Ц1ингаш кхиссича
...Зуда-м товш ю зудчун амалехь,-
Х1ун дийр дара ас хьан боьршаллех?..
(З. Байхаджиев)
...Хьуна хьуо меразуда хетталц,
Гергарло дац вайна юккъехь.
Ясталахь, г1алатех кхетта,
Цунна хан мегаш ю--1уьйкъе а.
Х1инца а б1аьрдуьхьал лаьтта,
Ахь чаьмза кхиссина ц1ингаш,
Ас хьайна духьал ца баьхча,
Оьг1залла чохьтиеран хьинкъаш.
Биеламие хийтира хьуна,
Да хилан лаар, хьахийча.
Ноналла "планехь" доцчунна
Аьхналла ас а лакъийра.
Къобалдеш дацара ахь деа
Сан наха хьуо некъанисйар,
Хьестаро йира хьох дера,
Хьайх лаьцна моьттучийн йийсар.
Со хьайца дика мел хили а
Андлора хьан юххьайалар.
Цхьа хастам хьайх т1ехтилийча
Дуссура т1ехкарзахйалар
Г1алатех ц1анвац ас суо а,
Дашо вац мел х1уъа бахарх.
Бехке ду хилар вай къона,
"Дурвасаш" урхалахь кхабан
Вай х1етахь дуьхь-дуьхьал биег1нарш
Барий-те хат1-луьра бехкаш?
Вайшингахь х1уьттаре къиекъар
Лиъначийн...
Жий шала-м бехки...
Хьайн бехкийн къаро т1елаца
Доьналла ца тоьи хьуна.
Шайт1анан ямарта б1аьца-м
Ларайи хьарчо вайх г1уда.
Иэг1на1ар кхид1а а дахлахь,
Къастар бен доьг1на дац вайна.
Бехкийн чам моьттинчул дурлахь,
Реза ву-кх: хирг д1а хир шена
Хьан чомехь "ц1елигех ловзар"
Хьорккелц а ца дог1у суна;
...Воккхавец хьо иштта йовзарх...
Хьайн тайниг карайойла хьуна!
Свидетельство о публикации №114111904836