Хьоьгу со
Дайх дика оьцучех.
Дола дан, хьехарш дан
Дай дийна болучех.
Ден ц1арах вокхавеш
Пусар дан хуучех.
Дайн некъаш декъалдеш
Дуьненахь бехачех.
Тахана хьоьгу со
Нанна барт боккхучех.
Хьоьгу со марзонца
Наноша хьоьстучех.
Ларваран до1анца
Цо новкъа воккхучех.
Генара ц1а веъча
И дуьхьал йолучех
Дайн, нанойн дог оьцуш
Даимма хилалаш,
Дайн кхерч а, дайн сий а
Са даллалц ларделаш.
Азман Джабраилова.
Свидетельство о публикации №116092707998
Раиса Ворфоломеева 19.11.2016 20:14 Заявить о нарушении
Большое спасибо за добрые слова.
Аза Атагинская 23.11.2016 23:12 Заявить о нарушении
Раиса Ворфоломеева 24.11.2016 07:09 Заявить о нарушении