Ас х1ун еша еза
Гайсултанов 1умар веший?!
"Болат-г1ала ..." йоьжна ели...
Нанас горгам хьакха эли.
Луьра хьийза чухула со,
Горгам б1аьргана ца го! -
Соьга хьоьжу керла г1ап:
Г1айби бухлахь Стела1ад!
"Винчу махка" йоьшу дадас,
Нана йоьлху, йоьшуш "Г1у".
Яздархочо - жима Матас -
Пен д1алаьцна яздеш ду.
Аса, ойланашка яхна,
Горгам хьийзош яздина
Дерриг хилларш сайца тахана, -
Ненан б1аьргаш къарздина!!
Свидетельство о публикации №115111805313