьстира,
Моьттара бералла доьссина сайга.
Хебарша аьхкина куьйгаш ас хьистира,
Со ирсе кхачийнарг г1ан дуй ца кхетара…
Ламазна г1аьттича, цу г1енах кхаъ хилла,
Юх- юха дехаршца доьшура до1а:
«Йа Аллах1! Сан Ненах къинхетам белахь!
Хьуо реза волчарех сан Нана елахь!»
Анайист боданах къаьстачу хенахь
Хаза г1ан 1уьйкъанан дахкарлахь дайра.
Азман Джабраилова.
Свидетельство о публикации №116092808406
Аза ма хаза дийци ахьа и хьай г1ан) ч1ог1а дагах кхетачу кепара..
Марти Тамия 30.09.2016 14:02 Заявить о нарушении
Аза Атагинская 30.09.2016 15:44 Заявить о нарушении