Довза 1алам!
Хьовса,бераш,1алам довза,
Же ма 1елаш, каде хьовза,
Къастор ву шух ,вериг говза.
Хьанна девза леча,маккхал,
Г1ирг1а,дарта, хенак1ур?
Хуучара кхин ц1е яккхал,
1алам дезарг- вайна гур.
Алал,х1ун ю к1айдарг,баппа,
Ц1енлерг,алзам,алц1езам,
Х1ун ю т1аккха хьайба,шаптал,
Динберг,ц1азам,доьразам?
Хаьий шуна х1ун ю экха,
Салор,д1ама,бецапхьид?
Девзий дешнаш х1уттут,текхарг,
Набард1ама,уьнт1апхьид?
Кхин д1а дийца, х1ун ю сосакх,
Тарсал,г1ела, ц1оькъалом ?
Хезний ц1ераш-тоти,тодакх,
Дингад, була,шаткъа,лом?
Сан доттаг1ий, хьоме бераш,
1алам дицдай кхин ма 1елаш.
Кхин цкъа иза оьг1аз додахь,
Цуо т1ехоьцур бу шен бода.
2008 шо
Свидетельство о публикации №114010510534
isht bajtashca x1u"a 1amo dac xal)
mel dik x"exarxoj ju x'o , Petimat.
Shaj irs dukhx x'a desharxoj dolu bere (*_*)
Дашо Аргунская 06.01.2014 13:28 Заявить о нарушении
Сайн ма-хуьллу цу берашна товриг дан г1ерташ къа-м хьоьгу ас,дуккха а
хьехархоша санна.Ткъа дика адамаш хьан ницкъех тешаро,кхин а алсам доккху къахьегар.Баркалла хьуна,сан Йиша.
Петимат Абубакарова 07.01.2014 21:47 Заявить о нарушении