Хьо г1енах ганца хан яьлла...

Хьо г1енах ганца хан яьлла,
Гатделла са карзах даьлла,
Ас мичахь лаха хьан йовхо,
Хьоьга са тесна дог 1ехо.

Волахьа со йолчу г1енах,
Велалой, волш санна самах.
Со ма ву, со ву шу олуш,
Осала дог майра доккхуш...

Ма дукха хилла хьоьх доьзна,
Тхан дегнаш хилла ахь дуьзна.
Ма аьрга хилла кха кхета
Ден марзо г1енашкахь леха!!!


Рецензии
Эх1! Дависа, и кхочушхила йищ хилча...
Хаза дешнаш ду ахьа яздинарш.
"Хьо г1енах ганца хан яьлла"- оцу мог1ан т1ера цхьа дош д1анисдехьа
Ганца меттана ганза хила деза.Ганза бохучуьнан маь1ана- ца гуш бохург ду.
Хьо г1енах ца гуш дуккхаъ хан ю- ала г1ерта аьлла хета суна.
Нагахь со галъяьллехь, бехк ца биллар доьху.
Лерамца

Аза Атагинская   20.06.2016 11:59     Заявить о нарушении
Аллах1 реза хил нис дарна, Азман. Ца хуург алар вай декхар ма ду, бехк билла хума ма дац.

Элита Гилянинская   05.07.2016 02:21   Заявить о нарушении