Т1аккха цо элира...
Пашаев Нурдина
Тоьхна охьавилли дас
Шен цхьаъ бен воцу во1
(Цахууш, тилкхазло яьлла).
Лазийна 1уьллушверг
Г1аттавеш, боху цо,
Къахетар коьрте а даьлла:
"Ванах, к1ант, нисдаллал
Нислуш сан хилча,
Хьо лазош тохар,
Велира хьо ас лаьцна
Вайн-атта вог1уш,
Ненан гихь мохь хилар
Бен- башха доцуш;
Х1усамехь хиъна 1аш
Хьайн хьешел баьрчехь;
Воккхастаг к1оршаме
Човхор хьох даьлча;
Йе нехан бахамна
Тиебачохь лаьцна;
Ямартло йан кийча
Волчохь т1екхаьчна...
Ва суна х1ун хаьа,
Дага уьш дог1ий..?
Айса хьо 1овжоро
Сан-м дог ма дохий".
Т1аккха цо элира:
"Дера ма велира...
Делира сох тохар-ам хьуна,
И бахьнаш ма луолахь суна".
Свидетельство о публикации №114070104691