Дешнех ловзар
Лерса ирдай, хила схьа.
Цхьаьна язйийр ю вай говзар.
Г1о де,нисъеш чаккхе д1а.
Лелабо 1ай коьртахь к.. (куй)
уьйт1ахь,чохь а хьокху н..
Ков д1акъовлуш буллу г1..
Доьша дутту-ж1аьлин г..
Б1аьста арахь сенло б.. (бай)
Хьуьнхахь беха кура с..
Хи т1ехула туьллу т1..
Механ 1уьрга дуьллу т..
Хи чохь беха чабакх-ч1... (ч1ара)
Иза лоцуш буг1у м1...
Болх беш куьйга духу к...
Хьуьнхахь кхуьу ц1улла-с...
Кхин д1а ,бераш,язде шаьш,
Дуьйцуш-олуш ,мукъа 1аш!
http://stihi.ru/2020/11/27/3404
"Стела1ад" ("Радуга") №5,2012 шо
Свидетельство о публикации №114110100731
Х1оттийна ахь, Пет1мат, вуно Г....
Берийн ц1арах ала лаьа С...
Дела реза хуьлийла-кха Хь...
Ларамца, Адам.
Адам Ахматукаев 05.11.2014 14:52 Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна ,сан байташца бала хиларна а,довха дешнаш ца кхоорна а...
Ларамца,
Петимат Абубакарова 15.11.2014 14:29 Заявить о нарушении