Лоха кор
Ма гена ели хьо, нана!
Стиглара йилхина марха
Юха а йог1ур ю кхана...
Сан б1архиш д1ахуда латта,
Алахьа: и даьлла зезаг
Юха а дуй-теша хаттар,
Я баьгна денлуш бу безам?!
Припев:
Ма г1ийла 1ийра хьо, хьомсара нана
Лохачу коре а хиъна
Ткъа суна-м юха а лиъна,
Хьо корехь хуьлийла, ц1авог1уш кхана!
Къинт1ера яьллий-те, сатийситарна?
Ма к1орга хета-кха ас йина чевнаш!
Къинт1ера ялахьа, хьо суна ца гарна,
Йиш йоьхна хийла ахь къайлаха кхойкхуш
Ма лекха хета и лаьмнаш,
Ма еса д1атийна хьаннаш...
Ма хьоме хиллера лелларш,
Ма гена хилла вай нанна...
Хьо йоцуш д1адоьду дахар!..
Ма гена ели хьо, нана!
Стиглара йилхина марха
Юха а йог1ур ю кхана...
Припев:
Ма г1ийла 1ийра хьо, хьомсара нана
Лохачу коре а хиъна
Ткъа суна-м юха а лиъна,
Хьо корехь хуьлийла, ц1авог1уш кхана!
Къинт1ера яьллий-те, сатийситарна?
Ма к1орга хета-кха ас йина чевнаш!
К1инт1ера яла хьо, сан хьоме нана...
Къинт1ера ялахьа, хьо суна ца гарна,
Йиш йоьхна хийла ахь къайлаха кхойкхуш.
Докаев Мохьмадин (Бекистера Мохьмад) нанна 1абдатна сина лерина.
Свидетельство о публикации №115030401746