Ма хетта сан даге
Сан даге ма хетта
Йирзний х1инца а
Хьуна йина чов
Хораман шад
Легаш д1алаьцца
Декачехь сецца
Маршонан аз
Хьан къинан садиттина
Дог1аца билхина
1аржбелла стигалан
Сийналлин б1аьрг
Ойланаш цистина
Дикне сатийсина
Хеназа къежбелла
Болатан лам
Вежарийн йижарийн
1еночу ц1ийца
Бузуш бу к1арглуш бу
Гамонан 1ам
Свидетельство о публикации №113090500658
Стиплом,
http://www.stihi.ru/2013/09/13/7439
Памяти Читая 14.09.2013 16:01 Заявить о нарушении