Гуьйре

Юха а кхечи хьо, сан дагна т1аьхьара елха,
Юха а кхечи хьо, хьайн хенал хьалха а лелхаш,
Б1арзбелла дин санна, сингаттам сан уьйт1е балош,
Сан даьгна т1емаш а юха а сан синна далош.

Хьо марша йог1ийла! Дукха ду сан хьоьга дийца,
Сайн т1ома куралла, х1оз хилла, сайн кочахь йисарх...
Со кхетта дуьненан кхин басарш, кхин маь1на хилла,
Адамийн дагахь а, багахь а дукхох ду х1илла.

Со гечдан 1емина, со царех шек а ца йолу,
Со теша 1емина, со царех хера ца йолу.
Хьо цхьаъ ю-кх эвххьаза ас дог д1адиллинарг,
Хьо цхьаъ ю-кх дуьненчохь сох кхеташ йисинарг.

Хьан йист цахилар а - сан дагца къамеле ялар,
Хьан х1ора шабар а - сан деган г1айг1ане далар,
Хьуна чохь карайо суна суо цкъа мацах хилларг -
Дашочу г1енашлахь сайн ирсах 1аба ца кхиънарг.

Хьо юхаъ д1аг1ур ю, аренца г1аш хилла, яьгна,
Хьо юхаъ д1аг1ур ю, декъалва цхьаъ хьайха хьаьгнарг...
Ерзинчу аренгахь сайн дагалецамаш хьоьстуш,
Со юхаъ юьсур ю сайн деган тийналлехь кхерста.

Эзарза хьан ялар ган доьг1на хилахь а, гуьйре,
Хьо лаьттахь сол дукха ехар ю, хилла сел нуьре.
Гуьйре...


Рецензии
Хаза стихаш ю х1орша, ч1ог1а хаза! Бокъалла йолу поэзии!

Нурид Турлуев   16.04.2015 00:52     Заявить о нарушении