***
ГОЧДАРШ
Свои пушкинские и лермонтовские переводы я посвящаю моему другу, большому таланту и выдающемуся литературному критику русско-чеченской литературы, талантливому лермонтоведу, чеченскому Белинскому, автору замечательного сборника литературных статей «В пламени слова" Казбеку Байсаловичу Гайтукаеву с большим почтением и добрыми пожеланиями во всех его добрых делах.
Я старался передать Вайнахскому читателю на его родном языке стихи Пушкина и Лермонтова во всей их величественной красоте, сделать их как бы собственностью нашей поэзии, нашего народа, показать, что чистая, понятная даже ребёнку, ясная поэзия их и в переводе на чеченский язык может звучать так же величественно в неповторимой своей красоте, как и на родном языке поэтов. А если это так, то это язык наш совсем не из бедных и может выражать все общечеловеческие чувства, мысли и образы, присущие любому языку любого цивилизованного народа... Если бы меня спросили, «Кто из них твой любимый поэт?", я бы ответил: «И Пушкин, и Лермонтов". Велик Пушкин, велик Лермонтов, и оба в какой-то мере кавказцы, и потому ещё ближе сердцу. Лермонтов более, чем Пушкин, и по своему творчеству и жизни своей кавказец, и даже более кавказец, чем россиянин. Если бы Лермонтов даже ничего и не написал кроме своей небольшой по объему, но великой по содержанию и художественным достоинствам поэмы «Мцыри", этой жемчужины, шедевра русской и, я бы сказал, мировой классики, то и этого достаточно, чтобы преклоняться перед ним и бесконечно любить его...
Я часто думаю о Лермонтове, мне бесконечно жаль этого печальной, трагической судьбы великого юношу, который прожил всего лишь 27 лет, но сколько сделал, оставил после себя.
Величие Лермонтова, как поэта, несомненно и очевидно любому знающему толк в поэзии, он гениален как поэт и, пожалуй, несчастливейший из людей в личной жизни... Он подарил чеченскому народу, как никто другой, неповторимые величественные описания красот природы их родного края, воспел доблесть, неустрашимость и чистоту духа этого народа. К большому сожалению для самого Лермонтова, он был подневольным участником карательных военных операций безжалостных царских генералов против кавказских горцев..., но дух которых сломлен ими так и не был…
Я знаю, что у наших поэтов есть переводы «Зимнего вечера". Я считал, что это можно сделать лучше и поэтому позволил себе такую дерзость. Я переводил Пушкина для вайнахов и потому заменил в «Зимнем вечере" вино на чай. В этом, конечно, есть своя погрешность... Но, думаю, что мой возможный читатель меня поймёт правильно
А. Пушкин
«ЗИМНИЙ ВЕЧЕР"
Буря мглою небо кроет,
Вихри снежные крутя,
То как зверь она завоет,
То заплачет как дитя...
IАЬНАН СУЬЙРЕ
Дарцо стигла бода туьйсу,
Лайн и мехаш хьийзадеш,
Цкъацкъа экханах ша угIуш,
Цкъацкъа берах белхар деш.
Цкъацкъа тишчу тхов тIе долий,
Шар-шар доккхий, хьедо ча,
Цкъацкъа, новкъахь виснарг санна,
Корах леташ лела тхан.
Ю тхан тиша, жима хIусам
Сингаттаме, бодане,
ХIунда лаьтта-те хьо, баба,
Кора уллехь гIайгIане?
УгIуш долу дарц ду-теша
Синтем баьхьнарг, баба, хьан?
Наб тIетуьйсуш, урчакх ю-те,
Хьийзаш, дагна бина там?
Доттахьа, баба, чайнан стака,
Эккхо беза даг чуьра бала,
Лаьара суна, хьоме баба,
Жимма деган самукъадала.
Лакхахьа, баба, йиш ахь суна
ХIурдал дехьара хьозанах лаьцна,
Лакхахьа, баба, йиш ахь суна
ХитIа йоьдучу йоIах лаьцна.
Дарцо стигла бода туьйсу,
Лайнийн мехах хьийзадо.
Цкъацкъа экхах угIадулу.
Цкъацкъа берах белхар до...
«ЕСЛИ ЖИЗНЬ ТЕБЯ ОБМАНЕТ"...
«НАГАХЬ ХЬАН ДАХАРО ХЬО IЕХАВАХЬ"...
Нагахь дахаро хьо Iехавахь,
ГIайгIанна кIелтаIий, эша ма эша,
Дог доьхна де деъча, сатоха ахь,
Самукъане хаза де догIур ду, теша.
Дог-ойла кханенга дIакхийдаш еха.
Тахане саготта, гIайгIане ю,
Дерриге чекхдер ду, ца лаьтташ деха,
Вайн дахар даханчух сатуьйсуш ду.
«Я ВАС ЛЮБИЛ, ЛЮБОВЬ ЕЩЕ, БЫТЬ МОЖЕТ...»
«ХЬО ЕЗАШ ВАРА СО, ХИЛА МЕГА ХIИНЦА А…»
Хьо езаш вара со, хила мега хIинца а
И безам сан даг чохь, дIабанза лаьтташ,
Амма хьан сагатдан кхин лаац суна,
Сингаттам хьан даг чу туьйсур бац кхин.
Хьо езаш вара со, бийца мотт боцуш,
Хьуна со везаре даха дог доцуш.
Хьо йолчохь эхь хеташ, ийзалуш лелаш.
Хьо йоцчохь, кхечуьнца хьо хиларна кхоьруш,
Езара даггара, сил дукха суна,
БIаьрхьажар мел кIеда хетара, мерза.
Езийла иштта хьо хьан безам болчунна...
М.Лермонтов
«НА ХОЛМАХ ГРУЗИИ ЛЕЖИТ НОЧНАЯ МГЛА...»
«ГУЬРЖИЙН ЛАЬМНАШКАХЬ IУЬЛЛУШ БУ БУЬЙСАНАН БОДА...»
Гуьржийн лаьмнашкахь Iуьллуш бу буьйсанан бода,
Сан хьалхахь хезаш ду Арагвийн хиш.
Бу даг чохь сингаттам, амма бац бала,
Сингаттам сирла бу, сингаттам хьох хьайх,
Хьох хьайх бен боцуш, хьох буьзна бу.
Сан даг чуьра синхьийзам я хьебеш,
Я хьийзош цхьа а хIума дац,
Амма дог догуш ду керлачу безамца –
Безамца долуш бен и Iелуш дац...
КАВКАЗ
Жималлехь дуьйна схьа шух хаьдда велахь а,
Къилбехьа лаьтташ долу хIай сийна лаьмнаш!
Цкъаъа шу диц ца дан, цкъа шу гар тоьаш ду,
Даймехкан эшаран мерза аз санна,
Еза хьо суна, Кавказ!
Бераллехь висира со, нана дIакхелхина,
Сирла-цIен суьйренца тарлора суна
ТогIица схьахезаш дицделла доцу аз –
Цу лаьмнийн баххьаш –
Еза хьо суна, Кавказ!
Ирс долуш вара шуьца со, лекха лаьмнаш,
Пхи шо дIадели-кх шуна сахьийзош,
Кхузахь гинера-кх нур долу бIаьргаш,
Церан хьажар дагадеъча, дог тохало –
Еза хьо суна, Кавказ!
ГОРНЫЕ ВЕРШИНЫ СПЯТ ВО ТЬМЕ НОЧНОЙ
Горные вершины
Спят во тьме ночной,
Тихие долины
Полны свежей мглой.
Не пылит дорога,
Не дрожат листы,
Подожди немного,
Отдохнёшь и ты...
БУЬЙСАНАН БОДАНЕХЬ НАБ ЕШ ДУ ЛАЬМНАШ
Буьйсанан боданехь
Наб еш ду лаьмнаш,
ДIатийна тогIенаш,
Мелчу хIох юьзна.
Чан ялац некъаца,
Лесташ дац гIа,
Собарде, садаIар
Нислур ду хьан.
ВЫХОЖУ ОДИН Я НА ДОРОГУ…
СУО ХIУТТИЙ ВОЛУ СО НЕКЪА ТIЕ…
Суо хIуттий волу со некъа тIе,
Дахкарх чекх, къегаш, мокхазан некъ го,
Тапъаьлла ю буьйса; Деле ша ладоьгIна Iалам ду тийна,
Седарчаша вовшашца къамелаш до.
И. Крылов
СЛОН И МОСЬКА
ПИЙЛ А, МОСЬКА А
Урамашкахула пийл лелош яра,
Схьагарехь, адамашна гайтархьама,
Вай долчахь и пийлаш ца хиларе терра,
Цунна тIаьхьахIиттина лелаш анталийн тобанаш яра.
Мичара долу ца хууш, схьаоьккху Моська –
Пийл ма-гиннехь, ма-хуьллу леташ,
Детталуш, тIегIерташ, кхийссалуш, цIийзаш,
Къаьхьа де хIоттийра, пийл девне ийзош.
«ДIадалахьа, лулахо, ма лелахьа маьттаза, –
Шавкас бах, – ларор дуй пийлаца хьо?
Хир хаьдда, йиш хаьлла хьо дисна,
И лаьтта, хьан летар ца хезаш, пийл йоьдуш го!!!"
"ЭхI-эхIе-хIе, – бах Моськас – иза ма ду дог иркарахIотториг –
Тхо вовшах ца леташ, дов доьрзург ца хилар!
Алийтахьа массо а жIалешка тIаккха:
Боккъалла а, цхьа хьуьнар шеца ца хилча,
Кьуьйсур ма дацара Моськас цу пийлаца!»
Анталийн тобанаш – толпы зевак.
Омар Хайям
* * *
Коль на день у тебя одна лепешка есть,
И в силах ты себе кувшин воды принесть,
Что за нужда тебе презренным подчиняться,
И низким угождать, свою теряя честь?
* * *
Цхьана денна цхьаъ хилла а сискал хьан елахь,
Кхаби чохь хи дан хьо ницкъ болуш велахь,
ХIун до ахь, йовсаршна хьалхара ваьцна,
Сий долуш, сий доцчу царна кIел теIна?
* * *
Дахарах дог Iаьбна ваханарг вац:
Мичахь ву Кей-Кубад? Мичахь ву Джам?
ХIара дуьне бIарлагIа ю, Iехаман гIан бен дац –
Бахана уьш дуьненан хаам бе чам!..
Кей-Кубад. Джам – мацахлера Персин паччахьаш.
***
Азаллехь кховдийна рицкъана дакъа
ТIетоха а, дIадаккха а йиш йолуш дац.
Ма лела хьо, хьайна хало еш тIаккха –
Бахамо дуьнен тIехь витинарг вац.
* * *
БIенашкахь шерашкахь нисделча а вайн дахар,
Цу вешан дахаран вай дац-кха дай –
Хуьлийла хьо паччахь я миска пекъар,
Вайн Далла хьалха мах цхьаъ бу-кха вайн.
* * *
Оьший-те бала бан, хало еш хьайна,
Долчу тIе, мел дукха а и рицкъа дезаш? –
ДоьгIнарг бен хир ма дац, хьо ведда леларх –
Цул кIеззиг я дукхох и дуур дац.
* * *
Хьайн дахар хIаллакди,
Бахамна тIаьхьа а ваьлла,
Ма дицде къематде,
Юхахьажа хьайга,
Хьол хьалха мел бахана
Ка етташ лелларш,
Мичахь бу хIинца уьш?
ХIун хилла царах?
* * *
Дуьненан къайленаш евзина ву моттахь а,
ТIаккха а сагатлуш, воьлхуш хьо Iа.
Вай бохург хуьлуш дац Iаьржачу лаьтта тIехь,
Хьо дийна хиларх тоам бе ахь.
* * *
ДIасахьаьвзина довлале, дахар чекхдолу вайн –
Наг-наггахь самукъа а бехке дац хьуна,
Хьо кхолларан бахьана хьан дахар ду хьуна,
ДIадахьаре терра ахь, чекхдер ду и.
* * *
Цхьана хенахь паччахьаша къиза кхелаш йинчохь
Хьалакхуьуш го хIинца, ченаш тIехь, яр.
Атйокхийн аз хеза момсараш хиллачохь:
«Мичахь бу хIинца уьш? Юй церан лар"?
* * *
Жималлин сайн тептар со дешна вели.
Дахаран хаза бIаьсте сиха чекхъели,
Самукъане олхазар, мича даха ца хууш,
Долу меттиг ца юьйцуш, сох гена дели...
* **
Нижеследующие четверостишия О. Хайяма попросил меня перевести на чеченский язык мой сосед, упорно ищущий земного бессмертия человека (он, по-видимому, не понимал, что это пахнет атеизмом и исключает истинную веру во Всевышнего).
Перевод (на совершенство не претендую).
Трясу надежды ветвь, но где желанный плод?..
Как смертный нить судьбы в кромешной тьме найдет?
Темна мне бытия печальная темница.
О, если б дверь найти, что к вечности ведет.
Сатуьйсуш лесторах ас диттан га,
Ца бужу цу тIера ас боху стом,
ХIун аьлла карор ду лийрволчунна,
Боданехь дIагIертарх, кхолламан тай.
Готта ю дуьненан бодане хIусам.
ХIун дича, карор-те азалле некъ?
ХIун дича, карор-те абаде догIа?
И ответ:
АБАДЕБОЬДУ НЕКЪ
Абаде боьду некъ ийман ду хьуна,
Дуьйненан бодане хIара гIийла хIусам,
Вовшашца дIасакъаьстий, вай хуьйцуш ю хьуна,
Дуьненахь вахаре, леларе терра.
Мел дукха эзарнаш шераш дIадовларх,
Кхелхинарг наб ечун хьесапехь ву.
Цундела махьшарехь гIевттинчу дийнахь,
Набарха самаваьлларг и хаа цхьаъ ву.
Хуур дац цунна цкъа а дIа мел яхана зама.
Цо гойту, сан ваша, азалле неI.
Цо гойту вайшинна абаден догIа:
Довш ма дац цкъаъа а вай –
Вай кхелхаш ду (вайн синош).
Жималлин тептар со дешна вели,
Дахаран хаза бIаьсте сиха чекхъели.
Самукъане олхазар, мича даха ца хууш,
Долу меттиг ца юьйцуш, сох генадели.
НАНА
Муьлха дош эр дар-те хьох лаьцна хьалха,
Ца хууш дуккха а лаьттира со.
Дисний-те хьох лаьцна аланза деза дош?
Мел лехарх, суна-м иза кара ца до.
Нана а яра-кха хIораннан шен-шен,
Цундела дош хирий-те хIораннан шен?
Дуьнен тIехь мел долу хаза дешнаш гулдича а,
Сих ца луш хоржур дара хьох лаьцнарг ас.
Даг чохь ду даима, дицлур дац цкъа а,
ГIум-Азин шелонгахь ахь мара къийлар,
ГIаддайна, гIелъелла. Хьан гIийла аз
Даг чохь ду даима, дицлур дац цкъа а.
Даима хаалуш яра хьан деган йовхо,
Хьан деган безамо са паргIат дора,
Безамца тIекъовлий, хьайн мара вуллий,
Юьхьдуьхьал вижавой, коьртах куьг хьокхуш,
Хьайн деган йовхонца шело дIа оьций,
Мерза наб тIетосий, вижавора ахь.
Букъ тIехьа вижийча а, хаалора сан дагна,
Юха а сан ойлаеш хуьлийла хьо.
Сан дахар, вайн дахар ахь Деле доьхуш,
Хьан дагахь мел дерг сан дагах кхеташ,
ДIаоьхура еха шелонан буьйсанаш.
Хиллий-те цкъа а хьо ирс долуш, нана,
Сингаттам дIабаьлла, са паргIат даьлла?
Мел холчухIоттарх, тIебарах бала,
Карадора собаре хаза дош ала.
Хьайн дахар дицдина, синтем а байна,
Хьайн гIийла миска са сайчух ийна,
Далла тIе болх биллина, цуьнан орце кхойкхуш,
Собаре яра хьо, сан турпал нана.
Я АллахI, хIай сийлахь, хIай везан Дела,
Ца доьху ас хьоьга даржехь хьаладахар.
Декъаладей, тIеэций, вовшашца цхьаьнатохий,
Эхартахь цхьа хIусам лохьа тхан синошна.
КъинтIера валалахь, хIай везан Дела,
Са долучу сохьтехь, цу халачу муьрехь,
Вицвелла, хьол хьалха со нене кхайкхахь:
Даг чохь ду-кх даима цуьнан гIийла амат.
Гечдехьа, гечдехьа, хIай везан Дела,
Ма дахахьа тхан синош вовшашна гена…
ХАЛКЪАН ИЛЛАНЧА
Хьайн халкъан гIаддайча, дог лозуш вацахь,
Даймехкан тезетахь дог мела вацахь,
БIаьргаш чохь мела хиш хьо лечкъош вацахь,
Даймехкан ловзаргахь бохь бугIуш вацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
Дай баьхначу ирзошка бIаьрг тоьхна вацахь,
Мангалахь хьацарна пIелг хьаькхна вацахь,
Аьрха дин хьовзо хьо дог майра вацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
Диканна-вонна собаре вацахь,
ГIийлачун-мискачун дог оьцуш вацахь,
Хьох ваьлча, со лийр ву зудчуьнга бахахь,
ХIун аьлла хир вара хьох хьайн халкъан илланча?
Кураллех лар йоцуш, хьо оьзда вацахь,
Массо а халкъашца хьо тарлуш вацахь,
Массарех цхьатерра къинхетам бацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
Да велахь, ваша велахь – нийсонца вацахь,
Хьайн дешан да волуш, хьо лелаш вацахь,
Хьайниг а, Даймехкан а сий лардеш вацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
Балха тIехь ши куьг хьо шагдина вацахь,
Мацалла, хьогалла евзина вацахь,
Даймехкан мерза аз хьан даг чохь дацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
Хьайн халкъан доллучу ийманехь вацахь,
Цуьнан санна, Делаца гергарло дацахь,
Хьайн халкъах ца къаста доьналла дацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
Хьайн халкъан халонаш хьо лайна вацахь,
Оьшучохь дIахIотта хьо кийча вацахь,
Хьан халкъо, къобалвеш, тIеэцна вацахь,
ХIун аьлла хилла хьох хьайн халкъан илланча?
ТIЕКХУЬУЧУ ЧКЪУРАНА
Алаза дисинчех, вайнехан маттах
Цхьа ши дош суна луур дара ала.
Дика хир дара, массо а дош нисделча мет-меттахь.
Цу тIехь со нисвойла вайн Везчу Дала.
Аренца охьадогIу шуьйра Терк санна,
Сихаллин лар йоцуш, ницкъ болуш шорта,
Шен цIенчу тулгIешца цо буьйцург санна,
Хила безаш бу шуна вайн нехан мотт.
Массо а къаьмнашца бийца юьхь йолуш,
Оьзданга, собаре, машаре кхойкхуш.
Адамийн юкъаметтиг марзонца лелош,
Массо а халкъашка гергарло кхийдош,
Хила безаш бу шуна вайн нехан мотт.
Цхьана тхов кIел бехаш болу цхьа доьзал санна,
Цхьаьна дахар къобалдеш, массаьрца тарлуш,
Дуьнен тIехь цхьа а къам тIеман девне ца ийзош,
Хила безаш бу шуна вайн нехан мотт.
Галбовла йиш йоцуш, кIезиг бара вайнах,
Барт боцуш, галдовллал, вай данне дац.
Безамца, машарца товш болу вайн мотт
Цхьана а дега ма лебе харц.
ВАЙНЕХАН МОТТ
ГIайгIано, балано, гIаддайъина, хьовзийча,
Сагатлой, кийрара дог карзахдаьлча,
Хьайн хьуьнаран ницкъаца са паргIат доккхий,
Собар лой, синтем бой, маслаIате вой,
ЦIеначу ойланаш тIе дог дерзадой,
Баланаш юхатоттий, доьнналла лой,
Массарел тоьллачех, майрачех хьо хеташ,
Кхечарех ца вешаш, юкъа питана туьйсуш,
Галваьлча а, ца къарлуш, кхин а дIа къуьйсуш,
Дуьхьал дIа цхьаъ дуьйцуш, тIаьхьашха – кхин,
Цкъа а ма бийцалаш вайн нехан мотт.
Массо къаьмнашна а дин делла Дала,
Ма къийса, хьайниг бен ца лоруш чот,
Сийлахьчо махьшарехь нисдийр ду ала.
Цундела, дин къуьйсуш, ма лебе мотт.
Эхарте доьлхуш дерш гайтина ду некъаш,
Мух-мухха леллачара шаьш лур ду жоп.
Дин бахьанехь, тIамца и некъаш къуьйсуш,
Ма йолийла, цхьаъ хилла а, цкъа а топ.
Шина вешех схьабаьлла цхьа доьзал санна,
Нохчий, гIалгIай хила беза цхьаъ,
Шиннийн лазам цхьаъ хила беза,
Нагахь тIедеанехь лазаман даI.
Сий долу, ницкъ болу, нохчашкахь товш болу,
Сийлахьчу вайн Дала вайнахана белла,
ЦIеначу ойланийн цIена дахар хилла,
ДIахIотта безаш бу, диканна вай бийцарг, вайнехан мотт.
ВАЙН ДАЙМОХК
Ненах дIакъастийна жима бер санна,
Бераллехь, хьох ваьккхина, вигира со а
Генарчу, шийлачу, хийрачу махка.
Де-буьйса дацара бицбина хьо.
Хьол деза хIума дац, АллахI ша воцург,
Да-нана, йиша-ваша хьол хьалха дац,
Безамо хьовзийна, хIара дуьне гатделла
ДIахIоттарх, даймахкал деза и дац.
Дац хьуна даймахкал цхьа хIума деза,
Сайн декъаза къам хетта, и санна, суна.
И даймохк дIахьулбеш даларх деши,
Хуьйцур-м бацара ас цу дешех и,
ВаллахIи, биллахIи, таллахIи!
Мел паргIат хуьлу хьо даймехкан лаьтта тIехь,
Даймехкан стигланаш кIел мел атта ду!
Дикане, хазахеташ,вогIур ву доттагIа,
Сингаттам тIебеънехь, кхочур ду орца.
Хьан къоман оьзда йоI йогIур ю тхов кIел,
Беркатах цIа дузуш, тешаме хилла.
Цул хьоме хIума доцуш, шайн кийрахь кхиийна,
Даймехкан дезаршна кIант дIало цо.
Ницкъ хилла, гIаддайна, де эшна халкъ хьовзахь,
Герз карахь дIахIутту вайнехан йоI.
Даймахках къаьстина, гулбинчу бахамал
Даймехкан лаьтта тIехь валар ду сийлахь.
Кхелхича, тIеэца, кIеда мотт санна,
Ду хьуна даймехкан тешаме латта.
Дуьненан бахамах ахь даймохк хийцинехь,
Ледарчех ду хьуна ахь латта хьешар.
Даймохк хьайн дIатесна, хьо гена ваьллехь,
Хаалахь, Далла а хьо волий гена.
Даймахкахь доцург дахар дац хьуна,
Хьо вина хьан латта хьан са ду хьуна.
Шен даймохк боьхкинчо са духкуш ду хьуна.
Варийлахь, ма тохалахь даймахкана пе.
Хьан ага техкийначу даймехкан бешахь
Хила безаш бу хьуна хьан кошан барз.
ТIехволуш, доIа деш, тIевогIуш стаг воцуш,
Хир ву хьо кешнашкахь хьайн боцчу махкахъ.
Даймехке сатийсар, къонаха хьо велахь,
Мел гена хьо валарх, хир ду хьан даг чохь.
Иза бицбина, дIакъаьстина, хиэраваьлла леллехь,
Хаалахь, ледарчех цхьаъ вуйла хьо.
Къонахчун дог кийрахь волчу хьан кIантана
Вайн Дала лур дац хьох къаста пурба.
Ша саннарг кхин боцуш, хаза бу даймохк,
Вайн тайна мехкарий, вайн дика кIентий!
Ийманехь-исламехь чIагIлуш ду адамаш!
Ахь стенгахь хуьйцур дара и санна латта?
***
Цу хьаннийн хотешкахь олхазарш декаш,
Маьждигийн момсарш тIехь къоркхокхий тийжаш,
Зезагийн къорза куз мелчу мохо хьоьстуш,
Мел хаза бу-кха хьо, хьомсара даймохк!
Даймехкан мерза аз шайн даг чохь долуш,
Даймехкан сий лардеш, кхелхинчарна,
Шайн дахар даймахкана луш болчу кIенташна,
Даймехкан Iаламехь сужданехь лаьтта со.
Дависа, массеран шун цIераш яха!
Дависа, шу санна, дахарехь ваха.
Даймахкахь буьйса
ЗIаьнарийн архаша дIаийзош санна,
Дукъ тIехьа чубуза дIакерча малх,
Суьйренца сирла-цIен бос эцна мархаш
ДIатекха лаьттачу зоьртала тарх.
Малх-чара чубуьзна, тIебеъча бода,
Стиглане хецало седарчийн дой,
Бутт-экъа схьакхетча, самукъадолий,
ДIахIутту сийначу тхов кIелахь той.
Седарчий, вовшашка бегаш беш, дуьйлу,
Цкъацкъа цхьаъ лаьтта тIе хьадарехь бов,
Ловзаран инарла – бутт – хелхабуьйлу,
Цу суьрте бIаьрг тоьхча, дог ийало.
Бух боцчу есалле, ойла еш, хьаьжча,
Цхьа мерза-гIайгIане къийлало дог:
ДIа муха гIур ву-те, сайн хан тIекхаьчча,
Даймехкан хазалла йитина, со?
***
Iалам ду, можа гIагI дуьйхина, лаьтташ,
Делкъенца еттало йовхонан тов.
Шелоно човхонза, довха ду латта,
Суьйре тIекхачале йовхо дIайов.
Дашо гIа дитташа, ца кхоош, кхуьссу,
Лил-басахь стигла кIел бовха малх къега,
Кхашна тIе машано чиллан тай туьйсу,
ДIаоьху гIаргIулеш, гIийла аз дека.
Кханенах дог тешош, дIаихи вахар,
Куралла ца езаш, дог ойланех лета,
Кхин ирсах ца Iабош, дIаихна дахар
ГIаргIулийн асано хьош санна хета…
Гуьйре
Юха а тIекхечи
Беркате гуьйре,
ЦIен-можа къорза куз
Iаламна бохьуш,
Ал-сирла басарца
Кхелина суьйре,
БаIарийн дитташ кIел
Дашо палс туьйсуш,
Куьзганан стигла кIел
ГIаргIулийн аса,
ДIаяха дегаза,
Го туьйсуш, хьийзаш.
Мелачу мехаша
Маша схьакхоьхьу,
Дерзинчу ирзошка
Чиллан тай туьйсуш.
Хьаьъна, ша цIанделла,
Стигланан бос эцна,
Шовданах тарделла,
Яьсси а догIу.
Буьйсано, дашо бутт
Шен мара хьерчош,
Дети чохь и лийчош,
Хиш ловзадоху.
Маржа яI, хIай гуьйре,
Сел хаза йолу,
Дукха хан ялале,
Кхоам ца хеташ,
Шакарца баьллачу
Шийлачу махо,
КIоршаме човхийна,
Эккхор ю-кха хьо.
Цул тIаьхьа бодане
Лайн дари даьржий,
КIайн юргIа тIетосий,
Дахьадо латта.
Дерриге Iалам,
Iадийча санна,
Тапъолий, тийналлехь
Къурдъолий, лаьтта.
Мел хаза вай яккхарх
Дуьнен тIехь зама,
Цкъа хаьдча, ца денло
Дахаран тай.
Гуьйре-м, шен хан кхаьчча,
ЙогIур ю юха.
Юха кху лаьтта тIехь
Лелар-те вай?..
Яьсси дарделла
Лапъаьлла кхетта малх
ЦIаьххьана хьулбеш,
Яьсси-хин чIожаца
Дохк-марха хьерчош,
Iаламан бос хуьйцуш,
ХIаваъ а даздеш,
ДогIанан мархаша
ДIалоцу дуьне.
Ткъес-архаш цу лаьмнийн
Кортош тIе туьйсуш,
ДогIанан шад махца
Басешна етташ,
Бере тIехаанза
Аьрха дин санна,
Хьийзадо Iаламо
И Iаьржа латта.
«шек ма дац хIинца а-м
Якхделла латта!» –
Хеталой, стиглано
Охьахоьцу догIа.
Хьера кIел апари
Чохь догIуш санна,
Яьсси-хи, лом санна,
Кхоссалой, догIу.
Бердаш кIел ка детташ,
Токхамаш чутекхош,
Бухбоккхий, зоьртала
Чхар ловзон яьсси!
Яьсси дарделла
Лапъаьлла кхетта малх
ЦIаьххьана хьулбеш,
Яьсси-хин чIожаца
Дохк-марха хьерчош,
Iаламан бос хуьйцуш,
ХIаваъ а даздеш,
ДогIанан мархаша
ДIалоцу дуьне.
Ткъес-архаш цу лаьмнийн
Кортош тIе туьйсуш,
ДогIанан шад махца
Басешна етташ,
Бере тIехаанза
Аьрха дин санна,
Хьийзадо Iаламо
И Iаьржа латта.
«шек ма дац хIинца а-м
Якхделла латта!» –
Хеталой, стиглано
Охьахоьцу догIа.
Хьера кIел апари
Чохь догIуш санна,
Яьсси-хи, лом санна,
Кхоссалой, догIу.
Бердаш кIел ка детташ,
Токхамаш чутекхош,
Бухбоккхий, зоьртала
Чхар ловзон яьсси!
ДIахьохьа нохчийчохь
Гулбелла бала!
Ма гIолахь, шек доцуш,
Кхоссалой, даьсса!
Аьхкенан маьркIаже
ТаьIна-цIен малхбузе
Бос хийца йоьлла,
Бос боккхуш, мажлуш ду
Беттаса-сискал.
Тар тесна, тийналлехь
Iуьллуш ду латта,
Балхам бан долало
ГIийла чIоб-миска.
Бирдолаг долало
ЦIенна го тийса,
Дургалеш-Iаьршашкахь
Масалла къийса.
Зурманца сих-сиха
Чуьрк лерехь цIийза,
Йогучу куьркан кIур
Ков-кертахь хьийза.
Тапъаьлла дIатийна
КIари чохь котам,
Нох дохуш, Iохкуш ду
РагIу кIел даьхни,
Бат-марош шаммаш кIел
Яшийна эсий
ДIахьохьа нохчийчохь
Гулбелла бала!
Ма гIолахь, шек доцуш,
Кхоссалой, даьсса!
Аьхкенан маьркIаже
ТаьIна-цIен малхбузе
Бос хийца йоьлла,
Бос боккхуш, мажлуш ду
Беттаса-сискал.
Тар тесна, тийналлехь
Iуьллуш ду латта,
Балхам бан долало
ГIийла чIоб-миска.
Бирдолаг долало
ЦIенна го тийса,
Дургалеш-Iаьршашкахь
Масалла къийса.
Зурманца сих-сиха
Чуьрк лерехь цIийза,
Йогучу куьркан кIур
Ков-кертахь хьийза.
Тапъаьлла дIатийна
КIари чохь котам,
Нох дохуш, Iохкуш ду
РагIу кIел даьхни,
Бат-марош шаммаш кIел
Яшийна эсий
ДIахьохьа нохчийчохь
Гулбелла бала!
Ма гIолахь, шек доцуш,
Кхоссалой, даьсса!
Аьхкенан маьркIаже
ТаьIна-цIен малхбузе
Бос хийца йоьлла,
Бос боккхуш, мажлуш ду
Беттаса-сискал.
Тар тесна, тийналлехь
Iуьллуш ду латта,
Балхам бан долало
ГIийла чIоб-миска.
Бирдолаг долало
ЦIенна го тийса,
Дургалеш-Iаьршашкахь
Масалла къийса.
Зурманца сих-сиха
Чуьрк лерехь цIийза,
Йогучу куьркан кIур
Ков-кертахь хьийза.
Тапъаьлла дIатийна
КIари чохь котам,
Нох дохуш, Iохкуш ду
РагIу кIел даьхни,
Бат-марош шаммаш кIел
Яшийна эсий
Iохкуш ду дитташ кIел,
Набарна хьегIаш.
Беттасин серлонехь,
Халла гуш, кхета
Бос беса стигланехь
Бос беса седа.
Нохчийн лаьмнашкахь Iа
Жарж санна, луьста ло,
ХIаваэхь хьийзадеш,
Цецах чекх санна,
Мох-дарцо луьсуш,
Ламанийн басенаш
Сиръелла лаьтта,
Суьйлин къиг керта тIехь
Шек йоцуш лаьтта,
Сихонца дIахьуллуш,
КIайлуш ду латта.
ТIеттIа шен шок юткъьеш,
Дарц карзахдуьйлу,
Юьртана тIегIерташ,
Борз эвхьазъюьйлу,
Мацделла олхазарш
Тхевнаш кIел хьийза,
Суьйренца шелонна
Акхарой цIийза.
Нохчийн пеш латайой,
Гонаха ховший,
Кхоьш, гIабакх кхехкайой,
Юий, дIатевжий,
Борз угIар, мох цIийзар
Цхьаьний шех хьерчаш,
Боданехь де-буьйса
Башха ца хеташ,
Ламанийн ярташкахь
Дарц карзахдолу,
Сахиларе сатуьйсуш,
Буьйса чекхйолий,
Сахилале, буьрса дарц,
Соций, чекхдолий,
Iуьйренца лапъолий
Юрт серлайолий,
Жима-воккха хазахеташ
Чуьра араволий,
Долало лаьмнашкахь
ДIасакхерста Iа.
Йоца байташ
***
Далла бен хууш дац
Вайн хиндерг кхана:
ТIех вадий ма лела,
Ма къийла кана.
Дуьнен тIехь йоккхуш ерг
КIеззиг ю зама –
Ма лела мух-мухха,
Чот йоцуш, пана.
***
Нахана ца оьшу
Хьан балхам-бала,
Къора ду хьайчунна
Адамийн лерг.
Къинхетам хир бац хьох,
Ца бахь ша дала.
ДIахьулдар гIолехь ду
Хьайн даг чохь дерг.
***
ТIетуьллу белхарца
Упханийн тхов,
Хан хене яларца
Вай, дицлой, дов.
***
Нийсонца хьо лелахь,
Сий лардеш хилахь,
Бакъболчу нахалахь
Хир ву хьо сийлахь.
***
Къонахчун сий-м
Дайъалур дац,
И лахдан гIерташ верг
Къонах а вац.
***
Маржа яI, дуьне, хьан!
Мел дукха вахарх,
ТIекхочу дахаран
Чаккхенан мур.
Мел ведда, тIех ларлуш,
Лерина леларх,
ТIекхета Iожалло
Буьйлина гур…
Свидетельство о публикации №115122605497