Арсанукаев Шайхи
Шо дара 1930-г1а.
Дишни-Веднахь вира
Оьзда к1ант дикачу ден.
Г1иллакх сов башха,
Говзаллин дацара доза,
Хьажар а ша-тайпа, мерза.
Хаза кхуллура цо тептар т1ехь йоза. "Ца оьшура бахам, дуьненан хьал,-
Дуьйцура хьехархочо сан, -
Дезара бераш, баккхийчаьрца ларам.
Цхьа ша-тайпа исбаьхьа дара адам..." Доьзална дика да, шен нанна муьт1ахь.
Йишина - ваша дика, доттаг1чунна-накъост.
Чекхвала нигат долуш даима г1иллакхехь,
Лаьттара 1абдулмуслиман во1
Нохчийн меттан г1аролехь... Язйина байташ, ша-тайпа поэмаш,
Оьзданиг, диканиг хьоьг1уш цу т1ехь.
Даймехкан дуьхьа д1адала
реза
Вара иза даимна шен са.
Дара и б1аьстенан ша буьрса де.
Кхечира соьга ирча цхьа кхаъ:
"Арсанукаев Шайхи - халкъан поэт,
Къевли цо даиманна шен б1аьргаш д1а..." Хетара, сан деган цхьа дакъа
Нуьцкъалг1а даьккхинча санна.
Инзаре боьлхура б1аьргаш,
Даггара лаьара хила и г1ан.
14-чу мартехь кхечи кхо шо хан,
Вайца и дешан-къонах воцуш.
Кхочуш хилла цуьнан лаам:
Веха и дегнаш чохь, цкъа а лийра воцуш!
(Ю.З.Н.)
;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;; Стихотворение было написано для конкурса. Арсанукаев Шайхи также является отцом нашей учительницы по русскому языку и литературе - Таисы Шайхиевной.
Свидетельство о публикации №115092607689