Матте ненан дагара...

Нохчийн мотт-сан ненан мотт!
Бу хьо хьоме  дагна!
Шен  маттахь олу дош
Ду дезаш а, деза а  х1ора  а стагна.

Дуьнент1ехь хиларна къаьмнаш шортта,
Меттанаш дуккха а хезна.
Хьо цхьаъ лаьтта, хилла нохчашна г1ортор,               
Хьан дашца весет, тоьшалла а дезна.

Муьлхачу  махка кхачарх,
Дуккха а г1аланаш гарх,
Бицлур бац хьо,  ненанн мотт, цкъа а,
Сий довр доцуш берг кхана!

Гаттделча са, беъча сингаттам,
Ахь иллица г1аттайо ойла...
Дешнашца хьоьстуш синхаам,
Парг1ато дагна ло, ирседеш мерза са.

Йоьлча дийца дагара,
Ала дезча дош нийса,
Цхьа башха ницкъ бу-кх хьоьгара,
Хазарх дешнаш сан,аз дайна, г1ийла...

Бека х1ора а х1усамехь,
Делхадан, деладан б1аьргаш.
Къомана лаьтташ г1аролехь,
Баха хьо, ненан мотт, йицъяй хьайн чевнаш!


Рецензии
Петимат! Ч1ог1 хаз яз йин ю хьун!!! Дал аьтто бойл хьа!!!

Жарадат Муциева   16.04.2015 17:20     Заявить о нарушении