Книга-50. Дай кхерч на чеченском языке

Некъ бу вайн дахар
Бодане некъ бу вайн дахар
Вай-м кхин т1еъ бодане бан г1ерта и
Буьсур бу бахам
Къацхетарш буур бу бахам
Дуьненан кийрара хьан метта вог1ур ву кхин

***

Кхайкхича аз хезаш делара цхьанний а!
Сайна а и сай аз - ца хеза суна!
"Йист йоцчу балано лоцур ву хьуна
Моьттуш верг - гуттара лаьттар ю кхане а"!

***

Моттура вузур вац цкъа а,-
Вуьзи-кх со,
Гуттар а меца саъ дузуш!
Дог1ано дузадо латта
Латтано бузур бу кийра
Балано дузадо са.

***

Дог1ане х1оьттийна
со стенна лаьтта-те,
бахьна а доцуш?!

Пен стенна боьттина
Ахь хьайга хаттахьа,
Дог схьа а лоцуш...

Суна-м ца оьшур оьг1азе марха
Ма ч1ог1а хилла хьо, сан ойла, аьрха...

***

Йиш елар-кх,
 дог1анца
 хи хилла 1ана,
Дуьненнаъ д1акхачош дог.
Йиш елар-кх кийча хила кхана,
1ожалло шаршийча ког!

***

Йижина, д1атийна Гуьмси.
Г1ийлий бе ца леста г1а.
Дог ойла д1аэло цуьнца:
Суна а го цуьнан г1ан.

Хьелош бу, сан къина, ц1ерпошт.
Хаало: дохлур ду де,
Аьхкенан лаамаш тебеш.
Сан ойла ма сиха ле!

Схьахьаьда цхьа къийгийн тоба,
Гуттара новкъахь ду вай.
Я, Аллах1, ма ч1ог1а кхоба
Ахь хьайга сатуьйсу лай.

Чан г1аттош д1аяха машен.
Урамехь адамаш го.
1уьйрено вайн г1енаш даши,
Тхан г1енаш ахь стенга хьо?!

Полларчий г1овтташ ду корехь,
Д1абетташ аьнгалех т1ам...
Ма сиха вай х1уьтту гуора,
Х1ай, адмийн поллалчийн къам!!

Цагучу пенаш вай сецадо
Ц1е йоцчу баланаш хьой!
Вай х1унда и ойла лие ца йо?
1аламан и къаьмнаш гой?!

Я суна тарделла иштта,
Киегийча сайн г1ийла дог.
Х1ара дуьне, х1ара г1ийла г1ишло!-
Ма ч1ог1а базби ахь ког!

***

Доьлу вай дилхина довлалий;
Даьлхадо деларан нур,
Диканна баттара къовлалий,
Зуламна схьадоккху тур

***

Хьан б1аьргех мел даьлла хи
Тоьур дуй 1ожаллин мехха?
Ма уллехь хиллера и,
Моьттура хан йисна ехха!!
 
Беллачех хьийгира вай
Са хьовзош, гатдича дуьне.
Ма ирсе хиллера сай,
Иччархойх хьулбелла хьуьнах!

Стигал а боданехь йов,
Кхачало, йилхина, марха..
Ма деха лаьтта вайн дов,
Ма доца хила вай дахар.

***

Д1адайна д1адели стиглара хьоза...
Муьлхачу махкахьа бен кари вайна?
Тишдела хьан дагчохь деза хилла йоза
Х1ай, зама! Вайшиннах мила ву вайнарг?!

Ширделла йозанаш д1алуьсту аса
Хьажийша,ма хуьйца замано... лай!?
Хета-кха наггахьа - валар-кха ганза
Сихделла кхачадо и и дахар сайн

Минотехь тийналлин зама ца лаьтта
Ца саца дендина 1аламан дог
Алахьа, ленвоцург, хьо стенах кхаьтта
Ца хаъ-те йохьанца шершиний ког?!

Хьошалг1ахь хилла вай сени чохь кхаьрсташ
Ма к1езга диси вай, юьхьанца хиллачех
Вай вовшах деттало - денна а къаьста
Вай вовше 1ехало дуьненан   Х1илланех

1ехавехь кхин а со, йист йоцу зама
Алахьа айхьи бен ца олу илли
Г1алартехь гайтахьа хьан да, сан нана...
Аттабехь базло мохь, сурт мукъне диллий

Тишдела хьан дагчохь деза хилла йоза
Х1ай, зама! Вайшиннах мила ву вайнарг?!
Д1адайна д1адели стиглара хьоза...
Муьлхачу махкахьа бен карор вайна?

Доттаг1е Ахматукаев Адаме

***

Нана ю т1аьххьара йицлуш ерг
Ойланца, дагаца, маттаца.
Ц1еххьана аз хезий хийцалой,
Ц1е йоцчу балано гатдо са.

Ненан мотт, хьо мехкан аз ду-кха!!
Ненан мотт - хьо деган ц1ий ду-кха!
Ма доггах ахь б1аьргаш къарздора
Ма доггах жималлин сий дора

Хеназа баьккхина том санна

***

Лоха кор

Хьо йоцуш д1адоьду дахар!..
Ма гена ели хьо, нана!
Стиглара йилхина марха
Юха а йог1ур ю кхана...

Сан б1архиш д1ахуда латта,
Алахьа: и даьлла зезаг
Юха а дуй-теша хаттар,
Я баьгна денлуш бу безам?!

Припев:
Ма г1ийла 1ийра хьо, хьомсара нана
Лохачу коре а хиъна
Ткъа суна-м юха а лиъна,
Хьо корехь хуьлийла, ц1авог1уш кхана!

Къинт1ера яьллий-те, сатийситарна?
Ма к1орга хета-кха ас йина чевнаш!
Къинт1ера ялахьа, хьо суна ца гарна,
Йиш йоьхна хийла ахь къайлаха кхойкхуш


Ма лекха хета и лаьмнаш,
Ма еса д1атийна хьаннаш...
Ма хьоме хиллера лелларш,
Ма гена хилла вай нанна...

Хьо йоцуш д1адоьду дахар!..
Ма гена ели хьо, нана!
Стиглара йилхина марха
Юха а йог1ур ю кхана...

Припев:
Ма г1ийла 1ийра хьо, хьомсара нана
Лохачу коре а хиъна
Ткъа суна-м юха а лиъна,
Хьо корехь хуьлийла, ц1авог1уш кхана!

Къинт1ера яьллий-те, сатийситарна?
Ма к1орга хета-кха ас йина чевнаш!
Къинт1ера ялахьа, хьо суна ца гарна,
Йиш йоьхна хийла ахь къайлаха кхойкхуш.


Докаев Мохьмадин (Бекистера Мохьмад) нанна 1абдатна сина лерина.

***

Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка

(Туьйра)

Матардоьллачу диттана уллехь ехаш хилла 1аьржа чхьевриг. Шо шери даьлла иккхина йоьдуш хилла зама, чхьевриге цхьаммо маре ца кховдош.

Буьйсанна и гуш ца хилла 1аьржа хиларна. Дийнахь гича, "буса ма гарга!!" олий, гинарг а, къехкаш хилла.

ша динчух бен захалуо хила ца долла аьлла, тохаелла  1аьпжа чхьевриг. Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка аьлла шена ц1е а тиллина, катоьхна ялх зинтиг а доьжна к1ойсаки ворданах, маре яха ара яьлла 1аьржа чхьевриг.

"Х1ойц" олуш, зинтагий а чехош, х1ара ворданахь лаьллана йог1уш гина бежа1у цецваьлла.

- Х1е йоьду 1аьржа чхьевриг! - аьлла мохь тоьхна цуо вай хьеше, - ахьа х1у леладо?
 
Жоп делара 1аьржа чхьеврагуо куро:
- Чхьеврагалла 1аржлойла хьо, хеназа вакъалойла хьо, со чхьевриг мел яцахь!

Гуттар а цецваььла бежа1у:
- ва, мила ю хьо,- къамеле ваьлла и.

- Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка ю ша, мари яха араяьлла а ю ша, аьлла жоп делла чхьевраго бежа1уне.

Б1аьрг буьзана цу къамело а, гучу тамашийна суьрто а бежа1уьна.
Элар боху цуо:
- соьга йог1ар яцар хьо мари? - аьлла.

- хуур ду- кх, аьх оьг1аза вахча, х1ун дийра ду хьаьжжана,  - аьлла жоьпе елара вай нус.

 Д1аса а хьаьжна, г1аж гайтар беж1уьно:
- Х1ара сайн бежа1уьнан г1аж тухура ю-кх аса хьуна оьг1аза вахча,

Реза ца хилара  Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка цу девна:
- Х1ан-х1а, - элира ч1евраго, - ца йог1а со хьоьна а, бежа1у!

Лаьллана йоьдуш, текхечира и жа1уна. Цаьцваьлла къамеле велира жа1у:
- Х1е-е йоьду, 1аьржа чхьевриг, ахь х1ун леладо? - аьлла.

- Чхьевригалла 1аржалойла хьо, хеназа вакъалойла хьо, со чхьевриг маьл елахь, - аьлла карзахелира чхьаьвриг.

- Ъ-вай, х1ун ю хьо тхаккха, - аьлла вуьхира жа1у?
-  Сарийсу Лечи йо1Анна-Мажубийка ю со. Мари яха араяьлла а ю. Хьол хьалха бежа1а ца яха со.

- Соьга йог1ур яцара хьо? - аьлла т1евирзира жа1у, йо1 къуьйсуш юй ма хиънехь.

- Хуур ду-кх ахь оьг1аз вахча х1ун тухура ю дийцича, - жоп делира вай несо.

- Х1ара сайн жа1уьнан г1аж тухур ю-кх,- аьлла жоп делира жа1уьно, д1аса а хьаьжна.

- Х1ан-х1а,- аьлла я1ана ластийра Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийкас, - и дов а соь лалур дац.

Кхин а бехха некъ бира вайн несо, кха т1е кхаччалц, дуьхьал мукхадахк кхетталц.

Цаьцбелира и, къамеле белира:
- Х1е-е, йоьду 1аьржа чхьевриг, ахь х1ун леладо, аьлла.

- Чхьевригал 1аржалойла хьо, хеназа вакъалойла хьо со чхьевриг маьл елахь, - аьлла даръелира чхьевриг.

- Ъ-ва х1ун ю хьо?
- Сарийсу Лечи йо1 Анна- Мажубийка ю со, мари яха араяьлла а ю. Хьуна т1е кхачале масех захало юхатоьхна а ю.

- Соьга йог1ур яцара хьо,- хаьттира мукхадехко.
- Хуур ду-кх, ахь оьг1аза бахча х1ун дийра ду хьаьжжина.

- Мазла а 1оьттина, х1ара сайн ц1ога тухур ду-кх аьлла, жоп делира мукхадахкуо.

- Хьоьга йог1у ша, - т1етевжира чхьевриг.

Иштта х1орш бертахь деха-аш, т1екхечира 1а. Дахкуо аьхкануо лечкъийна ялтанаш кхачийча, къамеле белира и:

- Хи йисте а г1ой к1удал юзий хи да вайна, аса лулахочуьнан сайри чу а баьлла, бага юззина ахьар дахьар ду вайна - сискал ер ахь вайшинна, Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка.

Б1аьстенан хотта бара арахь. Хинна герга г1оьртина йолу чхьевриг, хоттануо ког а льцна йисира. Важа ког г1ортийра цуо, и схьабаккха г1ерташ: и а чохь бисира. Кхозлаг1а, боьалг1а а, пхоьалг1а, ялхалг1а а - чохь бисира. Мохь бетта елира и. Еххара гира цунна хотталахула воьду говранахь бере. Къамеле елира чхьевриг, де доьхна.

- х1е-е воьду бере! Алахь сан х1усамдега - Мукхадехке - цуьнан зуда, Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка, хи эца яханчохь, хотто лаьцна алий!

Гуш аддам а доцуш, цецваьлла вехха д1асахьийжира бере, говро а хьийзош.
Воьдучига д1акхаьчча, дийцира хьешо гуш аддам а доцуш, шена Сарийсу Лечи йо1Анна-Мажубийкий г1о доьхуш хазар.

Х1усамден сайри чохь мукх лачкъош боллучу мукхадехкана хезара и къамел.
Иккхина д1акхечира и хи йисте, хотталахь йоллур чхьевриг. Озийра майрачо чхьевриган ког хотталар - т1ера схьабелира. Шолг1аниг озийрв - схьабнлира ког, яллхий а ког схьабелира - хоттано д1а ца хоьцуш.

Корта а лаьцна озийра цо шен зуда - корта а схьабелира. Цкъа боьхна хьаьвзив мукха дахк, т1аккха куьг а а ластийна, т1е ког а хьаькхна, д1ашарбира цо хотта.

***

В чаще сердца

Стигланаш йозанах юьзна.
Мацъелла ойланан борз.
Дог эккха доллуш ду - дуьзна
Безамах ца хуьлуш орца.

Все небо в письменах священных...
Голодный разум волком смотрит в нас...
И сердце рвет грохочущие вены,
Беспомощной любовью опьянясь...

***


ЗаплАчу... Разве сердцу легче станет

ЗаплАчу... Разве сердцу легче станет?
А растеряюсь - станет тверже шаг?
Как птица рвется к милой сердце-память
И завеса спадает на глазах

на чеченском:

Вилхича талур дуй дуохийна дог?
Со воьхча бакхлур буй хьо йолчи ког?
Йиш яц сан-м хан яйъа ойланий дозанехь
Хьо йолчу уьда са аьрхачу хьозанах

***


Боданан кхаба

1аьржачу лаьттах
Буьйлу бес-беса тоьмаш.
Кхаба ю бода?

Из черной земли
Всходят пестрые плоды.
Тьма - кувшин красок!

***

Дуьне-дог сердце и мир

Сих ма ло Дуьне!
Ян и дог ду сан,
Вохаван г1ерташ?!

О, мир, не спеши!
Иль это сердце
Бьется птицею?


***

Заманан тулг1е волны времени

Хи санна идош
Замано д1ахьош ду-кха
Вай хаза денош

Как волны реки
Уносятся временем
Волшебные дни

***

Лаьмнаш схьахьоьжу

Дагчу лаьмнашка
Хьоьжу со гена-генна…
Лаьмнаш схьахьоьжу

На горы в сердце
Смотрю я далеко-вдаль
Горы смотрят вслед

***

Ц1ена б1аьрг

Х1инцц динчу беран
Ц1ена б1аьрг санна хьоьжу
Соьга стигланаш

***

Шепот травы

Б1аьсте х1ун ю-те?!-
Зезаг лепа, буц сенло...
Делла са денло

Весна... что это?
Смех цветка, шепот травы...
Жизнь возродилась.
В роднике сердца

Ойланаш кхачо
Шо-заманан ницкъ кхачац
...Хьан озан шовда

Смогут ли годы
Охладить твои думы
В роднике сердца

***

Баланан беза мохь

Доттаг1, ма ойлане вахна-кх хьо!..
Шарашкахь ца йоьрзу ойланаш
Баланан беза мохь ахь гулбеш хьо...
Парг1ато ца йог1у мел хийцарх г1ойланаш

Друг мой, друг мой, как ты загрустил
В думах, что годы не лечат
Тяжким грузом горя загрузил
Твое изголовье вечер

***

Диттийн томмаг1наш

Диттийн томмаг1наш
Бодан шаршу т1ехь догу
Т1аьххьар серлонца.

Пятна деревьев
Горят последним светом.
На холсте ночи

***


1ожалла

1ожалла, 1ожалла, хьо хьие-м ца елла?
Йицъелла лиела хьо? Ян со ву велла?
Стигланаш иэт1аеш хьо йог1ур тиеша?
Ян лаьттахь тебна хьо сан кога к1елла?!.

1ожалла, х1ара дуьне ахь горга дина.
Адамна т1ера д1а дерриг халкъ гина
Дахаро 1ехийнарг ахь гуора вуожийна
Де хууш хилларг а ваьлхина къина


***

Если я стану говорит о тебе

Если я стану говорит о тебе
Хватит ли жизни?
Если захочу сказать твое имя
Хватит ли голоса?

Что ищут твои глаза,
Расскажи,
О чем они говорят?
Скажи, ты тоскуешь,
Когда ... его нет?

Мне бы позвать тебя,
Пусть ты ответишь только
Своим нежным откликом "Hhhmmm?"!
Птицы, просыпаясь,
Пили твои слезы...

Мир станет пеплом
В пламени этой любви:
Наши сердца, как поспевшие плоды
Пали на твой алтарь.

И куда ты хотела убежать
От сердца, полного страсти?
Что зовет утро
На твое холодное ложе?

Если я стану говорит о тебе
Хватит ли жизни?


Оригинал:

Хьо йийца ваьлча со
Тоьур дуй дахар?
Ц1е яккха лиъча
Тоьур дуй аз?
Х1ун лоьху хьан б1аьргаш,
Дийцахь, х1ун бахар.
Сагатлой алахьа
Хан яьлча ваз?

Хьоь кхайкха йиш елар
Ахь "х1мм" бен ца олуш...
Хьан б1аьра хиш мелар
Олхазарш, самдовлуш.

Делла дала хьо, дуьне
Безамах даьгна.
Том санна хьан шуьне
Тхан дегнаш аьгна.

Хьо стенга г1ур яра
Кийрарчу ойланах?
Х1ун кхойкху 1уьйренуо
Хьан шийла г1ойланга?!

***

А может, это сердце плачет

А может, это сердце плачет
Любви разбитой песней?!
Но это ничего не значит...
Лишь юркнет ящерицей месяц
В окне холодною удачей...

Дог дуй-те и доьлхург, -
Кагйелла безаман экъа?
Я шело ю-те хьан - моьлкъанах -
Схьалелха некъаха..


***

Последние капли дождя остались в небе

Последние капли дождя
Остались в небе...
Их бережно уносили с собой
в чужие страны
ласточки
на своих тонких крыльях...
Прощай, сентябрь!


На чеченском:

Дог1анан т1аьххьара т1адамаш
Дисира стиглахь...
Ч1ег1ардигаш
Лерррина д1ахьуш ду уьш
Дуткъачу т1емашт1ехь
Генарчу махка...
1одика йойла шу...

***

Не всё мои птицы увидели с неба

Не всё
мои птицы
увидели с неба,
Кружась над тобою:
Меня,
Обреченного
Вечно скитаться
В твоих глазах...
И - небо,
которое ты искала...


На чеченском:

Дерриг а ца гуора
Сан олхазаршна,
Стиглара хьежарх а...
Гуо туьйсуш
Хьан коьрта тоьхула
Хьийзаш:
Со,
хьан б1аьргаш чохь
Тилвелла,
Гуттар а висина волу...
Стигал а,
Хьан б1аьргаш лоху...

***

Стихи на чеченском языке

Полларчий хилла д1асадевла денош...
Ма сиха делла вай, дилха дог 1енош!

***

Х1ун маь1на долуш, седарчий, алийша соьга:
Сел генар схьакъегаш, стигланан шаршо аш тоьгу?

***

Со витий, 1уьйренан боданца, ма г1уолахь,!
Ма г1уолах, делкъенна т1ехьа а х1оттий!
Х1ун аьлла кхойкху хьоь, сан нана, г1арг1улеш?!
Елалуохь, сан дагчу къинхетам боттий

***

Суна-м лаьар, йоккха-мама
Т1ерг1а пасат тиега 1ама...
Ахьа-м соьга йижа олу!
Со д1айижча - ара йолу...

***

Дог дуй-те и доьлхург?
Кагйелла безаман экъа?
Я шело хьан - моьлкъанах -
Схьалелха некъаха

***

Ма дийца, бехира даго...
Ша-м ч1ог1а дилхира...

Ма хьежа, бехира дагуо,
Хьан хаза б1аьра...

Ша-м г1ийла хьийжира т1ехьа
Къоранца лилхира...

Ма хьийзахь доьхна дог...
Хьан стом бу аьрга...

Дахделчу 1аьнуо
Гуобина хьуна

***

Со-м иштта веха,
Вала а ца везаш санна...
Гуьйренаш-м д1ауьду
Эгадеш г1аш.

Со-м иштта веха,
Самавуьйлуш цхьа к1еззиг ханна!
Ткъа дуьне-м хиллера
Масарна даьккхина каш!

2

Со-м иштта веха
Гуттаре сайн йолуш санна...
Ц1е йоцуш буьсу малх
Ког х1отто ца хилча т1ай...

Х1ара дахар хиллий-те
Кханенан дуьненах... данне а?! -
Г1елбелла садаккха
1индаг1е х1оьттийна сай.

Перевод вольный:

1

Я так живу,
Как будто я бессмертен...
А осень вновь
Роняет мне листву.

Я так живу, -
На миг проснется сердце.
А мир могилой
Оказался, друг!

2

Я так живу,
Как будто вечность с нами,
Затеяла
Забавную игру

Но эта жизнь -
Мираж перед глазами.
Как лань, на миг
Уснувшая, мой друг!

 2014/03/17/770


Рецензии
Яндарбиев, говорят писал стихи на чеченском, пока его Тутин не взорвал в Катаре... :)

Андрей Российский   12.07.2014 01:32     Заявить о нарушении
да. они друг другу много кровушки попортили))

Ваха Докаев Шалавдиевич   12.07.2014 15:22   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.