Виц лур ву... Стих на чеченском
Д1а яхи хаза вай хан
Тешахьа сан хьоме везар
Суна х1ар хала ду лан
Кхетар вац цхьа а мел дийцарх
Гур дац а цхьане б1аьр хиш
Эйра дац мохь тоьхна хьоьга
Эйра дац хьажахьа соьга
Эйра дац ма г1охьа д1а
Букъ тоьхна воьдуш хьо гича
Хьуна х1ар атта ду лан
Д1а ваьрза кийча хьо хилча
Гуьйрено хьийза бо мох
Дог1ано кхиа до зезаг
Кхечамо хьостур сан дог
Кхечамо оьцур сан ойла
Х1ума дац, йоьрзур ю чов
Диц лур ду хаза хьан дешнаш
Б1ястено 1аьнан ша бостуш
Диц лур ду хаза вай денош
Свидетельство о публикации №115071309378