Сайд-Мухьаммадан ши шо кхочуш
Дуьнент1е ца вог1уш 1ийна,
Жима Къонах вовза лаахь,
Сиха дуьйла, той вайн даа.
Сайд-Мухьаммад ву т1ехговза,
Х1инцале "компьютерх" ловзу.
Садаржале,г1оттий 1уьйрре,
Дезаршца и волу уьйре.
Д1айолаеш дийнан юьхь ша,
Бишешца цуо юьлу юьхь шен.
Щетка къуьйлуш жимчу буйнахь,
К1амдо доьлаш, 1енош туйнаш.
Ца дойтуш кхин шега дехарш,
Воьдий х1утту кего пхьег1аш.
Бакъду, хуьлу везаш човхо,
Даош шурин худар довха.
Хьехар дина баккхийчара,
Лелабо чохь хьайбан сара.
Сайд-Муххьамад вон ца лелахь,
Сара ахьа хьа ма белахь.
Свидетельство о публикации №114020704707
Ларамца
Заира Ибрагимова 10.02.2014 00:33 Заявить о нарушении
Петимат Абубакарова 12.02.2014 15:26 Заявить о нарушении