Безамна диллина сера
Дуьнент1е ца валарх,
Сан т1амарх туосало,
Ворх1е дас кху лаьмнийн
Дурсаллех хуьйдина мутта.
Цундела, бийцарехь,
Сайн хийтира х1ара мохк,
Хьехабеш,
Дай-нанойн багара 1иенна "моз"
Чам тайна диъначу суна.
Азерчу ни1мател
Даймаьхкан хьардаш
Токхе карийра;
Исбаьхьчу 1аламо
Хьаьстира б1аьрса;
Кхузарчу 1ат1арен х1авао
Буьзира кийра...
...Со жима бер дара
Цара уьш къаждеш.
Амма чулецира ас,
Дагца бакъдеш.
Х1етахь ца кхеттехь а
Со дерригенах,
Меттахь ду
Безамна диллина сера.
Свидетельство о публикации №114111904121