Т1ех йолуш, ца хууш..

Т1ех йолуш, ца хууш,
Хьан г1ала кхаьчна?
Я хьуна карийна,
Луларчу урамехь?
Хьан некъаш хилла,
Хьан когех хьаьгна,
Мел долу зезаг
Сайчарел къаьгна.
Т1аккха хьан хьежаро,
Лар х1унда лоьха?
Сел атта ловзочехь,
Лайнчимаш мохо.
Шелонах мокхаза
Ана д1а йоьлла,
Ткъа г1ала шаца
Замано кхаьлла.
Дог1учу дийне
Дегаза хьоьжу,
Маьлхан м1аьрго
1уьйрено гоьжу.
Эзарчу шерашкахь
Йиллина г1ура,
Йохяла тигахь
Ясталахь нагахь,
Т1аккха патараш
Денлучу дийнахь,
Къайн зезаг деган
К1охцалгех ц1анлахь.


Рецензии
Тамия,"Маьлхана м1аьрго или б1аьрго?

А так же-Ты хотела сказать:"1уьйре а гоьжу?
Я не понял. Объясни пожалуйста.
С уважением,

Баги Чароев   25.02.2013 22:56     Заявить о нарушении
Маьлхан м1аьрго
1уьйрено гоьжу

Баги Дела реза хуьлда байт ешарна)
цигахь опечатка хила мега..амма со ала г1иртинарг аса лакхахь далинарг ду..
Ларамца,

Марти Тамия   27.02.2013 23:43   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.