Ачхой-Марта на чеч. яз
Буьйсано сан сингаттам 1ийжош,
Тийналлийца дуьллу хьа сурт,
Хьоьсту ойла сатийсам хьийзош,
Набозийна тийна ю юрт.
Седа бужу Мартана хи ловзош,
Бетта са ду хьан б1аьргашна чохь.
Сан дог-ойла безамца хьовзош,
Хьомениг, хьан сурт ду дагна чохь.
Бетта сано набарах къехкош,
Юй техьа хьо сан ойла еш.
Седарчаша маьнга а техкош,
Сан ц1е юй те ахьа шабарш деш.
Ойла йижош, синмаршо лоьхуш,
Вицвина те даимна со.
Кхинарг хьайна кхолламе воьхуш
Лела техьа тилъелла хьо.
Свидетельство о публикации №114061305240