Жимачу адамна лерина
Мацделча дузар бен,
К1адделча дижар бен
Дахар ца девзаш,
Цхьа жима адам ду дуьнен чохь кхуьуш.
Малийкийн хьестарх а г1енах ша доьлуш,
Хьаьстича делар бен,
Човхийча делхар бен
Дуьне ца девзаш,
Цхьа ц1ена дог ду-кха сиха детталуш.
Цхьа беха некъ бохьуш кху лаьтта деана,
Кохкурша къийлар бен,
Хьацарх самдийлар бен
Ирс, бала ца бевзаш,
Цхьа жима малик ду-кх адаме доьрзуш.
Х1ун хаьа х1ун гур ду дахарехь цунна,
Я цуьнан г1енаша цуьнга х1ун дуьйцу?
Массара лайнарг бен,
Массо а хьегнарг бен
Х1ун дара дахарехь цунна ган диснарг?
Ден, ненан къа токхуш дуьненчу даьлларг…
Ша т1аьхьадисна а,
Я хьалхадаьлла а,
Адамийн доьхьа цхьаъ д1адала дезарг.
Кха дагарх,
Ц1а дагарх
Са дагор доцуш,
Цхьа жима адам ду-кх,
Ирсо хьаьстиний бен,
Балано лазийний бен,
Дуьне шех диса йиш йоцуш…
Свидетельство о публикации №113100905278
Ондда корматалла елла хьуна Дала, мотт хаар, яздан хаар- хьан-хьанна а ца ло Хастамхиларо!
Дала аьтту бойла хьан! Дала пох1малла сов йоккхийла хьан!!!
Ларамца. Атаг1ара Азман.
Аза Атагинская 21.10.2013 01:35 Заявить о нарушении