Даймехкан илли

Ц1а кхечи ч1ег1ардиг, хьо,
Хедийна даймехкан лаьмнаш.
Дийцахьа, цигара къаьмнаш
Хиттарий, х1ун деш ду тхо?!

Ч1ег1ардиг хаддаза дийкира,
Хьехадеш дийцина иллеш.
Генарчу Даймехках дийцира -
Мерзачу жималлехь хилларш.

Дай боцуш дисина бенаш
Стигланаш, йисина еса!
К1а доьжна г1орийна кенаш,
Хан кхаьчна - д1атесна к1еза...

Бенчуьра д1ахьоьжуш хийла,
Дийцахьа, воккха стаг гар!
Ма ч1ог1а хетара г1ийла
Мохк битна йиллина лар!

Дийцахьа оьздачу нанас
Кхиинчу доьзалах илли!
Б1аьстенах яханчу 1ана,
Кхачаеш даг т1ера чилла...

И дуьйцуш, вайн кертахь декна,
Д1адахна паналле хьоза...
Мичхьа ду даймехкан дегнаш?
Мичхьа ду даймехкан доза?


Рецензии
с какого языка перевод?хотелось бы знать.Если не секрет.

Олег Горбунов Ру   26.12.2014 22:19     Заявить о нарушении
это чеченский. постараюсь перевести

Ваха Докаев Шалавдиевич   26.12.2014 22:23   Заявить о нарушении