Са хьуна сагатло Нана
Со елхa еха хилазa г1айбан
Гуьиренан дог1а санна
1енош хиш бергехар лейран
Аьхкeнан меда кхорp сана
Дагт1ира 1идадеш мутт
Со хьуна елху са Нана
Cтиглара kхардабеш бутт
Яг1анчу генарчу хенахь
Нек1 бора юсташ хъа юрт
Т1къа х1инца сихсиха г1енахь
Сам юлу маркьулуш чурт
Баттана уг1у борз санна
Г1ата еш наб кхетта юрт
Хьо' кхойкху Нана ас денна
Суьртана бохуш хьа барт
Нана са кхачийна баьрхиш
Юзна ас гъ1айг1ана г1у
Ма халл юу дуьненан чолхеш
берзац са дагть1ира му
Са хьуна сагатло Нана
Чоьж эт1оуш хьекхац ас мохь
г1айбана тийжана денна
Базбела дагть1ира мохь.
Со ёкхуш ойланах ч1ана
кханенга хада бещ нек1
Яха хьо са хьоме Нана
боданяхъ буьттуш вай кхерч.
Са хьуна сагатло Нана
Мохь тоххуш кхойкху ас хьоь
байлац кха дагт1ийра бала
ерзацкха кха дар елла чов
Са хьуна сагатло Нана........
Свидетельство о публикации №115101810932