Сихха са хилахьара...
Малх схьакхетахьара,
Со Наница хьаьдда
Школе г1ур ю едда.
Х1ун дийр ду те,Нана,
Са ца хилахь кхана?
Юьсур ма ю школа,
Тегна коч а шола.
Вайна са ца тасахь,
Х1ун дийр ду те аса?
Хир яц дешархо сох,
Гур яц,хьехархо,хьо!
Дависа хьан,1уьйре,
Хилий башха туьйра,
Йола шадерг дитий,
Суна-м наб ца кхетий.
Ойланаш еш сема,
1иллира йо1 сема,
Еъна кхечи 1уьйре,
Шеца къагош гуьйре...
Ца йисира школа,
Тегна коч а шола,
Хили дешархо а,
Евзи хьехархо а.
Свидетельство о публикации №116082601192
Дешар дезаш доггах
Дешахьара йо1а.
Хьекъал долуш кхиъна
Дика йо1 хир ю цунах
Шеца къагош дуьне....
Пет1мат, хьан дешнаш дагна тайна йазди- кха аса х1орш))))
Бехк ма биллалахь.
Азман.
Аза Атагинская 30.09.2016 16:06 Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Аза,сан йозанаш тидаме эцарна.
Ларамца,
Петимат Абубакарова 02.10.2016 17:02 Заявить о нарушении