Хьо везна дог...
Дуьне а шеца хаздеш.
Хьо везар соьха хердели,
Доьхна дог сан тие а деш.
Лоьхура и сийна б1аьргаш,
Шайна чохь ц1еналла гуш.
Хьан дог а хиллера кхаьрдаш,
Сан безам шецана гуш.
Шелбели и ц1ена безам,
Дахар а хаздинарг сан.
Т1ехъели и можа гуьйре,
Йиллинарг хьуна аса хан.
Х1ун дийр ду?!Ца Хили йоьг1на,
Хьо волу и ирсе хан.
Кхин гур дац хьуна а доьхна,
Хьо везаш хилла дог сан...
Свидетельство о публикации №115051608161