Ма хийшахь, диканиг, г1енаха г1овла

Ма хийшахь, диканиг, г1енаха г1овла,
Хьайн хазчу аматца дог карзахдохуш…
Безаман амалаш аьрха ю, бохуш,
Ма хийшахь, диканиг, сан шерийн г1овла…

Ма йийлахь, зовкх хьегарг, геннара герга,
Йо1б1аьрган з1анаршца, са малхадохуш…
Безамна тайннарг бен-м хьесап дац, бохуш,
Ма йийлахь, зовкъ хьегарг, геннара герга.

Ма елахь, хьомениг, г1енаха суна…
Безамо лоьхуш ерш хенаш ца хиларх-
Д1аяхна жималла - дог къона латтарх.
Ма елахь, хьомениг, самаха суна.

__________________________________

Хийшахьа, диканиг, г1енаха г1овла,
Хьайн хазчу аматца дог карзахдохуш…
Безаман амалаш аьрха ю, бохуш,
Хийшахьа, диканиг, сан шерийн г1овла…

Йийлахьа, зовкх хьегарг, геннара герга,
Йо1б1аьрган з1анаршца, са малхадохуш…
Безамна тайннарг бен-м хьесап дац, бохуш,
Йийлахьа, зовкъ хьегарг, геннара герга.

Елахьа, хьомениг, г1енаха суна…
Безаман г1иллакхах дац кхета атта —
Д1аяхарх жималла дог къона лаьтта.
Елахьа, хьомениг, г1енаха суна.


Рецензии
Хьомениг!Красивое слово!И сколько есть песен на эту ..тему..!И на тему..БЕЗАМ!..С поклоном,

Ганна Зброжек   13.08.2015 11:48     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.