Нана
Сан дагтlера зезаг дара хьо.
Бакъдуьнена хьо дlа кхелхичхьана
Маргlал доьлла деган зезаг сан.
Нана, ахьа, хьоме нана,
Дуьне, дахар суна марздира.
Гергарлонаш лара, мостагl вовза,
Гlиллакхех ца йоха lамийра.
Уьйр- марзонаш ларъяр кхуьйлуш,
Адамийн къелла ялхайора ахь.
Пlераска ма дита сагlа доцуш,-
Олий, хьехарш хийла дора ахь.
Мазал мерза мотт ахь суна белла...
И хьан хьехарш цкъа а дицдийр дац.
Ахь сан ирсан ага техкош, гlийла
Баьхна назма лерера ер яц
Свидетельство о публикации №113082210566
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 23.07.2023 17:45 Заявить о нарушении
Наной болчарна Дала дукха бахабойла!
Ларамца.
Аза Атагинская 17.05.2024 10:28 Заявить о нарушении