C. Есенин Не жалею, не зову, не плачу
Д1адер ду, 1ежан къайн к1ура санна
Дерриге. Марг1аллин дешино кхелина,
Со а кхулт1ехьа кхин хир вац къона.
Х1инца баш ч1ог1а кхин детталур дац
Хьо а, шелонах хьакхделла дог,
Декхан басми махко кхин со воьхур вац
Шеца къерста ловзош 1уьйра ког.
Лела 1аьмма са! х1инца ахьа к1езга
Къезга хьейо ало хабаран.
Сан бераллин ц1ена бос д1абайна,
Б1аьргаш аьрха, токкха синх1оттам.
Х1инца къезиг бисна сан лаамаш,
Сан дахар! хьо хилла г1енах гина?
Хеташ б1аьста къора сатосуш
Со ц1оьха дин хаьхкина д1в вахна
Вай ду массо, массо чан кху дуьненахь,
Базан патар, г1ийла ц1еста 1енорг..
Х1ай хьо хуьлда декхал лензаллехь,
Заза даккха, юха дала деанарг.
Свидетельство о публикации №115092310295
prosto ochen' zdorovo
ya tebe inogda po xoroshemu zaviduyu
Xotela by ya tozhe tak umet'
Дашо Аргунская 25.09.2015 00:27 Заявить о нарушении