Къизалло 1аьвшина маршо

  Ирс лохьа суна

БIаьргаш чу хIиттина
«шовданан цинцаш»,
Цаьргахь соь хьан деган
дикалла го!
Безаман шовкъо со
гIаттийна хIинца,
Оьздачу матто а
хазалла ло!

Заманан къоршалло
вохийна хьийзош,
Кхардаме къизалло
ихкина де.
Ямартчу мостагIчо
шен кхерча ийзош,
Езачун бIаьргаша
яйина цIе.

Цунна ду тахна сан
хьан бIаьра хьежар,
Воккхавуьй оьздачу
духарах хьан.
Нохчийн кIант йогIучу
кханенах тешар,
ю хьуна-ахь оьзда
яьккхина хан.

БIаьргаш чу хIиттина
«шовданийн цинцаш»,
Вежарийн Iийжамна
дийлина хиш,
Делахь а, ирс кхала
хан еъча хIинца,
Сан некъ ма бехкалахь
хьаьстина кхин!

Ца боху со цхьаъ ву
хьоьга ирс кховдо,
Совяьлла дикалла
дахарца сайн,
Делахь а, лууш ву
хьо ирсе гойла,
Хьан бIаьргийн хазаллехь
кхолламца ван.


Стогаллех воьхча

ТIом бахьанехь даржах вежаш
Хьайн уйрашца ийгIи  хьо.
ТIеман накъост-къонах везаш,
Хьан даго ца хьаьсти буо.

Хьох-сох кхаьрдаш бекха белла,
Халкъ доьхкинарш хьоьца го.
Къизалле хьайн салам делла,
Доссий тхан дегнашка во.

Замано тхан чевнаш йоруш,
Ахь ма атта дицди тхо,
Къонах хуьлу къонах лоруш,
Хьан шалхалло-м кховдий во.
               
Сан накъостий байи, лийци
КоIано мотт биттина,
Керт-ков дагош цIераш тийси,
Эхь-бехк, гIиллакх дицдина.

Амма гена хьо а ца вели,
Къиза кхалхар хили хьан,
Хьан новкъа кхин «шайтIа» дели,
Шен рогIера зулам дан.

Шун къизалло дору декъий,
Я вадийна воьхкина,
Ямартлоно доху мехий,
Эхь-бехк, гIиллакх доьхкича.


             Декхар ву

ТIеман цIергахь тхоьца вахча велла,
Ведда-хьаьдда дарже кхаьчна хьо,
Сан кхолламо суна-м цуьрг ца делла,
Я гIийла кхин накъост маса го?

Хьайн накъостийн цIийца хьоле кхаьчна,
Я даьIакийн шайнаш дагар до?
Хьо кхардийта хилла къонах ваьгна,
Я кхехка-те деган шалха хIо?

Цхьацца гIуллакх-хьо ган бахьна хилла,
Дага вала хIусме веъча со,
«Сиха ву со»,-аьлла хьо дIатилча,
Хьан хероно йоккха чов ма йо.               

Хьайн накъостийн метта хьо ца велла,
Я къонах вац хьаста цуьнан бо.
Эрна хилла-кх, хьоьца салам декъна,
Къонахоша лайна муьран во.

ТIеман кхерчахь бIарзе хилла синош,
Вайга кхойкхуш лехаме ма го,
Халчу хено уьйре дина денош,
Дийна велча шайнах дохка ло.

Тахна соьга, ахь ладогIа, накъост,
Сиха хан а шен хан йоцуш яц,
Къонахчун яхь цкъа а хилац кхачош,
ша и йоцчух къонах хуьлуш вац.


Хьо волчу со сом деха ца веъна,
Сан рицкъанан дакъа хьоьгахь ду,
Хьо Iалашвеш сан а цIий ма Iенна,
Валлалца хьо суна декхар ву.

               
Кхолламан хьост

Сан вижар, гIаттар а-
сил мерза латта,
Вахар а, валар а
хьоьца ду сан.
НиIмате маьIданаш,
хазнаш ю хьаста,
Вузо я мацван а
бакъо ю, хьан.

Эхь-бехках, хьо лардеш,
сан цIий а Iенна,               
Я доттагI, накъостий
кхелхина дIа.
Амма, тхан дегнаша
мостагI ца лехна,
ЖехIалийн къизалло
дагийна цIа.

Де эшча веддарг а,
я хилларг мостагI,
Iожалло вожийнарг
тIелоцу ахь.
Хьесталахь, сан латта,
къонахчун хIоллам!
Я сийсаз бан оьшу
нахбоцу «нах»!

Я доьху йиш елахь
царга ахь хатта:
«Лахьтичохь муха ду
къизаллин «жамI»?
Я ницкъ бу дендала,
юха а гIатта,            
Хийцита сонтачу
зуламийн лар?

Жолам яI-кх, хIетте а,
хьоьх къа ма-хета,
Теш хир ду нах хьийзош,
хьерчийна къа.
Къизалло аьхьнехь а,
со-м гIоза веха,
Я хьоьшу хьан даго
кхоьллина харц.

Сан вижар, гIаттар а-
сил мерза латта,
Вахар а, валар а
хьоьца ду сан.
Хала дац кийрара
дилха дог «датта»,
Ахь дезаш хьестарна
маршонан цIа!


Махкаца баьржина хIоллам

Чим хилла ваьгна со я дийна висна,
ца хууш бIарзе ю хьомсара нана.
Амма дегI даьгна сан миска са дисна,
«декъала хилла воI», - йиш йоцуш ала.

Кхалха го хадийна тхо цIехьа доьрзуш,               
къизачу дахаро суна букъ тоьхна,
Вайн Теркан тулгIеша лаьттаца               
                хьоьрсуш,
безначу махкаца  суна чурт доьгIна.

Довхачу сан цIийро хьандина латта,
нана хьо, тешалахь, эрна ца хилла,
Вежарий Iалаш бан дацара атта,
сан дуьхьа Iазап ла  уьш дийна бисна.

Суна барз дерриге  латтаца лепа,
коьрта дац бен доцуш хIиттийна чарташ,
Мацца цкъа дIакхалха хIора а веза,
къастаме хилахь а Iожаллин тархаш.
         
Маршо ца яккхало цхьа а ца вогуш,
хеназчу Iожална кьинтIера яла!
Декъала хир ду шу, дала гIо лоцуш,
эхартан меха бац дуьненан бала.


 ХьагI йоцу гIайгIа

Нана хьан, хIинца ма-
бIаьрса дIадайна,
Стигларчу седанах,
хьо яьгна йов.
Чолхечу дахаран
халонаш лайна,
Лараме йохь-сибат
сов-гIийла го.

БIарзечу ойлано
гIайгIане лоьцу,
Лацало мостагIий
гонаха гуш,
Iазапо тIеттIа-сов
баланаш тоьгу,
ХIора де къоршаме
хебаршка хьуш.

Нана хьан, хIинца ма-
бIаьрса дIадайна,
Бомбанийн гIовгIанца,
хьо яьгна йов,               
Балано Iуьйшу, хьан,
хьагI йоцу гIайгIа,
Лараме йохь-сибат
сов-гIийла го.


Кхетийша, нах!

Халоно Iийшина
кхетамах воьхна,
Соьмана къежначохь
доьхкича халкъ,
Накъост хьо, яхь йолуш,
цкъа а ца ваьхна,
Хьакъ доцуш,къонахийн,
ахь хьешна лар.

Нохчочун дог хила
дIаваллалц велла,
Оьшуш ду, дайшкара
сил-цIена цIий,
Дахаран къоршаме
къизалла елла-
ХьогIалла - во ата
деза дайн сий.

Ма-мотта, хьайн дуьхьа
цхьа а ца велла,
Я халкъо ца Iийши
кхолламан къахь,
Хьан дуьхьа яьгна ю
хIоранан къелла,
Къонахчо Iазапийн
баьккхина чам.

Бакъо, я харцо а,
хьуна бен хетац,
Хьакъ доцчу рицкъано
лехьаво, хьо.
Ямартло-къизалла
мисканех ежа,
Осалчий шалхоша
делхадо бо.

Замано, ца хоьттуш,
тIедеъна Iазап,
Хала ду халкъана
довза я ла,
ЦIий Iенош эгначийн
ца бича ларам,
Iехало хьогIоно
зирх тесна са.

Делахь а, нохчашна
цхьаъ хаа деза,
Хьо оьшуш ца хьоькху
мостагIчо куьг,
Царна вайн беркате,
хаза мохк беза,
Я халкъан яхь-сий а
юха ца лург.

Чолхечу дахаро
«гIорийча» кийра,
Хьо воха ма воха
кхачийна яхь!
Эхье ду нохчашна
кхелхича дийна,            
Дозалла – къийсамо
вахчийна лахь!
            
Хало тIехIоьттича,
хьо вохкавелча,
Бан а бац дуьненахь
вахаран мах,
Марчо бен кхочур дац
мацца цкъа делча,
Шайн дуьхьа эгначех
кхетийша, нах!


Берзабе уьйрашца мо!

ХьогIечу ойланех
со хьалха ваккха,
Дицлой, хьо, ма Iелахь,
кийрара дог!
Сихмало, зама, сох
гIалаташ даха,
Ирсечу дахаре
биллийта ког!

Берахь со хьистина
де-буьйса хоьрцуш,
Мерзачу дахаро
лехьаво со.
амма, хьан, чордакхчу
къемате йоьрзуш,
Яхь йоцчу адамийн
Iеткъало во.

Уьйрашца декъначу
бепиган чоме,       
Юха а хьовсийта
дог доьхна нах,
Диканна, волахьа,
мискачийн гIопе,
БIарзечу синошка
догIийша ла!

Къизачу дахаран
«очакхо» воьшуш,
Суна сайн жималла
хала ду ган,
Айпаша къеждина
тачанаш «доьшуш»,
Доьху ас, ца хьешар
хьагI йоцу лар!

Воьжнехь стаг харцонаш
ла а ца елла,
Дега мот биллийша
кховдийна куьг!
Осалчу ойланийн
ринжа ма делла,
Вуьшта а, хероно
бIарзйина уьйр.

Хьарамчу рицкъано
ца кхолу дахар,
Хьеста вай хьагI йоцу
адамийн уьйр!
Яхь-гIиллакх-оьздачу
къонахчун вахар,
Ца боккхург питIнечу
харцонийн гIуй.       

МостагIийн къемате
дегI дIа а тотте,          
Дицлой, хьо, ма-Iелахь,
кийрара дог!
Ца боху хьеста со
бахамах вотте,
Амма, ахь, берзабе
уьйрашца мо!

Даймехкан исбаьхьчу
Iаламан хотехь,
Ца оьшу адамийн
хьагI «кхехка» вас.
Цхьалха стаг вуьсуш ву
деъначу вонехь,
Хьан деган дикалло
ца хецча «жаз».


         Халкъан 1ийжам

Сан вешин доьзал а дIабахи тахна,
геннарчу махкахь шайн кхолламаш зе,
Атта дац шайн уьйрех, Даймохках къаста,
амма, ма-ца оьшу Iазапаш-«цIе».

Нана ю шен кIентан берашна йоьлхуш,
къаналло сауьйзуш, хебарша хьуьйш,            
МостагI, хьо,Iийнеххьам, цхьа а ца               
                воьлхуш,         
хиръяра сан нана тIех-йоккха юьйш.

Тоьур ма дара, аш, цистина дегнаш,
хьешна тхан даьIакаш, Iенийна цIий.
Амма ю ямартло хьогIонца «кхехкаш»,
бехк боцуш хийла да хеназа вий.

Хьа пурба делла-те, мичахь ду дегнаш,
буо-бераш махкаха даххалла тхан?
«Кхехкаш» бу кийранаш махке сатесна,
бIарздина, хьагI йоцу, сан миска халкъ.

Мерза ду тхуна тхайн исбаьхьа лаьмнаш,
оьздачу дегнаша  кхелина мохк.
Махках дIа лаамца цхьа а ца къаьста,
хьоме ду шен метан чорда а дош.

Амма дIа ца доьрзу херонан моьнаш,            
самах я гIенах а Iийдало «къахь»,
КIезга ца дайнехь а наношна вонаш,       
яхь йоцчу къизалло летадо къа.

Шийтта шо кхачанза-юккъерчу Азехь,
Росси ахь, хьийзина сан нана-бо,
Тахна а, шен кIентан доьзалан балехь,
цамгарна йоьжна и ца лайна во.
               

 Къонах хьо вацахь

ЦIеначу ойланца
дог серла дуьйлуш,
Лаахь а, дIакхехьа
дахаран дукъ,
Ца хуьлу адамна
ирс дуьхьал дуьйлуш
Я хилац хIоранца
хьикматан нур.

Сихвелла дахаран
къайленаш йовза,
Ца доьжнехь коьртера
«хьацаран цинц»,
Нах «хьеста», хьал кхолла
хир вац хьо говза,            
ГIорасиз хирбу-кха
кхолламан «дин».

Да-нана, йиш-ваша,
я хьо а бехке,
Сонтачу доьзале
 ца догIу сом.
Дийшина Iиллича
жималла хехке,
Замано хьебо-кха
сов-луьра «тIом».

Ямартло я хIилла
лело хьо воьлча,
Мискачу нехан ахь
ларйича бун,
Кхойкхур ду наьIалт а
хьан цIийрах доьлла,
Богур бу ирс хила
ца доьгIна шу.

Нахаца бийца хьан
мерза мотт бацахь,
МаьIна ца девзина
«гIорийча» гIилкх,
Лурбац-кха уьйраша
хьакъ боцу кхача,
Замано дузур ду
гIайгIанийн Iин.

ЦIеххьана, къоршаме
бала тIебеъча,
Хьуна тIе кхочур дац
орцане куьг,               
Къонаха ша воцург
ву дийна велла,
Кхолламаш ца хуьлу
бухалург луш.
            

Хилчхьана дегнаш

Йиш хилча дерриге дуьне
БIаьстенан зезагах кхала,
Хир яра хIора а суьйре,
Адамаш, цхьаъ санна лара.

Шовданах елхьара ойла,
Я дегнаш-ломарчу хIонах,
Дацара эшамаш гойла,
Iийдалуш яхь йоцчу  вонах.
 
Маьлха нур-зIаьнарш а хилла
Седанах лепийта уьйраш,
Доцучохь хинна тIай тилла
Ирсе е дахаран «нуьйжа!»

Йиш ю вайн хилчхьана дегнаш,
Ца кхолла къизалла-бала,
Хеназа за дуза кешнаш
Цхьаъ санна-хIора а лара.

               
БIешарийн бIарзалла

Тоьур ду, зама хьо,
Iожална тийжар,
Исбаьхьчу Iаламан
делхийна хутI!
ЛагIцало нохчичохь
къизалла сийсар,
Во бен дац мискачу
адамна гуш.

Iазапо гIорийна
бIаьрхи ца долу,
«Ихкина» латтанаш,
дагийна цIа.
Хоршане гIайгIанаш
бIарзъелла йогIу,
Бехк боцчу синошка,
догIийша ла!

Лаьмнашкахь стаг вийча
цунна чIир йогIу,
Шаьлтанна-шаьлта ю
Я дашна-даш.
ХIоранан бIаьрхи а
наношка кхочу,
Маршонна екхалой,
харцахьа ха!

Ца оьшу, хьо цIийза,
къа-бала оьхьуш,
ХьагI йоцчу халкъана
ца богIу бехк.
Уьйречу дегнаша
паргIато лоьху,            
Къилахь ду тхан  кхъузахь
адамаш дер.

Махкахь сан цхьа гIорз а
ца йисна хIинца,
БIешарийн бIарзалла
кхетанза тIе.
Амма тхан дозалла-
къонахий бисна,
ДIаяйа мостагIчо
кхарстийна цIе.
       
Тоьур ду, зама хьо,
саьрмаках текхар,
ХIора а хелигна
Кхаьчна, хьан, дIовш.
БIарзе ду нохчичохь
шовданийн декар,
Хеназа тхан бераш
Iазапехь дов.

         
  Мила ву бехке

Набаран тар хьоьшуш,
ойланийн йоза,
Тховса а - дог эхка
гIеттина, хьо.
Делахь а, хIора де
 хилийта гIоза,
Замано-м , шен накха
суна ца ло.

Iаткъамийн садеIар-
хIора элп довза,
ГIуьтту со, ца евзаш
дахаран шовкъ.
Адамийн хьогIонийн
кара дац доза,
Дог а сан бIаьрхиша
гIорийна дов.

Уьйраша-кхолламан
техкийна ага,
Мацца цкъа къоналло
хьистина со.
Мила ву ца лиънарг
ирсе со ваха,
Хьанна ас дина-те
ямарта во?

Мила ву сан махка
къиза тIом беънарг,
Ца Iебаш хуьйдинарг
дахаран цIий?
Хьарамчу рицкъанца
даржашка гIертарг,             
Лахдинарг мискачу
адамийн сий?

Мила ву буо-берийн
сакхташна бехке,
Баланийн узаршка
сатесна верг,
Барт хоьттург хьагI йоцчу,
бIарзечу нене,
ХIоттийнарг дуьненахь
къемата де?

Ма хьеша сан ойла,
буьйсанийн кIорге,
Ирс долуш, сайн махкахь
вахийта со!
Ямартхойн къизалла
«кхехка» сов-шовкъе,
ХьогIечу дахаро
синтем ца ло.

Бекхаме кхойкхуш ду
бIешарийн моьнаш,             
Мерзачу набаран
сауьйзу, ахь,
Тоьур ду Iазапехь
даьгна сан гIенаш,
Ма хьеша, мерзачу
набаран тар.
 

Ирс долуш дахийта вай

Исбаьхьчу Iаламан
зевнаша хьоьстуш,
БIаьстено биллина
шен ховха мот,
Адамийн дегнаша
шайн уьйраш лоьху,
Мацца цкъа хиллехь а,
дицдина дов.

Синтеме хан - зама
ойлано хьоьрсу,
Эшарна ирсечу
дахаран «хут»,
Мерза сакъийрина
хIусаме доьрзу,
ГIенашца хержа вайн
кхолламийн «гIу».

Вай дага лоьцур ду,
мацца цкъа – тIаьхьа,
Вас йоцчу дегнашца
къийрина са.
Заманца некъашка
хIуьттур бу «лаьхьа»,
Я ирсо хьоьстур ду
дIовш доцу цIа!

Мерзачу дахаро
хьистина уьйраш,
Ца хирриг мостагIчо
 хиржина лай.
Исбаьхьчу Iаламо
техкийна дегнаш,            
Шовданах-кхана а,
дахийта вай!


        Даха вай гIоза!

Лоьхуш тIе къаналла цхьангге ца кхочу,
лаамца ца къежло  корта а хьан.
Заманца  во – дика  хIоранга  догIу,
хIетте а мерза ду дахаран» гIан».

Адамаш ирсана къежа хъакъ хилча,
зе-зулам ца кхуллуш дахийта вай!
Йитийша харцонаш нацкъара Iилла,
хьогIе ду писалло «Iеттийна» шай.

Марзонца, дегнашца вовшашка хьовсе,
декъазчу синошка, догIийша ла!       
Дайн хилла-къонахийн амалш а йовзе,               
шайн догIмех я доьзалх, хетийша къа!

ХьагI-гамо лело я цатамаш кхолла,          
йоца ю адамийн оьмаран хан.
Везаш хьо хилахьа жима а, воккха,
декъала хилийта декъаза са!


Ваьхна хIун до

Нахана ца везаш
хьирчича «чилла»,
Чолхечу дахаро
хуьйдича са,
Мацца – цкъа дIакхалха
везаш хьо хилча,
Муьлха бу, адамаш,
дахаран мах?

Дикане нисвелча
хаза дош олуш,
Вонашкахь ца Iовжахь
нахана дог,
ХIун ду-те сийдоцчу
Дагна, хьан, кхочуш,
Ваьлча хьо, яхь йолчу
адамна сов?

Даймахка боьссича
Iазапийн бала,
Халкъана са дала
ца хилча, хьо,
ХIун дуьсу нахана,
кIилло хьо, лара,            
Стеган лар дIаяйча
ваьхна хIун до?
            

        Замане

Тоьур ду, тоьур ду, хьуна,
Ахьа вайн белхийна кийра.
Адамаш дилхина суна,
Со царна мел велха веза?

Адамийн къизалла-хьогIо
ХIинца а, мел ла сан деза?
Бакъо юй кхолламаш дохо,
Яхь йолчу, оьздачу неха?

Зе-зулам, вовшашна лер а,
Мацца цкъа дIадала деза,
Дитахьа даха тхан бер а,
Маршонна мостагI ца веза.

ХIун ду-те тIамехь вай хьаста,
Хьан-сан а Iийжам и хилча?
Зулмечу адамех къаста,
Яйахьа хьогIонийн чилла!


Къизалло Iаьвшина маршо

БIаьрсица дешна а доцурш,
Ойлано лехьадо вайн,
Амма уьш даге ца кхочу,
Тийсахь а мел дукха са.

Замано кхийдина некъаш,
Зен-зулам, диканиг луш,
Де эшча ца хила текхаш,
Дахарехь данза хIун ду?
.
Ирсениг хиржина, лехна,
Амма, мел кIезга ду уьш!
Шуьйра ду дахаре хьежар,
Оьмаран боца бу «муш».

Вайшимма бина некъ, доттагI,
ТIедеъна во-дика ловш,
Уьйрашца цхьаъ бина кхоллам,
Делахь а, хIун дара сов?

Вайн махка мостагIа веъча,
Яхь ца луш гIевттина вай,
Вайшимма кхайкхина, лехна,
Цара ца хьийзадар байш.

Делахь а, шолгIа тIом беъна,
цунна а, гIеттина хьо,
Миска халкъ хьанна ца дезна,
Хьаьнга, хьо, хьаьжнера во?


Да-нана, йиш-ваша дийна,
Хьо а дIакхелхича сан,               
Эзарнаш чолакха бина,
Халкъана хIун дисна ла?

Дегнаша хиржина доцурш,
Замано кховда до схьа,
Iазап-во синошка кхочу,
Амма дIа ца долу ша.

Къонахий-дуьненан меха!
Амма кхин х!ун ду-те ла?
ХIун ду сан дахарехь леха,
Делахь а, соьца хьан са?


   Яхь йоцчо адамаш ларац

ДIаяхна хан-зама, къистина уьйраш,
уггаре дикачех  адамо лору.
Амма ду дийнаниг хьагI йоцу туьйра,
адамо-адамаш дийна-ца лору.

Вайн дайша хIиттийна  исбаьхьа бIаьвнаш,
яхь-гIиллакх лардина, ларбина мохк а.
Делахь а, ду дезаш вайна а лаьмнаш,
маршонна гIиттина, ларйина бIов а.

Адамаш-адамна муха ца деза!
хьогIаллех хийра ду къонахийн дегнаш.
Замано хиржина орамаш хеца,
гIулч яккха езачохь ца оьшу дешнаш.

Олу вай стаг велча дика стаг хилла,
дуьненчу бер даьлча ирс-аьтто хуьлда.
Амма вайн яц кIезга шалхонаш, тилла,
дог доцу сихалла гIийлачех кхаьрда.

ДIаяхна хан-зама, къистина уьйраш,
уггаре дикачех  адамо лору.
Амма ду диканийн хьагI йоцу туьйра,
адамо-адамаш дийна ца лору.

         
        Биъ могIанаш

      *****
Барзана-борз уллехь хилча,
Мелла ша буьрса хета,
Пхьагална ша хьулмехь хилча,
Мелла а сапаргIат хета.
 
         *****
Адамна шен адам деза,
Во-дикнехь шайн уьйраш екъа,
Халкъ-мохккий маршонах хеда,
ДIабайча къонахийн «седа».

         *****
Ирсах хаьдда-зама йоьхнарг,
Хьан кисанах Iеха ло,
Шен диканна догIа тоьхнарг,
Замано ма-чеха во.
         ***
Замано нах дохко боху,
Адамаш ца дезарна,
Цо шен накъост къонах лоцу,
Нахана и везарна.
               
        *****
Пису а, хьуна ца цIийза
Дузийна ша паргIат даьлча,
Делахь а, суна ца гина,
Дуьненахь пис юьзна яьлла.
               
        *****
Суна сайн даймохк а беза,
Махкана эшарна со,
Амма, хьо тодакх ца еза-
Сайн текха кхийдарна, хьо.
             
        *****
Алийша! со хьанна веха,
Мила ву сан дуьхьа вогуш?
Суна а, сайн зама еза,
Амма, ирс уьйрашца кхочу.
               
       *****
Адамашна-адам деза,
Адам санна хилча ша,
МостагIчунна-мостагI текха,
Адамалла яцарна.

       *****
Некъах тилча «барзо» лоцу,
Ойла-кхетам бацарна,
Хьан доьзале вониг кхочу,
Во ган са хьан дацарна.
            

Оьшур ду халкъ

Яьржича лехьалац
дахаран кесгаш,
Замано-м лехьабо
кхолламан «чим».
Мелла а атта ду
маттана дешнаш,
ХьогIоша дузахь а
гIайгIанийн Iин.

Баланех буьзначу
махкара ведда,
Мел гена кхачахь а
яхь йоцу кIант.
Хьуна во кхочур ду
даго ца лехна,
Къизалло лаьцча, хьо,
оьшур ду халкъ.


     МостагIа вовза

Маршо яц цIий Iанош йоккхуш,
Синошца кхоллало и,
Дахаре нийса ког боккхуш,
Маршо ю лардина сий!

Даймохк, халкъ Iазапе лаьцна,
Делхийча декъаза буо,
Ирс ду и эзарнийн даьгна,
Маршо яц кхоьллинарг во.

ТIемашца ца йоккху маршо,
Маршо ю тIом боцу хан,               
Маршонна цIе тоьхна харцо-
Шайн дуьхьа даьккхина «дарц».

Хьан дуьхьа цхьа а ца велла,
Декъаза къонаха бен,
Маршо яц адамийн къелла,
Я мостагI хьистина де.

Синошца кхоьллина маршо,
Ларъяр ду хIоранна тIехь,
Iазапаш совца до халкъо,
Барт хилча яйало цIе.

Маршонна гIовтта, нах, гIовтта!
Шайн мехкан, берийн сий деш.
Цкъамукъне мостагIа вовза,
Хилча шайн къонахий леш!


Ненан дог доьшуш

Хебаршка дахна хьан
йохь-сибат доьшуш,
Куьйгийн зил-берчаша
шайн къамел до.
Бера хан дIаяхна
халоша лоьцуш,
Лайна ю мацалла,
Сибиран во.

Да-нана хеназа
лахьтечу доьрзуш,
Сов-жима ма-яра,
сан миска, хьо.
Гина ю къизалло
кхолламаш хьоьшуш,
божалшкахь махкахой
багийна шо.

Миска халкъ Iазапо
Iуьйшучу дийнахь,
Ямартло Iеткъина
дилхина дог.
Тахна а, ладоьгIу
хорамехь тийна,
МостагIийн герзаша
багабеш мохк.

Хьомсарчу махкана
орцаха бовла,
Хьайн кIентий хиларна
дозалла до.
Сийлахьчу лаьмнашца
мел лелха молха,
Доьзална цIаберза
пурба ца ло.

Оьмарехь къизалла
евзинчу, хьуна,
Девзаш ду хьогIоша
кхоьллина во.
Духа ца хьарчийта
«февралан» гIуда,
Деттало бIарзечу
кийрара дог.

Боху,ахь, де эшча
вевзаш ву къонах,
Сий дайна цIийзар ю
тодакхийн лар.
Нана а ца ларйо
кIиллочо вонах,
МостагIна дохкало
яхь яйна са.

Мерзачу дахаро,
хьо, ма-ца хьисти,
Хеназа къежъелла
хебна, хьан, юхь.
Да-нана, йижарий
Iожалло цисти,
Делахь а, дог ду, хьан,
къизалла ла.

Юха а, мохк байлахь
бисарна кхоьруш,
Во гинчу хебарша
орцане во.
Харцоша ихкина
миска дог доьшуш,
Къонахчо, махкана,
цIий хьанал до!

               
Дицделла шайтIанаш

Буьрсачу цIерга мохк,
къонахий «луьйсуш»,
Муьлш бу-те ихкинарш
кхолламаш вайн?
Хьарамчу рицкъане
цIийза – са туьйсуш,
Буо-берийн цIий Iанош
белхийнарш нах?

Муьлш бу-те «юпканах
хеча» а хуьйцуш,
Де эшча - шалхалло
къарбинарш дуй?
КIезанах хьесталуш,
мерза мотт буьйцуш,
Миска нах лебина,
эхь доцу къуй?

Эшаман къурд бина
дIавахча мостагI,
Паччахьо кховдийнарш
рогIера дарж,
Мохк ларбеш баьгначийн
Ца бинарш хастам,
Муьлш бу-те, кхаьрдинарш,
Дицдина даш?

Маршонан са къуьйлуш,
талораш дина,
Ца Iебаш багийнарш
исбаьхьа мохк,
Тахна а, тебаш берш
мискачийн къинна,            
Муьлш бу-те, юха а,
баьккхинарш тIом?

Дицделла «шайтIанаш»
даржашка гIерта,
ХьогIечу замано
кхардаме хьуьйш,
Яхь йоцуш даьржа уьш
мискачийн текха,
Вайн йоцчу самонна
сема ду уьш.


Адамо-м, даха ирс ло!

Матто ша керчадо
вон-дика дешнаш,
Iаткъамийн ойлано
даьстича дог.
Ун дохьу сихалла
яьржаш ю чIеIаш,
Адамо-м-адамна
даха ирс ло!

Мацца цкъа кхолламо
байлахь хьо витча,
Да-нана кхелхина
я даьгна цIа,
ГIо-орца эшначохь
накъост ца хилча,
Бевзар бу, хьуна а,
вахаран мах.

Замано довзор ду,
карор ду хьуна,          
Мацца цкъа уьйрийн дог
Iовжийна дош,
Хьерчар ду, даймохк хьайн,
белхийна гIуда,
Девзар ду хьоь кхойкхуш
дилхина во.

Доьзна ду хIора дош
ойланца, дагца,
Оьзда верг, я воцург
маттаца го,
Къонахчун яхь йоцург
вуьсур ву цхьалха,
Адамо-м, адамна
даха ирс ло!


ГIаттахьа, хьо!

Хьайначийн ямартло,
осалчийн вонаш,
Мискачу нахана
ду хала ла,
Ду хала яхь йоцчийн
къизалла йовза,
Стешхачийн шелонехь
гIорийна ван.

Къонахий осалчех
тарбина буьйцуш,
Iожална са дегош
левоьлча, хьо,
Стаг вац, хьо, шай дала-
харцонаш кхуьйлу,         
МостагIна вохкалуш
доссийча во.

Миска ву шен халкъан
бала ца бекънарг,
Ямартло совъяьлла
делхийнарг бо.
Я сийсаз вича а,
герз тоха дезнарг,
Замано, хьан цIа-цIе,
наьIалте хьо.


Даймохк бу коьрта

Мерза ду къаьхьа дош
нанас и бахахь,
ХьогIонца ненан дош
хуьлийла дац.
Шай дала мах бац-кха
нана ца ларахь,
Хьан дуьхьа «догу» са
муха хир-харц?

ШолгIа, хьан, декхар ду
доттагIа везар,
Во деъча са кхоош
ца тохар букъ.
Кхин юха ца богIу
цкъа байча тешам,
Къиза ду цхьаллехь хьо
вагаран дукъ.

Доллучул сийлахь ду
даймохк хьоь безар,             
И боцчохь дуьненан
хазалла йов.
Дозалла ду, хьуна,
и ларбан дезахь,
Амма мохк боьхкинарг
лай хилла вов.

Ненан дош, доттагIа,
я мехкан маршо,
Нах боцчу нахана
сийлахь ца го,
Амма уьш безаро
эшайо «харцо»,
Цаьрца, хьо, кхолламо
декъала во.


Адам дац халкъаца воцург

МостагIца пхьор доькъуш,
хьо хьаста веллехь,
Ю хьуна осалчун
ямартло и.
Хьайн са а кхоийна
цунна салт ваьллехь,
Дац хьуна, хьан дагца,
нохчочун цIий.

Хьайн халкъе Iазапо
кховдийча «гIоьмаш»,
ХIун хир ду мостагIе
цабезам бен?
Бекхамца бен дерзац
къизаллин моьнаш,          
Сий лардеш богур бу
къонахчун кхерч.

Яхь-гIиллакх-тешаман
комаьрша чIагIо,
Коьрта ду дайша хьоь
кховдийна сий,
КIеда мот лехахь а
декъазчу даго,
Адам дац халкъана
кхоийнарг цIий.


Дахаран маьIна

Махкана муьтIахь воI
эрна ца веха,
Деган са дуьллу цо
адаман меха,
Во дохьуш ца хIуьтту
и нехан кIетIа,
Яхь-гIиллакх ма-лору
дахаран тIегIа.

Осалчу ойланех
са хера даьлла,
Къонахчо оьзда дош
даима аьлла,
Я шайнех вохкалуш
йийсаре ваьлла,
ХьагI йолчу нахана
луур ца даьлла.

Уьш бу уьш Даймехкан
синпхенаш хилла,               
Халкъана цIе яккха
дозалла дитна,
Эшийнарш мостагIийн
ямарта «чилла»,
Маршонна дIо панахь
бисинарш Iилла.

Яхь йолчу кIентан ирс-
шен мехкан маршо,
Эшначохь махкана
цара са делла,
Къонахна цкъа а ма-
ца езна харцо,
Ца езна адмашна
хьакъ йоцу къелла.

Зударийн-зуьдалла
кIиллочун-хIайкал,
Да-нана цо соьмах
духкур ду атта,
Яхь йоцу къизалла
юьсур ю байлахь,
Гатделча къонахчо
лардина латта.

Вахарна-валарна
юккъера маьIна,
Син маршо-дика-во
эхарта дигна.
Къонахий даима
дог цIена хилла,
Тодакхо шен къинна
нехан пхьор диъна.

         
     Суна адам деза

Х1ораммо а шена синтем лоьху,
Адамалло кхуллу мерза уьйр,
Муьлха къам ду ас цхьангге ца хоьтту,
Адам деза деган парза ду.

Жуьгташца а хьог1алла ца лоьху,
Безаш лору оьзда, г1илкхе нах,
Ас сайн сискал х1оранца а йоькъу,
Хьоьсту, дацахь чорда-зулме, са.

Т1амца веъча мостаг1ца т1ом бина,
Амма х1ора оьрси мостаг1 вац,
Дика-во а цо ша-шена дина,
Сан кхолламехь халкъаш дан а дац.

Амма суна сайн Даймохк т1ех беза,
Нохчалла соь дайша делла ду,
Сайн некъашца х1ора къонах веза,
Нах ца лорург суна велла ву.

Со нахана цкъа а гора х1иттац,
Суна, х1о а воьжна оьшуш вац,
Я ца лоьху сайца доцу г1иллакх,
Вацахь накъост некъа оьхьуш харц.

Амма вала кийча ву со тахна,
Нохчо хилар дозалла а деш!
Ямартлонаш оьшу маца, хьанна,
Мила веха адам декъал деш?

Оьрси, жуьгти, эрмало а веза,
Амма нохчо хилла веха со!
Хьог1е доцу адам суна деза,
Тешам боцу 1еткъарш  чеха до.
 

Ирс кхолла адмалла еза!

Жималло техкийна
ойланин ага,
ГIеметта хIоьттича
ма-хаза го!
Ирс девзаш –бераллин
жовхаршца «вага»,
Шен хеннахь, замано,
кхетам ца ло.

Я хаац, кхолламан,
керла шо даьлча,
Адмаша, хиллачух,
шайн хьесап до!
Гуллучу лазарша
гIийла мохь аьлча,
Хьастаме хилла де
декъала го.



ДогIучу воно со
зуьйш санна хета,
Гуш доцчу диканна
цо гIитта во.
Лазаме деъначу
сакхтах со кхета,
Цо вайна йовзуьйту
кхолламан хIо.

Йиццало бералла,
йицйийр ю муха,
Хезаш, я гуш хилча
вайн берийн зов?
Амма де догIур дац,
хьо хьаста, духа,            
Ша-шеха деллалац
вайн зовкхийн ков.

Ас нахе барт хеттац
доьхначу денах,
Шен кийра баьгча бен
стаг кхетар вац.
БIарз а лой-малуъу
веттало пенах,
Хьаьшча бен, хьоьга, харц
эшалур дац.!

Къона а, къена а
хIора де-хазна,
Барт хилар-уьйр-марзо-
хьан ирсан хьост!
Цхьа а вац дуьненахь
бералла ганза,
ХIетте а, туьйсу вай
дахарна «дIовш»!

               
      ГIалатийн моьнаш

Эхь-бехк дайна, цхьа а гIиллакх доцуш,
Ша висарна кхера веза стаг,
Де эшначохь гIо дан накъост воцуш,
Ма-лацийта дахаре, хьайн, лаг!

Цхьацца некъ беш, коьртачунна вицлуш,
Хьоь ца хоьттуш  дахар доьду дIа,
Шен жамIаш дан зама-м хилац йицлуш,
Во-дикано рогIехь хоьрцу ха.

Доьзал бацар я цуьнах,хьо валар,
Доллучул а йоккха къахьо ю,
Беа пено шайн йийсаре лацар ,
Дарба доцу, деган  хало ю.

Бевза-беза накъостийн  хIо муьйлуш,
Ваьлла лелла вирзича хьайн цIа,
Хилча, миска хьо, цхьаалло къуьйлуш,               
Хьаста доцчу беро лоцу са.

Ас сатуьйсу, беза боккха доьзал,
Амма, доцчу ирсо хьекха во,
Сакъийрина чоьхьа ваьлча гIопал,
Шен сингаттам даго белха бо.

Кхана-лама бохуш доьхку денош,
Сатийсамо наггахь ле а во,
Зама-м йоьду кийра къахьо Iенош,
Цкъа дIадаьлларг хьанна юха го?

Эхь-бехк дайна цхьа а  гIиллакх доцуш,
Замано сан хьоьшу  къоьжа лар,
Сайн вежарийн доьзалш тIамехь богуш               
Доьзал боцчу ас ма-хала лай!

               
Ца оьшу хьагI

Ламанийн некъашкахь
ладоьгIча сецна,
Шовданийн назмано
хьоьсту хьан дог,
Хьесап деш-леррина
бIаьрса дIахецча,
Исбаьхьчу Iаламо
декъала во.

Лакхенга мел вели
садеIар дайло,
Адамийн дикалла,
хазалла го,
«Акхачу» ойланех
корта а байло,
Хуьйдина нохчочун
кийрара «хIо».


Амма, халкъ ду балехь,
яьллехь а гена,
Жамболт я жоммагIа
диттина хан.
Евзина къизалла
ворхIа а дена,
Ду доруш зулмечу
Россино къам.

Доккхачу дуьненан
гIо-орца доцуш,
Юха а, сан халкъо,
къемат де лай.            
Къизачу цIергахь тхан
доьзалаш богуш,
Шу муха Iара-те,
дог долу «нах»?

ЦIеначу адаман
йохь-сибат дешча,
Диллалур дара хьоь
нохчочун сурт,
Бакъволу нохчийн кIант-
къонаха «вешча»,
Туххушехь каглур ма-
дара, хьан, тур!


Езийша, адамийн
«Iаламан» хазнаш!
Хьешана нохчийн ков
диллина ду.
Диканца-диканийн
бахийша кхаьънаш,
Iалаш де дог-дикчу
адамийн хIу!

Даймехкан некъашкахь
ладоьгIча сецна,
Шовданийн назмано
хьоьсту хьан дог,
Хьесап деш-леррина
бIаьрса дIахецча,
Исбаьхьчу Iаламо
декъала во!

Цхьа а кхин хIума дац
адамийн меха,
Йоцачу оьмарийн,
бовзийша мах!
Цхьаъ лазош, цIий Iенош,
шу муха деха,
Я оьшуш ярий-те
вовшашка хьагI?


Ирсе вац халкъ маьрша доцург

Кхолламо вагийна чим санна къежлуш,
Замано хьаьшча хьан декъаза дог,
Де-дийне лазаршца меженаш гIеллуш,
Уьйрашка сатуьйсуш хорамехь вов.

Йоккха ю адамаш дезаран кIорге,
Я ирсе уьйраша хьистина са.
Амма во доьссича цIехьхьана гIопе,
Хала ду безачийн  шалхалла ла.

Ойланийн маршоно са эхка доьлча,
Ца хилча адамна накъостийн белш,
ГIо-орца ца кхаьчна миска, хьо воьхча,
Шелло хьан оьмаро бохбина кхерч.

Ирсе вац дуьненахь халкъ маьрша доцург,
ЖехIалша, кхардаме, эгочохь, хьо.
Халоша цоьстур ву шен даймохк боцург,
Боцучохь дас-нанас бийцина мотт.


Ирс долуш ехийла, хьо!

Хьайн тайпа-тукхаман,
халкъан сий лардеш,
Даима, ирс долуш
ехийла, хьо!
Оьзда мотт бийцалахь
къонаха ларвеш,
Деза ду нохчашна
йижарийн дош!

Махка во деана
зе-зулам хилча,
Сийлахь бу къонахна,
хьан оьзда некъ.
Ешар ю кхолламан
сов-буьрса чилла,
Эхь-бехке йоцучохь
йижарийн цIе.
       
Хийла йоI яьгна вайн
тIом-цIеран арахь,
Вежаршца, мохк ларбеш,
диттина герз.
Хьайн оьзда йижарий,
вежарий лара,
Яхь ца луш, лацалахь,
деъна во тIе!

Хьайн тайпа-тукхаман,
халкъан сий лардеш,
Даима ирс долуш
ехийла, хьо!
Оьзда мотт,бийцалахь,
къонаха ларвеш,
Деза ду, нохчашна,
йижарийн дош!


       ЦIий цIена доцчара.

Ма-елха, са дууш, кийрара гIайгIа,
Ца доьгIнарг замано, хьоь кховдор дац.
ТIом-цIеран Iазапаш дайша а лайна,
Амма, яхь-стогалла йоьхкина яц!

ЖехIалийн ямартло терзано узац,
Я йисац жоп доцуш мунепIа лар,               
Жовхарша тилийнарг цIий мийларх вузац,
Амма вац, мостагIчо, къонаха къар.

Хьо делхарх, сан тезет,халкъ маьрша далац,
Барт боцчийн доьзале дуссур ду во.
Хьайначийн шалхалло миска халкъ ларац,
ЦIий цIена доцчара делхадо буо.


Гуш боцу саьрмак   

Хьовсийша, адамаш,
бIаьрхишка берийн,
Ламанийн шовданел
уьш цIена го!
ХьагI йоцчу кийрара
схьаэца хазна,
Я довза нохчочун
кийрара дог!

Кийрахь бер даьгначу
ненах къахета,
Хьовсийша! дай белла,
дисина байш!
Ца оьшу къонахийн
йоцу макх леха,
Ларийша, вайн дуьхьа,
цIий Iенна кIант!
            
Болх-неккъий-дан хIума
шорта ду махкахь,
Оьшуш ду хьо адам,
я хилар стаг.
Ирс-беркат, дахар ду
токхечу лаьттахь,
И мел ду, цхьа а стаг
миска ма-вац.

Ямартчу шайн дегнийн
хьогIалла лечкъош,
Гуш боцчу саьрмако
туьйсу шен дIовш,
МостагIчо къонахийн
дегнаш ду «кхехкош»,
Уьш бу –уьш даржашкахь
цинц санна бовш.

Довзийша! адамаш,
мунепIа бIаьргаш,
Нахартийн ларча бен
царна ца го.
ТIом болуш  чIеIна уьш,
тIемалойх кхаьрдаш,
Цара байш, тахна а,
делха ма-до.

Вайн берийн йохь-сибат,
хазалла дегнийн,
Йочане-буьйсанах
кхолийна хьа?
Хаийша, къонахна
адамаш деза,
Вукхеран дац тайпа-
тукхаман «са».


Хьоьх диснарг

Хьо мича воьду-те
хьайн махках ваьлла,
Гергарнаш, я бевза-
безаш берш битна?
Бомбанех къаьхкина,
са тIома даьлла.
Амма, хьан Iожалла,
тхоьца ца йисна.

Мичахь бу, хьо везаш,
тIелаца кхерч а,
Исбаьхьа вайн лаьмнаш,
хьо воьхуш, дисча?
Дика-во шаьш декъна,
хьан некъийн лар а,
Са хаьлла, хьоь кхойкхуш,
дехаре хилча?

Ларамза берзошшехь,
ахьа, букъ тхуна,
Хаалахь, дIаяйна,
хьан ирсан лар а!
Мел мерза белахь а,
бу хьуна, чаьмза,
Хьайн уьйрех хервелча
Кхачанан чам а.

Хан-хене, заманца
йоцу уьйр лоьхуш,
«БIарзечу» цамгаро
лоцур ву, хьо а.
Мел идарх, шен хеннахь
Iожалла йогIу,            
Эшам бу еъначу
Халонехь вохар.

ХIахIак, хьан Iожалла
тхоьца ца йисна,
Мулкалмот догIур ду,
хьуна, шен хеннахь,
НаьIалте хьо воьхуш,
Хьан, цIе-цIа дисна,
Хьоьх диснарг-декъазчу,
хьан жIаьлин гIенаш.


Кхоьллина ирс долуш даха

Ловзаргахь сакъоьруш
йоI еза елла,
Боккхачу безамо
хьистина вац.
Накъостийн хелхарех
дог туха делла,
Кегийрхойн уьйраша
хьистина са.

Хазачу бIаьстенца
ураме ваьлча,
Дог цIенчу адмаша
хьистина дог,
Левзина, идда хан
ма-гена яьлла,
Замано рогIерниг
декъала во.

Езар сан ца хилла
со веза велла,            
ЙоI леян шовкъ йолуш
ца даьгна са.
Дахаран ойла еш
гIийла а лелла,
Лиъна ву хила со
кхолламан да.

Сакъерар нисделла
хийла-дIо генахь,
Хьирчина цхьа ханна
безаман ов,
Амма ас ца баьхна
дог лур ду дезахь,
Цкъа байча уьйраша
Тешам ца ло.

Ца баьхна юьгур ю
хаза йоI лееш,
Амма шен йовхонца
хьистина цо.
Карзахе ойланаш,
наггахь сайн, тееш,
ХIинца а, ирс лоьхуш
некъаш ма до.

Ма-ярра ца евзаш
безаман хьаьркаш,
Хийла йоI елха еш
къаьстина кIант.
Акхачу ойланийн
 ца хилла бIаьргаш,
Сонтачу некъашка
хьийзина дарц.    

Ваьхна а хIун до-те
ца хилча доьзал,
И бацахь байна бу
дахаран кхерч.
Я лелахь чот ца еш
дIатесна доьзал,
Ма-эрна хьистина
нанас шен бер.

Карор ю суна а
сайна цхьаъ езаш,
Ховхачу безамо
хьоьстур ду дог,
Доьзал а хир бу сан
дахаран тешаш,
Ловзаргахь хелхаран
тосур бу го.

Вехар ву ирс долуш
тIеман «гIалх» сецча,
Сайн бераш санна ас
 кхобур ду байш.
Адамаш доцу некъ
суна ца беза,
Я хилац къонахойх
са доцу лайш.            

Дуьне а дезаш ву
цхьа доьзал санна,
Цхьа Iу ву нахана
везарг, цхьа Iу!
Барт болуш, хилийша,
йоккхачу ханна.
Ирс долуш даха вай
кхоьллина ду.


Ирсана, деллийша ков

Хала а, атта а
нислуш ду некъаш,
Мел хала делахь
дан оьшу уьш.
Замано цхьаъ дохьуш
хьоьга дац дехарш,
Ца хоьтту адмашка
дика-во луш,

Даимна къахьоьгуш,
махкана везаш,
Миска стаг декъала
хиллера ша,
Молхане ю бохуш
йиънера бецаш,
Хилдчхьана жимачу
лаппагIан да.

Къуьданан серлонехь
ягийна товха,
Геннара гIаланаш
гина а вац,            
Сискалан юхк эцна
бер дахча ловза,
Шен кхоллам ирс долуш
хетна ву да.

Хьистина доггаха
ламанан хьоста,
Хьозарчийн мукъаме
дийгIина ла.
Хьацаршлахь, хеназа
къежбина корта,
Доьзална беркате
лелийна кха.

Деношша-м дIаихи
хийцалуш шераш,
Хан-хене меженаш
 хебаршка гIуш.
Дахаре гIулч йоккхуш
къистина бераш,
Кехатца-цхьа наггахь
Маршалла луш.

Цул тIаьхьа дуккха а
шераш дIадевлла,
Заманах терра нах
хийца а луш.
Ден ойла ца хилчу
мехкашца лелла,
Исбаьхьчу дуьненан
хазалла гуш.

Дийнна цхьа «гIаланаш»
йоьттина кIанта,
Ден хилла лаппагIа
йоха а еш,
Амма да ца хуу
кIедачу гIанта,
Тийначу, хазачу
дахаран теш.

ГIенашца лаппагIа
дуьхьала хIуьтту,
Биц ца ло мохь тоьхна
сискалан чам,
ХьогIечу адамийн
ойланаш луьтту,
Ма чIогIа бехъелла
тIееъна хан!

Хьакъ доцу рицкъанаш
оьшуш ца хета,
Диц ца ло аренца
текхийна нох.
Хьарама хьал-бахам
цунна ца беза,
Хьикмате дог-ойла
нахана ло.

Кхийрина воккха стаг
хиндолчу вонах,
Ца лиъна гонаха
Iеса нах ган,
Хьаьгна ву цIеначу
хIаваан хIонах,
Ца оьшу кхин мацвеш
доьттина цIа.

Делахь а, нах боцчу
ямартчу наха,       
Хьал-бахам къевсина
баьккхина тIом,
Мискачу стагана
кIордийна баха:
«Дитийша, къизалла
 кхоьллина, сом»!

Масане декъий ду
дагийна Iохкуш,
КIезга бац кегийрхой
Iасанаш тIехь,
Лелларг а, тайп-тайпа,
машинаш хоьхкуш,
Вайна ву ца бевзаш
кхолламан некъ.

Уггаре доьзалхо
оьшучу хенахь,
Да виси кхелхина
тIаьххьара кIант,
Дог а цо лур дара
махкана дезахь,
Схьаелча товхано
хьистина хан.

Дайшкара дуьйна-схьа
къийсина маршо,
Лехна-кха барт хилар,
оьзданга дерг.
Хийла кIант вожийна
ямартчу дарцо,
Делахь а, дайша ца
белхийна «некъ!»
            
Ма-хила, адамаш,
къиза сил-чIогIа!
Ирсечу дахарна
ца оьшу байш.
Тохийша, хIордакхчу
дегнашна догIа!
Цкъамукъна хьаста вай
яхь йолу дай!

ГIовттийша, адамаш,
дерриш цхьаъ хилла,
Декъал е баккхийчийн
йисина хан!
Вежаршна пе бетташ
ма-лела тилла,
Берашка баккхийта
дахаран чам!

Дависа дуьненан,
къиза, хьо, хилла!
Ма-дукха накъостий
багий, ахь, сан.
Дош хир дац хьомсарчийн
доггIу сурт дилла,
Ас муха хьаста-те
ша висна да?

Баккхийнаш, я бераш
бахийта гIоза,
Нах хиле, ирсана
деллийша ков!
Лолечу дегнашна
тохийша доза!
Керчийта шен цIийла
хьагI кхехка во!


Дахаран зил

Адамех тера бу
шовданийн кхоллам,
Уьш а ду кхачалуш
дIалекъча хьост,
Доь доцуш бовш бу нах
боцуш шайн хIоллам,
Во-дика, ца хоьттуш,
замано ло.

Адам ду адамна
бехке я гIоьнна,
Кхетаме йоцу гIулч
къизалле гIо.
ДIатосу, совволу
везачу гонна,
ЧIеIаме тийжича,
хьан деган «со»!

Оьзданга, гIиллакхе,
цхьаъ хилла даха,
Адмашна марзо лург
деган уьйр ю!
Къонаха дIатасац
яхь йолчу наха,
Де доьхча гIоттур 
дерг хьан орца ду.

  Стеган бахам лахьта ду

Сан сакхташна вела къежаш,
Кхаьрдаш, мара хьерча, хьо,
Къизаллина эшац тешаш,
Дахаро шен жамIаш до.
               
Iалам хьоьстуш кхечи бIаьсте,
Ирсах хьего санна со,
Догггах хьоьжу хазчу махке,
Берийн зевно йийсар во.

Амма маса нана йоьлху,
Ларвеш тIамтIехь вайна кIант?
Iаьржа догIа гIалахь доьлху,
Мехкан даьтта делла къахь.

УьйтIахь,бешахь дохуш оьрнаш,
Мехкан деших дина ун,
Тоьур ма бац вайна лоьраш,
ДIаьвше хилча кхача - шун.

«Болх-некъ бац кхин,хIун де бохуш,
Вайн бахамах талор до,
Могашалла - кхане йоруш,
Юьллу кийра Iаьржа хIо.
               
Вайн сакхташна бела къежаш
Беха хьогIо кхуллу нах,
Ма дахийша, дIаьвшах дежаш,
Берийн кхане йина къахь!


Доккха хилла-кх,  нохчийн собар!
Къизалло халкъ делха до.               
Рицкъа бахьнехь вонех волар,
Даимна а шалха го.

Хьал долчунна хьаста велча,
Хеда стеган ирсан га,
Дог доцчуьнга салам делча,
Доьлху хьоьх къахеташ са.

Даха, делча латта доцург,
Адамийн кхин бахам бац,
Шен кхолламехь къонах воцург,
ГIоза-маьрша дахар дац!
    1990-1999 ш.


Къонахчун са довза
къонаха веза

Хазачу дешнаша
къарздарх а кехат,
Хьан деган маьIно бен
ца буьйцу мотт,
Эрна ду делахь а
доккха хьан тептар,-
Стаг воцчо яздинарг
лар йоцуш дов.

Мичахь хьо вара-те
къиза тIом боьдуш,
Хьайн халкъан орцане
кхаьчний-те хьо?
Ямартчу мостаг1ийн
къиза куьг лоьцуш,
Хьомсарчу халкъаца
хилла хьан дов.

Дог, пах а лезна, хьан,
мохк паргIат боккхуш,
Амма гац бекхамна
кховдийна куьг,
Берийн са, да-нана
дахарах доккхуш,
Ахь хьаьнга кховдийна
бепиган цуьрг?

Яздархо дешнашна
велахь а говза,
Хьан цIарца бен карчац
даггара мотт,
Мел хала ду, хьуна,
сан ойла «кховса»,
Хьан кийрахь ца хилча
адмаллин дог.

ТIемлошна лийна хьо,
вийлина гена,
Йиш хаьлла кхойккхушехь
орцане мохк.
ХIоьънаша ца хиржи
къона я къена,
Амма ахь, ца декъна
къонахца во.

Тоьур бац, хьуна, мотт
къонахех яздан,
Дешнашца хьан деган
буьйхалла го,
Дитахьа, бехк боцу
кехаташ къарздар,
Хьан деган шалхалло
суна вас йо.


 Бакъо яц

Маьршачу дахаро
патарш-жаз хецна,
Ирсечу деноша
Хьаьстича, хьо,
Хаалахь къонахна
шен адам дезна,
ДегIан чалх яьгнехь а,
дагийна во.

Стаг воцчун нохчалла
чIурамах йогу,
Амма цо серло а,
я йовхо лац.
Нохчалла-шовда дог
нур хилла догу,
Адамийн барт хилча
эшало харц.

Хьо хьаста, декъал ван
кхелхина «лоьмаш»,
Йижарша шайн цIийца
хьанбина мохк.
ДIаяха хьаьгIнаша
Йоьхкина гIоьмаш,
ма ага маршонна
 йоьттина бIов.

Кхолламо хьаьстина
дог дела делча,
Сан нохчо, безалахь
де эшна нах!
Хьо а д1акхелхар ву
Iожалла еъча,
Теш хир ду диканийн,
я вонийн жамI!

Ерина меженаш
етталуш догIмийн,
Хеназа, йиш-ваша
Кхелхина, хьан.
Хаалахь, хьо хьаста,
цхьа а кхин воций,
Нохчо бен, де эшча,
хьуна гIо дан!

Мунепикъ лелар ву
хьо веза бохуш,
МостагIна диллина
сий доцу дог,
Къонахий бицбан а
истори йоруш,
Замано ледийр ду
ТIекхуьу чкъор.

Хьикмате ойланаш
кхолламе хьоьрсуш,
Кхин цкъа а дуьненахь
ца Iанош цIий,
Даимна ирс-беркат
доьзалшна хоьржуш,
Дахийша, дIадаккхе:
«вадийна, вий»!


Дозалла ду хьуна

Тахна дерг кхана дац,
хийцало зама,
Ца евза во-дикчу
оьмарийн хьаьркаш,
Кхолламо де деъча
туху шен «гIама»,
Вай зуьйш я лардеш бу
Iожаллин бIаьргаш.

Во-дика ца хоьтту
хедачохь некъаш,
Iожалло тухучохь
дахарна доза,
Адамаш, дахаран
хуьлу шен хенаш,
Ца доьшу кхолламо
Iаткъамийн йоза.

ХIумма дац, Мовсар хьо,
сов-кIезга ваьхна,
Вайн халкъан Iазап ла
ца дезна, хьуна,
МостагIчо хийланийн
жима са даьхьна,
ЖехIалийн къизалла
тIейоьжна тхуна.

Кхолламо хаьржина
хьоьца уьйр тесна,
Хеназа къежъелла,
хьан, хIусам нана,
Мел хала хиллехь а,
доьзал дIатесна,
Цо бераш дицдина
ца биъна кхача.

Дозалла ду, хьуна,
са паргIат лела,
Хьан кIентий муьтIахь бу
хьо винчу наьнна,
Уьш кхиош, сов-оьзда
Маьлхаш а лела,
Байлахь уьш ца бисна
цхьана а ханна.


ЛадугIа, орцане!

Хьо нохчо хиларна
дохко ма-вийла,
Iазапо, балано
1аьвшича дог,
Кхин зама йогIур ю,
адамаш зийна,
Буьллур бу маршоне
доьзалша ког.

Замано «къеждина»
дахаран маьIна,
Оьхкуш ду Iазапийн
гIоьмаша халкъ.
Бехк боцчу адамийн
хIусамаш яьгна,
Масанийн вайна вайн
тIаьххьара кIант?

МостагIчо кховдийна-
баьпкан юхк йиъна,
Хьо, теший ма Iелахь
кханенах хьайн.
Диц ма де бIешараш-
къоман  са диъна,
МостагIийн тешамца
ца баьхна дай.

Хьайн къоман куьйгалхо
ямарта хилча,
Хьо-со а, вицвина
диънехь а пхьор,
Адамаш! цхьаъ хиле
кхетаме дилла,
Дарбанца бен берзац
чов хилла мо.

Цхьа а вац дуьненахь
халкъ эшаделла,
Саранах ловзаво
ша висна стаг.
Iебар ю маршо а
доьналла «мелла»,
Шорта бу Iилманчаш
халкъ декъал дан.

Мацца цкъа-маршоно
зIийдигаш хецна,
Даьржар ду дуьненахь
къонахийн сий!
Лахьта дац цхьаммо а
сом делла эцна,
Сийлахь ду бусулба
кхелхинчийн цIий!

Мацца цкъа оьмаран
садеIар хаьдда,
Хьо цхьалха – я доьзал
буьсур бу хьан;
Махьшаре майданахь
диканаш «кхаьдда»,
Хьо леван хIуттур ду
дахаран «гIан».

Заманан очакхо,
хьо ваго дезча,
Къонаха хилалахь,
халонаш ла!
Дахар а маьIне ду
халкъах дог лезча,
Амма ду декъаза
доьхкина са.

Со а ву, хьан доцчу
ирсана, бехке,
Хьуна а кхочуш бу
баланаш сан.
Амма вай кхетамца
ца хьовсахь махке,
Ирсаза хирду-кха
даимна цIа.

ТIамо тIедеана
Iазапаш «кхехка»
Ца карош барт болу-
турпала халкъ;
Къонахийн дог-ойла
маршоне техка,
ТIеоьцуш Iожалин
хеназа «тар».

Хьо нохчо хиларна
дозалла хета!
Нохчочун даимна
маьрша ду са!
Деъначу вонах а
собарца кхета,
Я  мехкан орцане
кхоччуш ладугIа!


Вай маца кхетар-те?

Сатийсамийн бIарзе
ойла луьттуш,
ТIеман дорцах ийна
Iаьнан хIо.
Адамаш дац тховса
гIалахь дуьйшуш,
ХIусамашка доьсси
къиза во.

Геннара схьа герзаш
дуьйлуш хеза,
Нохчийн шахьар, йогу
ана йист,
ХьогIе бомба хийла
эвла кхета,
Я юрт ягош кхойкху
екха чIир.

Чатакхийна тача,
беттан серло,
Шоьца дагIац къиза
лелха герз.
Узамашка яьлла
нехан гIело,
Доьлху нана елла,
чевне бер.

Сибрех дуьгуш лайна
Iазап-бала,
Марчо доцуш лайлахь
дисна бер.
ЦIий дIамелла йисна
чалхаш ата,
МостагI веъна нохчо
къиза вен.

Йоьжна Iуьллу-ненан
мара хьерчаш,
Доьлху жима, ц1ийрах
дуьзна бер,
ТIееттало къизчу
герзийн гергаш,
Сан лаьмнашка деъна
ирча де.

МостагIашна шайнах
бохка белла,
Тилла лела дегнаш
доцу нах,
Хьан бехкенна хийла
къонах велла,
Я хьогIонехь маса
вогу да?


Амма хьанна дахар
шозза делла?
Я лахьтичу бахам-
хьал ца хьо.
ХьогIо кхуллуш,
Вай-вовшашка  елла,
къизалла а, хьан-сан
коша гIо.

Сатийсамийн бIарзе
ойла луьттуш,
Велча, хьуна, хир ду
хIора са,
Жоьжахатехь, хьуна,
шайн цIе туьйсуш,
Гойтур ма ду х1ора
даьгна цIа!

Дуьххьара дац тахна
гIала йогу,
Нохчо оьгу я доь
доцуш вов,
МостагIийн ун вайна
даим кхочу,
НаьIалт кхайкхош,               
Лелхаш, йогу бIов.

Исбаьхьачу мехкан хазна еза,
МостагIашна везац, нохчо хьо,
Серлонна ца кхета бода цкъа а,
Я къизалло  муха йовхо  ло?

               
Йоккхачу майраллица,
мостагIашна герз доьттуш
хеназа кхелхинчу Исмаилов
Мовладин безамна.
 

Хьан деган хазна ас йоьшу
 
Балано Iийшина
ла а ца делла,
Хийла да хеназа
кхелхина дIа.
Зама а ца туьгу
бIаьргаш шен белла,
Хьерчаш ду Iазапо
хаьржина къа.

Хьо жима ма-вара
маршонна гIатта,
Амма,ахь, туьйхира
мостагIна герз.
Атта дац адамна
дахарах къаста,
Делахь а къонаха
де эшча ле.

Йохь-сибат, дегIан куц,
садеIар-шовда,
Нене ма-мерза мотт
буьйцура,ахь,
Кхиъна хьо вацара
ирсана вовза,
ХIетте а, махкана
дIаделла са.

Къоршаме дош олуш
уьйрех хервелла,
Де-буьйса кхардаме
ца хилла хьан.
Осала вацара,
юьртана везна,
Наггахь, хьо цIавеъча,
да-нана ган.

ХIун хир ду дуьненахь
доттагIе кхочуш,
Атта ду вовшашца
во-дика ла.
Цхьа а сан вацара,
хьан уьйре кхочуш,
Амма, хьо, хеназа
кхелхина дIа.

Хилла чов, баьлла мо
замано тоьгу,
Делахь а,къонаха
лурвац-кха виц.
Тахна а, хьан деган
хазна ас йоьшу,
Мел веха соьга и
луряц-кха йиц.


Уьйраша доьхкур ду во

Маьршачу дахаре
гIийла сатесна,
Лаьмнашкахь тийжаш ду
шовданаш-хиш,
Ямартчу мостагIчо
дагчу хьагI тесна,
«Кхехкаш» ду мисканийн
эсала цIий.

Хьикмате синIаткъам
хуьлуш бац маьрша,
Шен дикне кхочур ю
хьекъале гIулч!
Латта а лур ду схьа
ца эшош аьрша,
Хан-хене бинехь а
сийсаза къурд.

Шайн дегнийн синIаткъам
аьрхашка буьллуш,
Боккхур бу маршоне
баккханза ког!
Вохор ву мостагIа
керла тIай туьллуш,
Кхетадеш халкъашна
дIовш хилла дог!

МостагIа кхетар ву
Къиношца вогуш,
Шен дагтIе некъ боцуш
цхьа а хир вац.
Доггаха хьагI йоцчу
Халкъан куьг лоцуш,
Уьйрашца «лалор» ду
хьогIонийн даш.

ГIатта а-м бахьна ду,
сан нохчо буьрса!
МостагIа Iадавеш
тоха а даш!
Я яста къизаллин
яхь йоцу «нуьйжа»,
Кхин цкъа а ца даккха
хеназа каш.


Къонахий белла-те биц? 

Осалчийн хьогIоно
ихкина кийра,
Ирсаза баьржина
лехаме некъ,
ВогIу со кханенах
ойла еш тийна,
Ца карош уьйрашна
беркате де.

Маршоне сатесна
кирчина цIийла,
Я хьенан ун хьерча
маьршачу сох?
Зулмечу Iазапехь
халкъ ду сан гIийла,
Массо а, вонийн къурд
Мискачо бо.

Хала ю хьайн наха
кховдийна харцо,
Адамна – адамаш
дацаран хьагI.
Ца яйа вовшашка
хила хьакъ-марзо,
БIарзечу наношка
дог1ийша ла!

Адамаш нах хилча,
хьуна я суна –
Массарна уьйрашца
кхочур ду ирс.
Маьршачу нахана
хьа тоьхна «гIуда»,
Къонахий орцанна
Белла-те биц?


Эшарна маршо

Со адам ду аьлла
тIелаьцна, латта!
Догу хьо, соьгара
гIо-орца доцуш,
Яхь йолуш ца хили
хIора а гIатта,
Сил-хаза къонахий
хеназа богуш.

Декънехь а, хьан Iазап,
герзаца, дагца,
Вайн маршо хьеречу
узаршка яьлла.
КIиллоша доьхки, хьо,
мостагIна маьхза,
Я туьллик хам боцчу
 шайнаша «кхаьлла»!

 Со нохчо хиларна
 ву бехке, хьуна,
 ХьагI йоцчу кийрахь сан
«кхехкарна» маршо.
Я ваьлла вахча а,
ирс хир дац суна,
Дуьненахь, велча а,
хьо ду сан «марчо».

Аса-м ца хиржина
къаьмнашца доттагI,
ХьагI йоцчу уьйраша
хьистина везаш,
ХIора а, адамийн
цхьаъ бен вац мостагI,
Адмалла йоцурш бен,
хьарамло езаш.

Со адам ду аьлла
т1елаьцна, латта,
Догуш ду адамна
эшарна маршо,
Нах боцчу «наха» ирс
лехарна атта,
Огу мохк вайн дегний
шалхачу дарцо.

 
Доьлхур ду

Дика – во листа бен,
даха нах дацахь,
Сихйоьлла бехказло
карор ю вайх.
Соьмана къежначохь
накъостий лацахь,
Марчонна шай доцуш
вуьсур ву «лай».

Къонахчун амалца
ваха хьакъ-нохчо,
Коьрта ду яккхийтар
адмаллин цIе.
Тешаме-уьйр-марзо-
кхолламан йовхо,
Некъашца, диканца
кхочу-кха тIе.

Маларо хазбина
мерза мотт керча,
Амма мел хала ду
дахаран дукъ,
Къонахчун дог бен дац
диканна Iеткъа,
Цхьалха бу хьогIоша
буьйцина «муш».

Йоккха яц, хьан-сан а,
диканийн ларча,
Вовшийн ирс деборна
дина-те хIун?
Хьайн дуьхьа, нахана
динарг цкъа харжа,
КIорга ю нахаца
цатамийн «гIу».

Оьмарехь, я велча
карор ду хьуна,
Мискачу нахе, ахь,
кховдийна куьг.
Сайн дуьхьа, ахь
динарг, ца оьшу суна,
Хьан деган шалхалло
елхийча уьйр.

Чолхечу замано
ихкина некъаш,
Ца боьрзу харцоно
бIарзбина муо,
Цхьа а вац хьогIоно
хьаьстина вехаш,
Доьлхур ду сонталло
кхоьллина во.


Вогур ву мостагI

Дахарехь хьагI йоцчу
уьйраша хьоьстуш,
ХIунда вац ирс долуш
Адам со хилча?
Дикане сатесна-
къоьжа дог хьоьшуш,
ХIун де соь боху-те,
заманан чилла?

Дог эца йиш яцахь
хьомсарчу ненан,
Лараме ца хилча
доьзалан марзо,
Хьаьнга сан хирбу-те
вахаран тешам,
Де-буьйса хьийзича
къизаллин дарцо?

Сийначу алунах
мохк богуш хилча,
Везачу доттагIна
хьарчийча марчо,
Йиш-ваша дисича
чевнашца Iилла,
Алийша, хIун ду сан
сатийса, харжа?

Йижарийн кийрахь а,
даьгча тхан бераш,
Къонахий хеназа,
гIо эшна эгча,
МунепIа нах хилча
мостагIий безаш,
Адамаш, алийша,
муха со ваха?

Ма карзах яьлла, хьо,
къонахийн, зама,
ХIун гIуда хьаьрчи, хьоьх,
декъаза, нохчо?
Муьлха герз-орца ду
т1амна со Iама,
Маьршачу дахаре
буо-бераш хьовзо?

Алийша, адамаш
шоьх муха ала,
Кхин адам догучохь
догуш ца хилча,
Миска нах хьийзабен
къизалла «ата»,
Адамийн дегнаш шун
кийрахь ца хилча?

Бехке ву, со-нохчо,
ваха дог хилча,
Дайшкара дуьйна схьа
езарна маршо.
Амма тхан хьийзадар
тоьур ду хIинца,
Бекхаме гIоттур ю
къонахийн марзо.

Эшор ю харцонаш
дацахь а герзаш,
Доьналла, хьекъал а
тоьур ду тхуна,
Шен мукъме доьрзур ду
собаран мерзаш,
Iазап-во кхочур ду,
мостаг1а, хьуна.

 
    Делахь а

Мел – дукха гездарх а
дахаран некъаш,
Цхьа а да шен доцчу
ирсо ца хьоьсту.
Делахь а, хьакъ хилча
уьйрашца даха,
МостагIчо кхолламаш
х1унда вайн хьоьшу?

Заманца, тIех-атта
 нисделла зовкхаш,
Ваьржина хьо ваьхча
хало тIейогу,
Нехан х1онс кхаьллина
хIиттийна ловзарш,
Мацца цкъа бекхамца
хьо «хьеша» догIу.

Яхь йолчу кIантана
карош ду шена,
Мерзачу вахаран
хьакъ долу гечо.
ЧIир йоцуш-шен махка
воьссича мостагI,
Къонаха ца х1утту
ирсан «жаз» лехьо.

Ирсан урх лаца вай
хиржина некъаш,
Ца хилла уьйрашца
вахаран меха.
Делахь а, къизалла
дахаре Iена,
«Кхехкаш» ю яхь йоцчу
мостагIийн гIера.


Сайн махкахь вогу со

Ирсе со хиллера,
мацца цкъа-хьалха,
Боккхачу даймехкан
йогучохь «цIе».
Къизачу замано
вити со цхьалха,
ТIом-цIеран Iазапо
кхехкабо «хье».

Сийлахьа ма хетта
хIора сайн нохчо,
Муьлххачу къомах нах
безна ву со.
Делахь а, миска халкъ
баланехь кховсо,
МостагIчо нохчичу
тетина бIо.

Дац цуьнан цхьа а къам
нохчо, я жуьгти,
Амма ду бехделла,
сий доцу са.
Эзарнаш кхолламаш
хеназа дуьйхи,
Масанийн доьзалца
дагийна цIа?

Ирсана къежна со
мацца цкъа – хьалха
Ша даймохк бу аьлла
кхайкхича мохк.
Делахь а, Росси хьо,
хиларна шалха,
Жимачу сайн махкахь
вогуш ву со


Барт боцчийн гIело

Къонахна бен бовзац,
ца бевза цкъа а,
Дуьненахь синтеме
вахаран мах,
Къоршаме замано
туьйсина маха,
Хала бу осалчу
нахана ла.

Яхь йоцу адамаш
шайнаша ловзош,
ГIийлачу нахана
1еткъаш ду даш,
МостагIе, са доцу,
шийла куьг кховдош
КIиллочо, де эшча
бухку шен нах.

ДоттагIна тешаме,
мерза хьо ваьхнехь,
Махкана доьжна во
девзар ду хьоь,
КIиллочу ойлано
гура хьо ваьхьнехь,
Йогу хьан хIиллано
йоьттина бIов.

Барт болчу доьзална
хийра ю шалхо,
Амма и боцучохь
бов стеган мах.
МостагIа векал вац
къасточохь харцо,
Бакъонна оьшуш бу
дог долу нах.


Ма декъа ямарта хи

Кхин цкъа а ца гIатта
доттагIа ваьгча,
БIарзечу ойлано       
лоцу хьан дог,
Тешаме,мерзачу
уьйрах д1ахаьдча,
ГIайг1ано Iийжабо
кийрара мо.

МостагIийн къизалло
дагочохь латта,
Хийла воI  хеназа
вожаво цо,
Iожална са дала
дацахь а атта,
Махкана тешаме
хилахьа, хьо!

Миска нах,къонахий
богучу цIергахь,
Хьайн даго ца тоьхнехь
орцане зил,
Маттаца мукъана
мостагIца бертахь,
Ма-декъа,хьайн деган,
ямарта «хи»!

Iеткъар ду, мацца цкъа,
халкъ даьгна денош.
Хьан деган буйхалло
г1орийна уьйр.
Заманца,осалниг
халоно вегош,
Каглур бу хьан ирсан
«мурбоьлла гIуй».


Хьо а ву Iожалло лоцур 

Къонаха хIуттур вац
халонех къехка,
Ла хала хиларна
кхардаме мохь.
Дезачу адамо
йина вас «кхехка»,
Уьйрашна хийра ду
къоршаме дош.

Амма хьайн халкъана
муьтахь хьо вацахь
Дийна, хьо, кхелхина
ларалахь, ахь,   
МостагIчо кховдийна
ямарт куьг лацахь,
хуьлийла дац-кха, хьан,
шайдала мах.
 
Бакъо яц, накъост, хьан,
юьстаха латта,
Iожалло «Iуьйшучохь»
вежарий, дай.
Цкъа а кIант ца кхелха
цалууш ваха,
Амма даш т1еоьцу
ца хила лай.

МостагIа мостагI ву,
Ма-важа цуьнца.
Къахета, хьо бахьнехь,
доьлхучу байх!
Дог дуьзна муха хир,
къизаллин шуьнца?
Хьал хиларх боккхур бу
Iожалло «зайл».


ДогIур ду зен делла де

Iожаллин дуьрст лаца
ма - г1ерта цхьа а,
Iожалло ша лоцуш
хилча хьо-со,
Махкана орцанна
ма вицло цкъа а,
Къиза бу яхь йоцуш
вахаран «мо».

Хьайн берийн-берашка
дикалла кхийла,
Беза бу къонахчун
дахаран мах!
Ден-дай а, хьан дуьхьа,
кирчина цIийла,
Яхь ца луш ягийна
хьогIонийн «вас».

МаьIне дац кIиллочун
кхолламан тача,
Амма, хьо, осала
ма-хилалахь!
Ирс-аьтто хир бу, хьан,
лорур ву наха,
Мехкан са-халкъ дезаш,
хьо кхиалахь!

ХьогIоша «ихкина»
мостагIа лоьхуш,
Тешаме уьйр-марзо
хер а ма-е!
Шен зама хуьлуш ю
харцонаш оьшуш,
ДогIур ду, хьо, хьаста
зен делла де.

               
  Ямарта тур

Уьйрашка ца кхочу
хьогIонийн тача,
Я цIенчу безамо
декъала во!
Мерза бу доттаг1ца
вай бекъна кхача,
ХьагI йоцчу дегнаша
берзабо мо.

Яхь йолу адамаш-
тешаман ага,
Халкъан сий лардечохь
тахкалахь, хьо!
ЦIий доху - мостагIа,
осалчийн хьаша,
Хьан деган буьйхаллехь
догийла во!

Хийла йоI, къонахий
багийна ц1ергахь,
Детташ ду, «саьрмако»,
РогIера  дIовш.
Сан ваша, хьо, цаьрца
муха хир-бертахь,
Хьайн тайпа-тукхаман
ягочохь бIов?

Адамаш хьегадеш
мерзачу уьйрех,
Ца бойтуш хьагI йоцчу
безамах къурд,
Даймохк,хьайн, Iазапехь
богучу муьрехь,
Ма-детта, мунепикъ,
ямарта тур!


Мохк ларбеш къонаха ле

Дорцечу дIо-арахь
шен ц1ийла керчаш,
Ма-жима «бере» ву
Iожалло хьуш,
Шийла хIур айбина
лайн чимаш хьерча,
Амма дац яхь йоцу
гIо-орца гуш.

Маржа яI-кх! нана хьо,
ма-холчохь хир ю,
Хьайн «миска» доьзалхо
хеназа леш.
«Iасанаш Iуьттур ю,
халкъ маьрша хир ду»,-
Баьхна нах-нах боцурш
ларъеш бу пеш.

ТIеман цIе хьаьрчина
кIентан чалх йогу,
Маьхьарца доьлхуш ду
Органан Iин,
Махкана эшначохь
къонаха вогу,
Орцанна ца кхочу
кIиллочун «дин».

Нана, хьо, ма-кхайкха
ваьгначу кIанте,
Цуьнан са бIаьрхишка
хьежа ца ло,
БогIа хьайн цабезам
мостагIчун дагтIе,
Мохк ларбеш-къонаха
Iожалло хьо.


Къонахчун цIе    

Мерзачу уьйраша
са тIома дохуш,
Яхь йолчу адмаша
хьаьстича дог,
ХIун хир ду кхин ирсе
кхолламехь лоруш,
Езачу йоIа а,
 къастийча хьо?

Халкъ хилча маьрша хьан
исбаьхьчу махкахь,
Де эшча доттагIчо
ца тохахь пе,
Во деъна-доьзалах
ца дезахь къаста,
Муьлха бу цул ирсе
вахаран некъ?

Лай санна хьесталуш
осалниг веха,
ТIедоьжча чолхечу
заманан дукъ,
КIиллочо са лардо,
я маршо лехац,
Мел кIорга елахь
Iазапийн «гIу».

Махкана, халкъана
мерза са «доьжна,
Мила ву дуьненахь
къонаха бен?
Мохк ларбеш, мостагIна
шен доза тоьхна,
«Йогу-кха» ирс хьоьрсуш
къонахчун цIе.


Къонаха лара!

Х1ахIак-хIай! цхьа а вац
кIордийна ваха,
Ца туьйсуш ирсечу
дахаре са.
Харцонаш кхийлахь а,
яхь йоцчу наха,
Декъала ма-деза
ша кхуьу цIа.

Вахарал Iожалла
хетахь а атта,
ХьогIоша кховдийча
ца лехна во,
Къонахна хала ду
дуьненах къаста,
Доьзал шен битина
гIорасиз-буо.

Амма шен махка тIе
боьссича бала,
Къизачу мостагIца
«кхехкачохь» тIом,
Хеназа кхелхина
 къонаха лара,
шен цIийца ирсана
ларвинарг, хьо.


Лар йоцу цIий

БIаьстено шовдане,
аренга воьху,
Мерза ю уьйрашца
исбаьхьа хан!
Адмаша дахаран
хазалла йоькъу,
Iаламо жовхарах
кхелича бай.

Чолхечу замано
къиза хьагI «хьоьрсуш»,
Мисканна ца кхочу
садоIу хан.
Адамаш! маьршачу
дахаре доьрзуш,
Декъала маца хир-
нохчочун цIа?

Амма го исбаьхьа
даймехка лаьмнаш,
Сакъера хуьйжуш бу
боьхкинарш мохк,
Яхь йоцурш оьздачу
къонахойх кхаьрдаш,
Хьерчаш ю халкъаха
къизаллин дохк.

Мацца цкъа, мунепикъ,
хьерчар ду хьоьх а,
Халкъана ямарта
кечдина ун.
Халкъо барт хоттур бу
осалчу, хьоьга,
Къахьлур ду  тхан цIийца
хIоттийна шун.

ЙогIур ю бIаьстенаш,
амма, хьо воцуш,
Лахдина  хьан тайпа,
тукхаман сий.
Сонта хьо, къежнехь а
къонаха вогуш,
Ларйоцуш довр ду, хьан,
ямарта цIий.


МостагIчун хьадалча

Дийнахь а, буьйсанна
буьйха «дIовш» туьйсуш,
Нохчашна даьржина
МостагIийн ун,
Дуьнено дихкина
герзаш ду дуьйлуш,
Бехк боцу мисканаш
къизалло «хьуьй».

МостагIийн лай хилла
гай кхаба гIерташ,
Цхьадолчу ко1ано
царна болх бо,
Эхь-бехк шайн доьхкина
сонталлин дерташ,
Халкъана кхуллуш бу
ямарта во.

ХIахIак, шу нохчий ду,
со ала хIоттац,
Нохчочо ца духку
шен къоман сий,
КIиллочух ца хуьлу
тешаме доттагI,
Буьйха ду мацбелча
чIеIачийн цIий.

Жима а, я воккха,
цхьа а бен воцуш,
Талорхойн гIерано
«Iуьйшуш» ду халкъ.
Амма, хьо, вежаш ву
шай а мах боцуш,
Кхардадеш Iазапехь
богучийн «къа».

МостагIца шун доькъуш
ца хуьлу къонах,
Царна и мел лаьтта
дежар ду во.
Нахболу-нах цкъа а
бохкалац соьмах,
Осалчо махкана
зе-зулам до.


Хьакъ ву со махкана вага

Хьуна со ма хьалхе
вицвелла, зама,
Тоьур ду, ахьа сан
 ловзийна некъаш,
Ас хIинца кечдина
сайн деган «гIама»,
Эрна ду харцонца,
хьо, суна тебар.

Уьйр-марзо хьистина
дог паргIат даккха!
Тоьур ду, х1инццалца
ца бина ларам,
Дезар ду, хьан, хIинца
сан пурба даккха,
Йист йоцуш ца хуьлу
эс доцу кхардам.

СинIаткъам гIеттина
ирсан «жаз» хеца,
Дахаран халоно
бахчийна кхоллам,
Суна сайн оьмаран
син маьIна деза,
Даймахке хьестийта
хьагI йоцу хIоллам.

Сан некъийн эс доцу
зама дIатилла,
Ирсечу дахарна
хьакъ бу сан кхоллам,
Мацца цкъа хан еъча
барми тIе вилла,
Некъаша хьоьстийла
хьагI йоцу хIоллам!

Эхартахь карор бу
дог цIена некъаш,
Халкъалахь дуьсур ду
къонахчун маьIна,
Зама хьо, ма-лела
суна кхин текхаш,
Со халкъан маршонна
Эрна ца ваьгна.

Хьеста вай, адамаш,
эсала дегнаш,
Дахаран меха дац
 хьогIаллин моьнаш,
Шу дохко довлалаш,
 къизалла езнарш,
Хедае мостагIийн
ямарта «гIоьмаш»!

Зама хьан, со веза нигат ца хилла,
Сан дегIан меженаш Iазапехь яьгна,
Ца доьху сайн мета лахьте кхин вилла,
Амма, цIий ца кхоош халкъаца ваьгна.


МостагIчо дагор ду цIа

Балано Iийшина
хораме ойла,
Тоьур ду, ма-дара
къийлина дог.
Лаар-кха ирсечу
дахарехь гойла,
Къонахчун яхь йолу
хIора а воI.

Декъазчу сан халкъан,
баланийн «очакх»,
Маьршачу кхолламе
дерзахьа цкъа,
Лардехьа, адамаш
ямартчу вонах,
Тхан байшка мукъана,
догIахьа ла!

Тхан берийн синошкахь
тIеман хьаг «кхехка»,
Хеназа кхелхина
масанийн да?
Ловзарийн метта а
дIаьндаргаш хьерча,
Кхел йоцу къизалла
ю хала ла.

Дуьйлучу герзаша
техкадо ага,
Догуш ду бер хьаста
тIедаьхьна куьг,
Ца йиси хусамаш
нохчичохь яга,
Махкаца бомбанийн
баьржина хIур.

Зама, хьан къизаллех
со-м цец ца вуьйлу,
Дуьххьара хезаш дац
ямарта «гIалх».
Дика-во адмаша
эхарта кхуьйлу,
Iазапехь йогур ю
«д1овш» хилла чалх.

Диканиг, вониг а
лаьтто дIаоьцу,
ХIоранга къастаме
хоттур бу барт,
Яхь йоцчу «нахера»
орца ца кхочу,
Къам доцчу мостагIчо
дагор ду цIа.


Къонахчо лардийр ду сий

МостагIийн Iазапо
ихкина кхоллам,
ДIатаса дезча хьан
сийлахьа мохк,
Даьгначу ирсана
ца хIутту хIоллам,
Ца боьрзу, гIайгIанийн,
сов-дера муо.

Амма,хьоь, кхойкхуш ду
дай баьхна латта,
Да-нана даьгна шайн,
дисина байш…
Бакъволу къонаха
сихлур ву гIатта,
Хадале, ирс лоьху,
маршонан тай.

Дохкалуш чIеIар ду
мунепIа дегнаш,
Осалчо лоцур бу
боцу бехк тIе.
Дехарийн хам хилац
мостагIна гергахь,
Я цхьанне ца оьшу
цIе йоцу кхерч.


Хьайн вонах кхетталца хьо

ТIом-цIеран къизалло
бералла хуьйди,
Ткъа тахна къоналла
«ягайо» цо.
Хийла да хеназа,
хIоъ кхетна вуьйжи,
МостагIчо дика-во
къеста ца во.

Карзахе, хьере ду
адамийн дегнаш,
Ца девза цамгаршка
дирзина во.
Зе-зулам дацахь а
нохчаша лехна,
Ямартчийн буьйхалло
оьхку-кха «муо».

ЦIий-Iаьврийн тачано
кхолламаш худуш,
Шалхачу адмаша
бIарздина халкъ.
Я вашас-вешина
герз муха туху,
Тиларчохь ца хилча
осала нах?

Iеткъаш ду къам доцу-
бехделла цIийраш,
Я цIийца хьайначийн
са доцу во.
МостагIчо баланаш
даима хьийна,
Хьайн вонах, сан нохчо,
кхетталца хьо!

ЖехIална бен а вац
жима, я воккха,
Iожална вожчхьана
нохчо-со-хьо.
Кхеташ ду, бIешарийн
зе-зулам-доккха,
Ямартчийн дегнаша
маршо ца ло.


Говттийша, адамаш!

Хьовсийша, адамаш!
дегнашка берий,
Ца лехна тIеман кхерч
цаьрга ма-кхаьчна,
Хеназчу Iожалло
Маса уьш вери?
Я хьан-сан гIо-орца
царна ца кхаьчна!

Дешнашца дахкалац
къонахийн «суьрташ»,
Амма ю йогуш вайн
товш-хаза кхане.
Юьстаха ма-латта
тIемалойх кхаьрдаш!
Диц ма-ло орцанна,
яхь-гIилкх а ларе.

Маршоне кхойкхуш ду
къонахийн дегнаш,
ГIовттийша, адамаш,
цхьа къам а хилла!
Юха а, мунепикъ
тIом бохьуш веъна,
Кхин белха бIаьрхи а
нанойн ца дисна.

Исбаьхьчу вайн мехкан
хазаллех ийна,
ЖехIалшца тIом бечохь
догуш ду «лоьмаш».
ГIовтта вай, адамаш!
Къонахийн сийнна,
Кегйина дIаяха
къизаллин г1оьмаш!

Хьовсийша, бIаьрг тоха
синошка берийн!
Уьш даьгна дIадевлча
хIун до вай даьхна?
Iожалла йогIур яц
делера йоцург,
Дуьненахь шозза вайх
цхьа а ца ваьхна.


Iеса нах совбевлла махкахь

Вахарна, валарна юккъехь,
Кхоллам бу вониг я дика,
Эхарт ду дахаран тIаьхье,
Iожалла йогIу сов-сиха.

Ца оьшу доцу ирс леха,
Хьарама рицкъа гулдеш,
Къонаха мохк ларбеш веха,
Ял эца шен лахьта хьулдеш.

ДжихIада новкъа воI ваьллехь,
Пурба дац, нана хьо,елха,
МостагIчун Iожалло лаьцнехь,
И декъал хилла ву, кхета!

ТIамо шен «кердигаш» туьйсу,
Дагадо догIмаш я оту,
ЖехIалша хьал-бахам къуьйсу,
Хьо-со а балане лоцу.

КIенташка Даймохк бу кхойкхуш,
Йогуш ю гIаланаш, ярташ,
Iийча а тебна вай, кхоьруш,
Кхочу дерг деккъа цхьа кешнаш.

Даржашкахь нехан цIий «муьйлуш»,
Син «маьрша» хазалла езна,
Нах лебеш, шайн дуьйнаш кхуьйлуш,
Къизалла, аша, ма-еъна.

Делахь а, евзар ю шуна,
Къемат де хIоьттича «гIоьмаш»,
ХIора цуьрг-эшийнарг тхуна,
Доьлхур ду кхана, шун, къинна.

Нохчийн къам къизаллехь догу,
Ций буьйха «нах» бохка белла,
Я акха къизалла кхочу,
Iеса нах махкахь совбевлла?


Муьлхачу цIийрах ду

Дуьне а кхардаме
дIатийна лаьтта,
Ца кхеташ «догучу»
нохчочу къомах.
Адамийн Iазапе
хьоьжу шу атта,
Я даге ца кхочу
шен доцу вонаш?

Да-нана, бо-бераш
хеназа догуш,
Ямартчу мостагIех,
 шу хIунда кхоьру?
ХIунда дац къонахна
гIо-орца кхочуш,
Хьан-сан а сий лардеш
и вогуш хилча?

Дог майрра, махкана
муьтIахь воI хилла,
Декаш ду къонахийн
«АллахIу Акбар!»
ДегIаста, хьо, цхьалха
цкъа а ца йисна,
Деза ду джихIадехь
дахарах къастар.

Хаза ду тхан бераш
дуьне а эццал!
ХIора уьш махкана
тIех-дукха деза.
Хилча халкъ массаьрца
уьйр езаш дехаш,
Бакъо яц, хIора а,
ваго я хьеша.

Лолаллехь тхан синош
цкъа а ца хилла,
Эделла цIий бен дац
эс дайна, сийсаш.
Шен Даймохк къизаллин
барми тIе билла,
Сан нохчо х1уттур вац
ямартло «Iийша».

Дуьне, хьо, кхардаме
хIунда дIатийна,
Муха лов, сил-хаза
адамаш кхелхаш?
Муьлхачу цIийрах ду,
шун дегнаш, хьийна,
ХIунда дац орцане,
Догучохь бераш?
               

             Мичахь бу нах?

Дуьзна дац, шу дузур долуш ца хилла,
ца Iебаш мийларх а адамийн цIий.
«Боркица»  талорхой ма-ч1ог1а тилла,
хийла  воI бехк боцуш хеназа вий.

Хаалаш, тхуна тхайн халкъ дукха деза,
ойла йо нохчийн къам декъала дан.
ДIо-эгна Iохкучу салтех къахета,
жIаьлеша уьш божуш ду хала ла.

Къахета, ма-чIог1а  къахета суна,
кхоам бу-кх, бехке дац лендолу бер!
Йиш хаьлла дехарх а, дош хетац, шуна,
я латий дегнашкахь йоврйоцу «цIе».

Делахь а, юха а ас шоьга доьху:
хIаллака ма-бейша бехказа нах!
Историн къизалло шен бакъо лоьху,
дуьххьара дац хIара, тхо хьийза дар.

Дуьне а кхеташ дац тхоьгарчу хьолех.
эхь-бехк, я къинхетам мичахь бу, нах?
Дахийша-цкъамукъне ямартхойн балех,
маршонна хьакъ хилча тхан миска халкъ.


Хьо везарш карор бу, хьуна

ТIеваха стаг воцуш
дагара дийца,
Доккхачу дуьненахь,
висча хьо цхьаъ,
Ца хаьа суна, кхин
хьаьнга мотт бийца,
Сох кхетар волуш ца
хилча цхьа да.

Ма-дукха хIуманаш
ахчанах оьцу,
Бахамах бохкалуш
тилла-кха нах.
Аса-со ца веза
хьешашка доьху,
Дог дасте хилалаш,
дагIахь сан цIа!

Декъаза, хала а
Хилла сан дахар,
Со «везнарш», ца везаш
бийлина тIех.
Амма чот ца хетта
иштачийн дахар,
Дукха бу со «везарш»
бахамна тIехь.

Юха а карор ду,
суна, шу новкъахь,
Цхьаъ леван пал туьйсуш,
лелачийн «бIо».
Я лаахь, суна шу,
карор ду горахь,
Шалхечу писалло
хьарчийна во.

Сакъоьруш, садоIуш
ма-дукха лелла,
Декъал веш хилла со
везачийн го.
Ца кхоош, адамна
дезахь дог делла,
Цундела, кхолламо
со ирсе во.

Махкана базбелла
боьссича бала,
Герз буйнахь, хIоьтти со
нахаца дIа.
Сан хиллехь, къиношна
гечдийр ду дала,
Ца кхоош, халкъана
даларна са.

Дог цIена хилийша!
дуьненан, къаьмнаш,
Хилийша яхь йолуш
вовшашна ган!
Бехк боцуш, ма-ата!
сан нохчийн лаьмнаш.
Эцалур дац, шоьга,
«маршонан цIа».

Шайн маршо ларъян дIа-
хIиттинчу нахах,
Мостаг1 вай, царна аш
ма-детта герз!
Юхалург даймохк ло,
шоьга ма-бахац,
Я эшац, ахь тхуна
латийна «цIе».

Ахчанах ша вохка
велларг а, кхета,
Декъала хир вац, хьо,
доьхкина халкъ.
Дог цIена, сийлахьа
миска нах беза,
Уьш бу уьш, кхуллуш берш
дахаран бакъ.

ТIеваха стаг воцуш
дагара дийца,
Доккхачу дуьненахь
висча хьо цхьаъ,
Карор бу миска нах,
хьуна мотт бийца,
Марзонах дуьзна дог,
ахь, царна лахь.


ЧIаьнкъаша хIоттийна тезет

ЧIаьнкъаша тIемалойх
бандиташ олу,
Ца вуьтуш хилча ша
зуламаш даржо,
Вайн къийсам, Iенна цIий,
туьйране доху,
луучо сом бахьнехь
къизалла яржо.

ГIан-набарх санна бен
гурдац-кха, хьуна,
Даимна «туьйране»
хилла сан къам а.
Гойла дац лазамаш
чIаьнкъечу гонна,
МостагIчо бехйина
историн лар а.

Шовданах-хуьлуш ду
турпала дегнаш,
Яхь ца луш воккхачо,
я жимчу беро.
Амма тIом – къизалло
дагадо кхерчаш,
Бер-воккха «аьхьна» нах
чордакхчу хьеро.

Дин дезаш бехачу
бусулба наха,
ТIех-деза лерина
г1азотехь кхалхар.
Делахь а, битийша,
нах гIоза баха!
Ца кхардош хеназчу
Iожаллин «халхар».

Вайн коьртехь хиларх а,
нохчо я монгол,
Бен а ма-дацара
стаг велахьара,
Мегар вар-кх президент
хилча а ангол,
Бакъволчу нохчочун
дог делахьара.

Мегар ву…амма ца
оьшу-кха тхуна,
Бехк боцчу нехан цIий
Iенийна чIаьнкъа.
ХIуъа а ца кхоош
лурдар-кха, хьуна,
Дог лозуш велхьара
«мискачу» халкъах.

ТIемалойн сий-ларам
лахба ма-гIерта,
Бандиташ халкъана
орцаха бовлац!
Къола до, лелха уьш
хьеннан а керта,
Маршо я къоман сий
царна ма-довзац.

Цхьанггара мохк баккха,
ТIемалой гIертац,
Ца оьшу къизалло
Iийшина сом а.
Къонахна шен мехкан
маршо ма-еза,
Къизаллин яхь йоцу
Шалхо ца еза.


ЖехIалийн ловзар

Дуьнене, дахаре
маьрша ког хецна,
«Ловзадеш» заманан
сов-башха дукъ,
Шайн дегнийн мерза урх
ма торру хецна,
Дехара адамаш
харцо ца гуш.

Жимма а са чохь дерг
вацара миска,
ХIоранна шен эсо
боьллура некъ.
Ткъа осал хиллачохь
хьан дина хиъна,
Замано дIадоккху
хьалхара текх.

Кхетаман хьаьркаша
«пиллигаш» ловзош,
Уьйраша хьоьстура
дог санна-дог.
Амма вай  цIеххьана
Iазапо хьовзош,
Доьссира мостагIийн
ямарта во.

КIезга яц тхан уьйраш
доьзалшца оьрсийн,
Масане нислуш бу
дахаран зил!
ХIун гIуда хьаьрчи-те
хIусмашка нохчийн,
Маса б1е-эзар, шун,
къизалло вий?

Сан къоман легашка
цIубдарах летта,
Ца Iебаш, цIий муьйлуш
даим ю хьо.
Зама яц адамех,
хьуна, къахетта,
Хьан цIийца дехаш ду
эс доцу вон.

Аш тахна хIоттийна
Iазапийн «хелхар»,
Сан нохчийн баланна,
гIайг1анна тIехь,
Чордакхчу жехIалшна
гойла дац белхар,
Къизалло ца хоьржу
воккха, я бер.

Нах йоцу чIаьнкъанаш,
шоьца барт хилла,
Мел бажарх ца Iебаш
бугIуш бу бохь.
Сан нохчо ца хилла
цкъа а, сил тIилла,
Кховдабарх замано
мел беза мохь.

Цхьаъ хаьа адамна
ша адам хилча,
Цхьаммо а, цхьанххьа а
кхуллур дац во.
Яхь-гIиллакх, стогалла
йоцучийн чилла,
Нах боцчу нахана
цкъа а ца го.


ТIом хилац мостагIа воцуш

Зама яц нохчаша
махка тIом бехна,
Я дахар ца дезаш
хьа бина и?
Дуьнено дихкина-
кхийсича герзаш,
Къонахчо даьккхира
шен ненан «хи».

И бIаьрхи дацара
маршо ца езаш,
Махкана кхоийна
хьомсара воI.
Амма мел хала ду
доьзалах хедаш,
Мухха а, хьанна а
Iовжорах дог.

Цхьа-ши стаг, кхо-виъ а
хир тIеман бахьна?
Амма и нохчаша
балийна бац.
Шаьш чалахь бинарш бу
дуьненна хьаьхнарш,
Къизаллийн ца хуьлу
къинхетам, къам.

МостагIий даимна
ун хилла сийса,
Эс доцчу адамех
бина шайн лайш.
Мел дукха адамаш
делхахь а, тийжаш,
Са доцчу жехIалша
лур дац-кха тай.

Варягаш, венедаш,
тюркаш уьш хуьлда,
Я вай а, Египтан
пирIунах-Мин…
Цхьаъ хаьа, къонахий
ца буьйлу «тулгIа»
Ца дезаш, я Iано
цхьаннан а ц1ий.

Ма-дийца, сан нохчо,
тIом хилла бохуш,
Кхо эзар шо сов ду
вай тIемаш бен.
Ма-лиъи, ледина
вай махках доху,
Мила ву тахна а,
ца дуьтуш Iен?

Къонахий емал беш
осалниг веха,
Шехь долчу рицкъанна
кхетам а бу.
Амма дог, дог санна
даимна деха
Мехкан во ла цунна
мел хала ду.

Кхо эзар шо хьалха,
цул хьалха хIун ду?
Мичара схьадогIу
адамаш вайн?
Коьрта дац боху, ахь,
истории х1ун ю,
ТIелаца ворхIе да
велхийна лайш?

Ахь дуьйцурш,хьоь хетарш
тIемлошна дагIац,
Нах даим хуьлуш бу
нах санна-нах!
Iилманча, доьху ас,
нагахь ницкъ кхачахь,
Топ-молха эккхале
лар де халкъ-цIа.






               
               





               


Рецензии