Чарпана т1аьхьах1иттича
Шовкъан чарпах безам тарбеш,
Вовшахкхийти къона шиъ,
Дегнаш-- чучча, вовшийн ц1арт1ехь
Беттанаш а девли,--биъ...
Кхин ца тоьи довха дешнаш,
Хьестарех а дуьйли хи.
Доьзалх бухаюьтуш херцарш,
Кхолламо шен хьукма ди.
Маржа йа1, шу, сонта г1улчаш!
Жам1аш--дагахьбалламен.
Харцлуьй, тешна, полан г1уьлгаш,--
Вай и дагахь латтадей:
Ирсан варда харццале,
Отуш кхоллам ангалин.
Ваьшна кхагар 1атккъале,
Хаьдча ирсан гаьнгали.
Свидетельство о публикации №114070209018