С. Есенин Письмо матери

Сан йоккха стаг, хьо дийна юй?
Со а ву дийна. Хьоьга маршалла!
И исбаьхьа суьйренан нур
Хьан ц1ент1е даимна 1енийла.

Соьга яздо, ч1ог1а г1айг1ане,
Сатуьйсуш соьга, къайлаха
Сих сихха йуьлу хьо ураме
Хьайн тиша шушун а юьхина.

Ткъа суйренан сийначу боданехь
Хьуна даимна лаьтта цхьа сурт
Суна леташ схьаммо кабакчохь
Дагах финнийн 1оьттина урс

Х1умма дац, винариг! Хилахьа парг1ат.
Изам г1айг1ана г1аларт бен даций.
Оццул декъаза къаьркъана кад,
Хьо ца гуш валлал, сом ваций

Ву хьалха санна ховха х1инца а
Со цхьаъ бен сатийсам боцуш,
Аьрхачу г1айг1анах къаьстина
Вайн жимчу ц1а верзар доцург.

Со кхочур ву вайн къайчу бешана
Б1аьстенца даьржича генаш.
Амма барх1 шо хьалха санна
Ма г1иттаве со ахьа са тосуш.

Ма г1иттаде г1енаш кхачийна,
Ца хилларш карзаха дохуш,
Дукха хьалхе со дахаро зийна
Къадвина лайначу баланаш

Суна 1амалаш 1амо а ца оьша!
Хилларш кхин юха гур дац.
Хьо йоцург кхин г1ортор яц сан,
Хьо схьаъ ду сан серлонан аз.

Таккха хьайн г1айг1а йицйехьа,
Ма гаттаде сел ч1ог1а са суна,
Сих-сихха хьо новкъа ма эха
Хьайн тиша шушун а юьхина.


Рецензии
Molodec)
Nravitsya kak ty eto delaesh'
Naxodish' takie interesnye oborodty
Tami, a "shushun, kabak, finskii "' boxush dolu deshnashn c1a al'ternativ karainex' dik der a'l xet suon)
znayu chto eto slozhno, no v principe vozmozhno. ma derri ca xilcha x1umma" ma daci az Massala "belexiyullurg, x'eshac1a i td))
sam x'uon xaz nexsanna sagatdella, Tami

Дашо Аргунская   13.05.2015 00:22     Заявить о нарушении
Марша йог1ийла хьо Дашо!
как же я рада тебя видеть)
безусловно альтернативу этим терминам можно найти на чеченском без труда, но я их оставила специально, чтобы сохранить колорит заданный автором)

Марти Тамия   14.05.2015 13:24   Заявить о нарушении
x"o" bak" lo'))

Дашо Аргунская   14.05.2015 18:14   Заявить о нарушении
Дика болх бина хилла ахь,Тамия!
Гочдаро мотт кхиабо,хаза дешнийн цхьаьнакхетарш далийна ахь,Дашонна т1етовш т1еч1аг1до ас а.

Петимат Абубакарова   29.05.2015 20:20   Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна Петимат.
бакъдерг аьлча, са самукъдолу цу тайпа болх беш)
интересе хуьлу, цхьан маттера вукха матте дерзар цу дешнийн а, чулацаман а..

Марти Тамия   08.06.2015 23:17   Заявить о нарушении