Майн ахканна лерина
Бердо шен ховхачу къуйлуш мара.
Дийцахьа юха а, хьоьга ладег1ар
Марзделчу аьхкенан, де кхоьлина.
Дийцахьа, х1инца а гуьйрено лацанза
Хьан кура болар, ма тайна ду..
Ткъа со а хьуна уллехь д1атийна,
Леррина хьоьга ладоьг1уш ю.
Иэсанехь 1алашйан вай гаран м1аьрго
Генарчу махкара 1аламан хазна
Дагчохь, хьан зевне ц1еначу декаро,
Марсйина чов, сан Даймохк лезна..
Свидетельство о публикации №113090706539
Органан 1ункара, лекхачу берда йистте а хиина, хи чу а
хьоьжуш,ойланашка а яхана, со 1аш санна хетало суна.......
Хаза дешнаш ду, Тамия!
Дала аьтту бойла хьан хьайн кхоллараллехь!
Ларамца.
Аза Атагинская 13.09.2013 18:20 Заявить о нарушении
оьшучунан шена ма луъу кхета йиш ма юй)
Ларамца,
Марти Тамия 14.09.2013 17:16 Заявить о нарушении