Синтемах кайетта-кх...
Нах кхарда х1умма а доцуш,
Кхетамна бухь-лакхе
Хьарам а йоцуш,
К1ентий ма бара вайн...
Х1инца а бу!
Массарна товриг-м дац
Ша хестор, ийвар,
Кхайкхавар,
Шен хьуьнарш
Даздина дийцар.
Ткъа к1ентий--
Ишттаниш !--
Вайн хазна ю.
Диканиш ойуш,
Вочийн г1аддойуш,
Доттаг1ий, мостаг1ий
Литтар ца харжахь,
Хиндолчо беркъа васт
Г1енашка кхоьхьуш,
Кайетта синтемах,
Хьийзаво б1аьрза.
Свидетельство о публикации №114111904400