Оьмарх дуцаделларш
Пхьег1аш ца оьшу.
Мостаг1а воцучохь
Герзаш ца оьшу.
Езарца воллучохь
Тешаш ца оьшу.
Къонахчун ч1аг1онна
Дуйнаш ца оьшу.
Оьшу-кх...
Оьшу, те.
Валлах1и оьшу,
Ваьш хьенан муьлш ду
Хаар ма оьшу;
Шен чемийн, барамийн
Терхеш ма оьшу;
Цхьанаггахь--хьо кхатуо
Диканан т1ара;
Харцлуьйчун юьхь ягон
Пхеап1елган т1ара;
Д1овш 1аь1ча, и дассо
Пхьег1а ма оьшу;
Хьешана хьажийна
Тер-мера г1етакх,
Саг1ина д1акховдо
Комаьрша куьг а;
Юха-т1аккха-- миелла а
Хьайн бала кхочург;
Хьайн юьхьан юьхьйийриг
Караво-кх оьшуш.
Некъдика бийриг хьайн,
Ц1аваре хьоьжург;
Хьо велча ша лийр ву
Моттуьйтург оьшу;
Хьан юьхьт1ехь цатеман
1индаг1а лоцург;
Самукъа--юкъахьдерг,
Вонехь г1олоцург;
Тешамен некъахо--
Борзанан собар,
Дика-вон т1едахьа
Бух-дегайовхо...
Мел ду уьш,
Мел ду уьш,
Доцуш йиш йоцурш,
Яккха ц1е,
юьхь-сибат
доцурш...
. . . . . . . . . . . . . . . . . . . . . . . . . . .
...И дерриг дахар ду, --
Исбаьхьа перза.
Х1ораннан шен-шен ду
Хьаам лун терза-м.
Свидетельство о публикации №114111904138