***
Бог1у-боьдучарца лоьхуш,
Уггар хьоме амат дагна,
карор дац мел лехарх тахна...
Доггах хьуна мара кхетта,
Хьан марханаш кьобал дина,
Хьуна юххе охьа хууш,
Яре марха даста лууш...
Дериг дуьне ахь дассийна,
Тхан самукьа б1аьрхих ийна,
Де мел дели карла дуьйлуш,
Сингаттамо кийра кьуьйлу...
Свидетельство о публикации №116070600607