Аганан илли - колыбельная на чеченском языке
Летош стиглахь седарчий.
К1адвелла сан Дашо К1орни,
Д1авуьжу хан т1екхечи.
Хезаш "Бисмилла" а даккхий
Сирла б1аьргаш къовла д1а,
Хаза г1енаш гур ду хьуна
Дашо К1орни, дижа д1а.
Д1а вижа, сан синтем боцург!
Кхана дог1у керла де.
Абаделлалц дукха вахарг,
Кхане хир ю беркате.
Тийна буьйса лаьтта йоьсси,
Летош стиглахь седарчий.
К1адделла сан Дашо К1орни,
Д1адуьжу хан т1екхечи.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №116092304012
Эшар ма хаза хирйара цунах..
Дела реза хуьлда хьуна Аза.
Марти Тамия 30.09.2016 14:28 Заявить о нарушении
Марша йог1ийла хьо!
Дагна ТАМЕХЬ ду хьан гучуйалар!
Аса сайн доьххьарлера к1ентан к1антана багахь локхуш
дара и дешнаш. Х1инцам цуьнан 6 шо кхечи.
Х1у зие ду- аьлла чу дехи-кх))
Баркалла хьуна мах хадорна.
Массарна а хуьлда Дела реза!
Аза Атагинская 30.09.2016 15:28 Заявить о нарушении