Ма бийцалахь суна

Ма бийцалахь суна,

Къиежаш дуьйцуш берш!

Ма бийцалахь суна,

Коча лэлаш берш!

Лерса 1абош дийца

Х1умма доцу уьш,

Зие ма белла хийла

Гуота гома хьуш.

Забар хьалха уллий.

Гамо къиелайо.

Маь1на т1ехьадуьллий

Куьйла 1енайо.

Да-нана а хьехош

Юьйцу стен хабарш.

Х1илладечух лиелаш

1орабоху шаьш.

Цара аьшнашбийраш

Хуьлу къонахий.

Хестош лакха уьйурш--

ОХЬАбожарий.

Шаьш д1адинарш дуьйцу

Вуно дестадай.

Ткъа схьадинарш дуьйцу

Лардай хастамах.

Нитташ нехан куьйга

Боху, х1илладай.

Бехказлонаш кхуьйлуш

Ц1ока ларйо шайн.

Амалх доьлла церан

Аьхьнарг шайна дезар.

Боцуш цуьрриг къера

Санехьчунна тиебар.

"Куьйгаэшар" яцош

Сиеца куьйгаллехь

Ца хиларх шаьш ларош

Цхьаннех хетац эхь.

Даккхий хабарш дуьйцу

Камера хьалха,

Доцу дела дийца

Шайн и кхечанхьа.

...Къаьхьа дарба тоьла

Мерзачу д1овшал.

Кхачалойла доьза


Рецензии