Хьо Дала декьала войла!!!
Суьйренаш 1уьйренга йуьйлу,
Буьйсан т1е буьйсанаш кхеташ,
Д1а уьдур хилла х1ар денош.
Орцанца хьоьга мохь бетташ,
Ца доха хала са детташ,
Доьвлла тхай мерзачу деха,
Хилла-кх тхо дуьненчохь дехар.
Тхан дегни куралла йожош,
Тхан дешни дозалла дожош.
Хьом ваха, тхан кийра боттуш,
Ловр дуй а тхоьга ца хоттуш.
Хьо 1ийна х1усаме доьдуш,
Хьан бедарх хьан хьожа лоьхуш,
Дог доьлху, дог г1ийла тийжа,
Мерзачу Дена са хьийза.
Тхом диси, кхи амал доцуш,
Сил дукха веза Да воцуш,
Хьо Дала декьала войла,
Хьан х1усам ялсмане йойла!!!
Свидетельство о публикации №116020812613
Хьан х1усам ялсмане йойла!!!"
Амин я Аллах1!
Дала декъал бойла д1акхелхинарш!
Хала ду царах къаста...
Лерамца. Азман.
Аза Атагинская 08.03.2016 23:27 Заявить о нарушении
Дех кьаста ч1ог1а Хала хилла!
Элита Гилянинская 15.03.2016 10:12 Заявить о нарушении