Никаев Тарханна лерина
Кхана хьо ц1а хоьцуш вара,
Б1аьстенна, сада1а аьлла,
Хьоь хьоьжуш 1ожалла яра,
Д1адай хьан дахар, тапъаьлла.
Мел дика доьшура школехь.
Г1иллакхе , эсала к1ант
Вуьйцура, дика ву олий.
Дасдели классан цхьа г1ант.
Экама лелавеш нанас
5-чу классе хьо вели,
Догдоцчо йоьллинчу мино
Шен къиза салам ца деллехь.
Х1ун дер те виначу нанас?
Цуьнан хьо цхьаъ бен вац боху,
Цуо хьуна лийрина кхане,
МА ч1ог1а ,мА сиха юьйхи.
Х1ун бехк бу цу жимчу к1ентан ,
Х1ун бехк бу кегийчу берийн,
Х1ара зулам чудеъначеран
Шайн дан а дац техьа бераш?
Г1абецан т1едожар лоьруш,
Нисдина бекхаман гуораш..
Низамхой, дуьненан лоьраш,
Харцо еш шуна ца гора?
Бакъонан дай орцахдовлий,
Х1аллак ма хилийта дахар!
Хуьлучун цхьаьна яй ойла,
Орамаш т1еман бухдаха!
23 март ,2005
Свидетельство о публикации №113061005575
Массарех а, Дашо.
Петимат Абубакарова 25.06.2013 12:24 Заявить о нарушении