Триптих
Берана хьажийна дикаболх
Кховдабе аш цуьнан нене,--
Д1акхочур бу иза т1аккха.
Ненехь некъ хедар бу зуламан--
Шен ирс а хеташ!--
Цаьршинна юккъе И нислахь
2
К1ентан сий ойу кхаъ
Дуьххьара нене аш баккха.
К1ант сийсаз хуьлуш дерг
Варийлаш, багах ма даккха!
Маьхкарша к1ант къуьйсу,алий,
Х1умма дац,--пуьташ а ботта!
Ткъа дика аг1онаш йагарйеш
П1елгаш сеттаде шортта.
3
Ч1ирйоцу декхарш т1ехьерчо
Маржа я1, ду-кх вай ларош!
...Муха ца хир бара к1ентийн мах
Боллучул наноша хадош!
Свидетельство о публикации №114070104711