Оьзда г1иллакх
Вовшийн даим лоруш, дола деш.
Динан мехха нохчийн 1адат хилла-кх,
Кхиош ц1ена,маьрша синойн беш.
Х1инца адам даьлла вовшийн хийра,
"Ларам" бохург тергал а ца до.
Синна-деза хилларг,хилларг- сийлахь
Къоначарна цхьа мехаза го.
Баккхийчеран сийдеш,уьш ца г1овтту,
Я кегийчийн пусар а ца до.
Могуш-парг1ат хатта а ца хотту,
Г1иллакхехь а шира 1адат го.
Свидетельство о публикации №113061005822
Дала аьтто бойла хьан Пет1имат.
Ларамца,
Марти Тамия 24.06.2013 01:28 Заявить о нарушении
Хьан аз ма д1атийна,тийналлех
а ийна).
Петимат Абубакарова 25.06.2013 10:09 Заявить о нарушении
тийналлех ийна..
- и ма хаза эли ахьа)
йог1уш хир ю со Дала мукълахь)
Марти Тамия 28.06.2013 01:52 Заявить о нарушении