Биллийтахь, Нана, корта хьайн кара...
Биллийтахь соьга корта хьайн кара....
Хьажт1е куьг хьокхуш, бераллехь санна,
Хьайн хаза туьйра дийцахьа, Нана.
Суна ахь схьаделла дахаран 1илма.
Оьздаллех, г1иллакхех кхетам а белла
Дуненах ца кхера со ахьа 1амий.
Кхерч ларар, сий лардар хийла ахь кхийли.
Замано месаш т1е дато йисс йилли,
Ца кхоош юьхьсибат хебаршца кхели..
Со йоккха мел хили, жималлех хьо йолу,
Хьо къежлуш, хьо къанлуш соьга ца лало
Доьзале ша тайпа безам бу ненан,.
Дуй техьа дуненахь и оза терза.
Кхолламо сох а йи доьзалан нана,
Ницкъ кхочур буй-те сан хила хьох тера?!
Къовлийтахь, Нана, хьуо доггах мара.
Биллийтахь, Нана, корта хьайн кара....
Баккхийтахь ховхачу куьйгашна барт.
Хьан дог ца дохо ду сан нигат!
Азман Джабраилова
1993г
Свидетельство о публикации №113082210043
Роза Дахаева 16.12.2015 09:50 Заявить о нарушении
Роза, мел яздарх к1ордор дац Ненах лаьцна дерг.
Массарна а хуьлийла Дела реза!
Аза Атагинская 21.12.2015 19:01 Заявить о нарушении