Д1атийна тийналла
Лар яйна б1аьстенан
Дицдина лелачу
Ша хилар а.
Г1ург1езийн т1емаш т1ехь,
Иллешца, дезаршца
Ша юха йог1ур ю
Цуо бехира.
Мел олу дешнаш
До1ане дирзина,
Мел дог1у денош
Дирзина селхане.
Замано шен хенан
Х1оттамаш хийцина,
Дигина г1енаш
Къилбседане.
Д1атийна тийналла
Ша лехнарг карийна,
Ясйелчу бешахь
Шабаре юьйлуш,
Бинжолиг техкочу
Аьрхачу мохаца
Дуьненан тамаше
Къайленаш юьйцуш.
Свидетельство о публикации №113051310206
Х1ун ду шу долчохь? Ма сацаделахь хьайн йозанаш.Х1ора дош а якъут1ийн-жовх1арийн мехха ду Нохчийн меттан.
Лерамца
Петимат Абубакарова 02.08.2013 16:54 Заявить о нарушении
Х1ар профиль яцара сан схьйеллалуш, цунна хьейеллера со..
кеста гуьйре йог1ур ю вайна, цуо мел долу аьхкенан дезарш д1а нисдийр ду, таккха вай жимма мокъа хир ду,Даламукълахь)
Ларамца,
Марти Тамия 30.08.2013 22:34 Заявить о нарушении