Сан Даймохк...
Сан Даймохк, бер санна хьасте,
Ахь зевне, хаза йиш олуш,
Сан Даймохк набарха болу!
Ас стенца дуста хьан лаьмнаш,
Хьан люьста, хьан хаза хьаннаш,
Со хьуна мел хиларх генахь,
Биц ца ло, самах я г1енах.
Исбаьхьа хьан хаза амат,
Сан Даймохк, дагчура далац,
Даларкха дешнаш хьо бийца,
Мел йолчу хьайн хазаллийца.
Сан Даймохк, сан мерза Нана,
Ларбойла хьо Везчу Дала!
Маршонца хьайн 1алам хьоьстуш,
Кхиамца ирсан не1 йостуш!!!
Свидетельство о публикации №116033007150
Д1абайна Седа!
Хьа седа-м ца байна д1а, хьан байташ
дика садоь1уш ю, дика язйина а ю.
Рецензиш т1ехь дешна аса хьан ц1е Лика ю аьлла.
Хаза хийта хьо евзина. Азман.
Аза Атагинская 01.06.2016 22:14 Заявить о нарушении