Йист йоцу ойланаш
Сан коьртехь шайн бала, цара белхабо
Аш х1у де боху те? Витийша ч1е1а
Дахаран да хила витийша со.
Хийла ас луьстур ю д1аяхна зама,
Ца 1ебаш дуьйцур ду хилларг а, лелларг а.
Амма со вицвина д1айодахь, нана,
Карор бац дуьненчохь т1етовжа меттиг.
Ас лоьхур яра хьо боданехь тийна,
Доьхур дара Деле ас гайтар хьо г1енах.
Хьох ваьлла дуьненчохь лаам бац ваха,
Х1ай Аллах1, ас доьху "ца къастор ненах".
Хийла ас дог 1овжош аьлла дош хир ду,
Хьуна а ца лууш лелийнарг хир ду.
Хьо йолуш мах хадо ца кхочу хьекъал,
Цхьаммо а дийра дац хьоьл дика тоьшал.
Ма ирсе хан ю-кха хьоьца ас йоккхург,
Ма гойла со цхьалха цу ирсах ваьлла.
Дика к1ант хиллий те, нана, сох хьуна?
Къинт1ера ялалахь, нана, хьо суна.
Юх-юха ойланаш, тийналлаш керчаш
Сан коьртехь шайн бала цара белхабо
Аш ху де боху те? Витийша ч1е1а
Дахаран да хила витийша со!
Гайтуркаев Ризван
Свидетельство о публикации №113121109292
Ненал мерза а, мехала а х1ума дац дуненахь.
Кху дуьнент1е ваьллачу массо а к1ентан а, йоь1ан а бала бу ахьа балхийнарг!
Цхьанна а ма гойла шен Ненан во!
Дала дукха бахабойла массера а наной.
Хаза ду хьан дешнаш!
Аза Атагинская 18.02.2016 23:49 Заявить о нарушении