Комаьрша гуьйре
Малх ловзабели.
Заманна къарйелла,
Аьхке чекхйели.
Шен басарш 1енадеш,
Ц1е деши ца кхоош,
Схьакхечи токхе
Комаьрша гуьйре.
Ялташ чудерзийна,
Юьзина сайраш.
Хьо токхе хиларна
Даккхийде адамаш.
Г1арг1улийн жатташ
Къилбехьа г1ерта.
Г1аш 1енош хьаннаш
Шабарш деш лаьтта..
1индаг1аш дахдан
Сихъелла суьйре.
Къоьжачу дахкарлахь
Ю х1ора 1уьйре.
Сан коран ангалех
Т1адамаш детташ,
Дог1а ду урамехь
Гулдеш шен 1аьмнаш.
Азман Джабраилова
Спасибо автору изображения.
Свидетельство о публикации №113082700846
Малх ловзабели.
Хаза васт ду х1ара и сурт б1аьргаш хьалха х1утта хьан байт ешча..
Дала аьтто бойла хьан Аза.
Ларамца,
Марти Тамия 30.08.2013 22:19 Заявить о нарушении
Ахьа мах хадийча, Дагна хьаам хуьлу.
Ша реза верг лойла вайна Дала!
Ларамца
Аза Атагинская 30.08.2013 23:51 Заявить о нарушении